Диканиг де алар
Статистика- Последний пост
- 5 авг.
- Последнее чтение
- 15 авг.
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 21
- Тип
- открытый
- Язык
- tk
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 74
- 1/48двое суток
- 84
- 1/72трое суток
- 91
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
без подписи
без подписи
без подписи
Фасхь Маьждиг. Иза историн маь1на долуш ду, х1унда аьлча иза доьзна ду Ухьуд т1амца. Т1ом д1абаьлчул т1аьхьа Пайхамара (Делера салават, салам хуьлда цунна) делкъа а, малхбуза а ламазаш дира кхузахь. Шен дег1а т1ехь чоьвнаш хилар бахьан долуш, хиъна 1аш дир цуо и ламазаш, цуьнан асхьабаш а дира, цунна т1ахьах1иттина хиъна 1аш ламазаш. Цу маьждиган Фасхь олу ц1е ша х1оьттина йу — цигарчу ломах, цунна ша гена боцуш болу.
без подписи
مسجد الفسح
Аль-Мустарахь маьждиг. Иза Мадинатехь уггаре а ширачу историн маьждигех цхьаъ ду, иза Элчанан (Делера салават, салам хуьлда цунна) дахарца доьзна ду. Мустарахь ("сада1ар" бохучу дашах схьадаьлла ду) – х1унда аьлча, Ухьуд г1азотера ц1авог1уш, кхузахь сада1а сецна Элча ﷺ . Цунах кхин а олу «Бану Хьарисат» маьждиг, иза оцу тайпанан латтанаш т1ехь хиларна. Кхузахь пайхамара ﷺ шен герз охьадаьккхина хилла т1ом чекхбаьлча. И маьждиг — Пайхамаран ﷺ маьждигана гена доцуш, Ухьуд лома боьдучу новкъахь ду.
مسجد المستراح
Бану Хьарам маьждиг. Мединатехь, Сал1 ломана гена доцуш, Бану Хьарам тайпанан к1оштахь ду и. Хандакъехь хиллачу т1амца доьзна а ду и. Кхузахь Элчано (Делера салават, салам хуьлда цунна) ламаз дина хилла, окоп йоккхуш. Оцу меттигехь хилла Жабир ибн 1абдуллах1ан (Аллах1 реза хуьлда цунна) х1усам. Кхача алсамбаларан тамашийна х1ума кхузахь лелла хилла. К1еззиг болу кхача кхачаме хилла дуккха а бусалба нахана. Маьждиган ц1е схьаяьлла оцу к1оштахь дехаш хиллачу Бану Хьарам тайпанах.
مسجد بني حرام
без подписи
Са1д бин Му1азан ц1арах долу маьждиг (Дела реза хуьлда цунна).
مسجد سعد بن معاذ رضي الله عنه
Салманул Фарисийна ц1арах долу маьждиг ( Дела реза хуьлда цунна), иза Хандакъ г1азотехь сенгар даккха ойла хилла волу сахьабий ву, т1аккха Делан элчано ﷺ цуьнан ойла схьа а эцна, цуо бохуг дина.
مسجد سلمان الفارسي رضي الله عنه
1елан ц1арах долу маьждиг (Дела реза хуьлда цунна), Хандакъ г1азотехь цуьнан четар хилла меттиг.
مسجد علي رضي الله عنه
1умаран (Дела реза хуьлда цунна) ц1арах маьждиг, Хандакъ г1азотехь цуьнан четар хилла меттиг.
مسجد عمر رضي الله عنه
Абу бакаран ( Дела реза хуьлда цунна) ц1арах долу маьждиг, Хандакъ г1азотехь цуьнан четар хилла меттиг.