tgindex
"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

"ДАЙМОХК" ГАЗЕТ

Статистика

Республикин газет

Последний пост
13:59
Последнее чтение
21:01
Постов за неделю
24
Всего постов
73
Тип
открытый
Язык
русский
Категория
Новости и СМИ (по похожим)
В каталоге с
14 авг.
Подписчики
905
−3 за 5 дн.
Сутки
−1
−0,11%
Неделя
 
Месяц
 
Просмотров на пост
19
40 постов
Вовлечённость
2,1%
к подписчикам
Постов в день
3,4
всего 73
Упоминаний
0
каналов
Охват размещения
оценка
1/24сутки в ленте
19
1/48двое суток
21
1/72трое суток
23

Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.

Посты

  • Россин Федерацин Оборонин министерствон «Ахмат» спецназе керла бIаьхой карлабаьхначу билламашца тIеэцар дIахьош ду. Нагахь санна шу шайн кхетамца ойла а йина, харжам бан, майралла гайта, Даймохк ларбан кийча делахь – кхойкху шайн лаамехь болчеран могIаршка керлачу билламашца тIеман лерринчу операцехь дакъалаца. Шайн лаамехь болчарна хийцаделларг хIун ду хоуьйту: – алсамйаьккхина контрактан хан – хIинца иза 6 баттана йеш йу (гIуллакхден хан чекхйаьлча паргIат вита чIагIо йеш). – ахча (алапа) алсамдаьккхина – регионехь цкъа луш долу ахча хIинца 400 000 сом ду, иза оцу сохьта счета тIе долу контрактана куьг ма-йазддина. ГIуллакхдаран билламаш: Ахчанан харж – хIора баттахь 200 000 соьме кхаччалц; Кхузаманан барзакъца йуьззина кхачойар; ЭскаргIуллакххочун йерриге а социальни чIагIонаш а, гIоленаш а. Кечамбар а, гIуллакхдар а: ТIеман леррина операци дIахьочу метте дIахьовсоле хьалха шайн лаамехь берш В.В.Путинан цIарахчу Россин спецназан университетехь сихха кечбо. Уьш Iамабо тIеман зеделларг долчу инструкторша. Кечамбаран программина йукъадогIу: герз тоха Iамор, тактикин-герз тохаран, инженерни кечамбар, тIеман топографи, тактикин медицина Iамор. Iамор чекхдаьлча, шайн лаамехь берш «Ахмат» спецназе – Россин Турпалхочо, инарла-лейтенанта Алаудинов Аптис куьйгалла дечу подразделене дIахьовсабо. Кандидаташка болу лехамаш: Божарий – РФ-н гражданаш, 18 шарера 59 шаре кхаччалц хенаш йолу, дегIаца а, синкхетамца а могаш болу (тIаьхьалонан могIарернаш, сержанташ, прапорщикаш). ДIайазбар а, хьехам бар а дIахьо телефонан хIокху лоьмаршца: +7(925) 319-77-77; + 7(925) 328-77-77; +7 (925) 661-77-77. ДIайазбо кху адресца: Нохчийн Республика, Соьлжа-ГIала, гIалин мэри (ур.Исмаиловн,1).

  • без подписи

  • Хӏокху шеран хьаьттан беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 75 шо кхочу. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла Цуьнан!) нохчийн халкъо даима а сатийсинчу машаре а, токхоне а иза кхачийна стаг ву. Вайн гIаланашкахь, йарташкахь, урамашкахь дуьйлуш герзаш, тIейетташ бомбанаш, дойуш а, тIепаза довш а адамаш долчу хенахь халкъана кханене сатийсам белларг ву иза. Делан лаамца, цунна доьгIна хиллера вай оцу къематдийнера машаречу а, сирлачу а хиндолчуьнга дига. Цуьнан доьналла, хьекъал, дIадолор бахьанехь тахана уггар паргIатчу махкахь дехаш ду вай. Хаддаза тIеман а, декъадаларан а хьелашкахь даьхна халкъ Ахьмад-Хьаьжас ондда а, чIогIа а биллинчу буха тIехь ирсе деха.

  • Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо гӀоьналлин йаккхий акцеш дӀахьо Газехь. Оцу акцийн гурашкахь Палестинин миллион гергга вахархочунна гӀо кхачор ду. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана. РогӀера акци дӀахьош Газехь тайп-тайпанчу меттигашкахь бехачу 1183 доьзална гӀо дина. Цигахь 30 гергга тонн сурсаташ дӀасадекъна. Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, Газехь гӀодаран программа РОФ-н Президентан Кадырова Айманин сацамца дӀахьош хилар. Ткъа цигахь и болх дӀабахьар вовшахтухуш ву Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча, Нохчийчоьнан Кхерамазаллин Советан секретарь Кадыров Адам. Нохчийчоьнан Мехк-Дас баркалла элира Кадырова Айманина а, Кадыров Адамна а, РОФ-н волонтерашна а Палестинехь и беркате гӀуллакхаш дӀадахьарна.

  • Хӏокху шеран хьаьттан беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 75 шо кхочу. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла Цуьнан!) нохчийн халкъо даима а сатийсинчу машаре а, токхоне а иза кхачийна стаг ву. Вайн гIаланашкахь, йарташкахь, урамашкахь дуьйлуш герзаш, тIейетташ бомбанаш, дойуш а, тIепаза довш а адамаш долчу хенахь халкъана кханене сатийсам белларг ву иза. Делан лаамца, цунна доьгIна хиллера вай оцу къематдийнера машаречу а, сирлачу а хиндолчуьнга дига. Цуьнан доьналла, хьекъал, дIадолор бахьанехь тахана уггар паргIатчу махкахь дехаш ду вай. Хаддаза тIеман а, декъадаларан а хьелашкахь даьхна халкъ Ахьмад-Хьаьжас ондда а, чIогIа а биллинчу буха тIехь ирсе деха.

  • Х. Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театран исбаьхьаллин куьйгалхочунна – директорна, РФ-н культурин хьакъйолчу гӏуллакххочунна, НР-н халкъан артисткина Ахмадова Хьавана Твардовский Александран цӀарах йолу мидал йелла. Культурин а, искусствон а гӀуллакххошна совгӀаташ далар дӀадаьхьна Россин культурин министерствехь министра Любимова Ольгас. Ткъа Ахмадова Хьавас шена делла и деза совгӀат Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна лерина. Цо билгалдаьккхира, Кадыров Рамзана регионан а, мехкан а культурин тӀаьхьалонаш ӏалашйарехь доккха гӏо-накъосталла деш хилар.

  • Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина Журналистийн дуьненайукъара "Дашо пелаг" преми къовсаран белхаш схьаэца болийна Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос. ХIокху декъашкахь схьаоьцу къовсаман белхаш: • Телевидени: документальни фильм, тематикин программа, хаамийн сюжет; • Радио: Ӏуьйренан шоу, хаамийн выпуск, тематикин программа; • Зорба а, интернет-агентствош а: статья, очерк; • Сурт: суьртийн репортаж; • Блогосфера: блог. ХӀокху шарахь Россин халкъийн цӀийнаца цхьаьна йукъадалош ду керла "СВОИ: Тешар, декхар, Даймохк" дакъа. И дакъа кхаа тӀегӀанна декъна а, лерина а ду: – Сийлахьчу Даймехкан тӀеман шерашкахь халкъийн доттагӀаллин истори: текстийн дийцарш. Хенан бехкам: 14 шо кхаьчна а, кхин баккхийнаш а; – тӀеман леррина операци дӀахьош Даймохк ларбар а, гӀуллакхдар а: интервью. Хенан бехкам: 14 шо кхаьчна а, кхин баккхийнаш а; – халкъийн турпалаллин хьуьнарийн историн иэс лардар, иза кегийчаьрга дӀакховдор: статья, очерк, эссе, блогехь пост, видеосюжет, репортаж, фотоистори. Хенан бехкам: 14 шо кхаччалц. Оханан беттан 1-чу дийнахь дуьйна хьаьттан беттан 31-гӀа де кхаччалц схьаоьцуш бу белхаш. И материалаш 2026-чу шеран оханан беттан 1-чу динахь дуьйна хьаьттан беттан 31-гӀа де кхаччалц йолчу хеначохь зорбане йевлла хила йезаш йу.  Дакъалацаран лехамаш: 8(964) 068-06-95, 8(963) 704-86-86 йан minnacinform-chr.ru. Заявкаш схьаоьцу: zolotoepero95@mail.ru

  • без подписи

  • Хӏокху шеран хьаьттан беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 75 шо кхочу. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла Цуьнан!) нохчийн халкъо даима а сатийсинчу машаре а, токхоне а иза кхачийна стаг ву. Вайн гIаланашкахь, йарташкахь, урамашкахь дуьйлуш герзаш, тIейетташ бомбанаш, дойуш а, тIепаза довш а адамаш долчу хенахь халкъана кханене сатийсам белларг ву иза. Делан лаамца, цунна доьгIна хиллера вай оцу къематдийнера машаречу а, сирлачу а хиндолчуьнга дига. Цуьнан доьналла, хьекъал, дIадолор бахьанехь тахана уггар паргIатчу махкахь дехаш ду вай. Хаддаза тIеман а, декъадаларан а хьелашкахь даьхна халкъ Ахьмад-Хьаьжас ондда а, чIогIа а биллинчу буха тIехь ирсе деха.

  • Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана ша волчу кхайкхинера жима блогер Азиев Юнус. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Мехк-Дас. Дукха хан йоццуш хьалха Кадыров Рамзан Соьлжа-ГӀалахь 75 таунхаусаш йеш йолчу вахана меттигерчу бахархошца къамелаш дина, цаьрца суьрташ даьхна. Ткъа Нохчийчоьнан Мехк-Деца чӀогӀа цхьаьнакхета луш волчу Юнусан аьтто ца баьлла цунна тӀекхача. Цул сов, цу йукъахь пес а йайъина жимачу блогера. И дерриге Юнуса довзийтинера социальни зӏенашкахь. "Оцу гӀуллакхех лаьцна суна дийцира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада. ТӀаккха ас и со волчу хьошалгӀа кхайкхира. Охашимма хаза къамелаш дира. Юнус хьекъале а, бакъхьара а кӀант хиллера. Цо Сийлахьчу КъурӀана йукъара шена дагахь хууш долу масех сура дийшира суна. Хазахета ша жима воллушехь иза вайн дин девзаш а, баккхийнаш а, вайн Ӏадаташ а лоруш а, цул сов, шен блог лелорца кхузаман хьелашна тӀаьхьа кхуьуш а хилар", – йаздина Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан Мехк-Дас хаам ма-барра, НР-н Мехк-Ден гӀоьнчас, НР-н Кхерамзаллин Советан секретара Кадыров Адама мехала совгӀаташ а дира цунна – керла телефон а, планшет а. https://t.me/RKadyrov_95/6812

  • Россис дӀахьочу тӀеман лерринчу операцин гурашкахь "АХМАТ" спецназехь шайн лаамехь дакъалаца боьлхучеран рогӀера тоба дӀайахана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу "Северный" аэропортехула. Телеграмерчу шен агӀонехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана. Цо билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу халкъийн а, динийн векалш бу церан могӀарехь. Цул сов, Гуьмсерчу Путин Владимиран цӀарахчу Россин спецназан университетехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу йукъараллин фондо гӀо а деш, цаьрца Ӏаморан а, тактикин а, медицинин хьалхара гӀо-орца кхачоран а декъехь белхаш дӀабахьар а тӀетоьхна цо. "АХМАТ" спецназехь а болуш, тӀеман лерринчу операцехь дакъалаца луучарна лерина контакташ: 1️⃣+7(925)661-77-77; 2️⃣+7(925)319-77-77; 3️⃣+7(925)328-77-77. https://t.me/RKadyrov_95/6803

  • Хӏокху шеран хьаьттан беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 75 шо кхочу. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла Цуьнан!) нохчийн халкъо даима а сатийсинчу машаре а, токхоне а иза кхачийна стаг ву. Вайн гIаланашкахь, йарташкахь, урамашкахь дуьйлуш герзаш, тIейетташ бомбанаш, дойуш а, тIепаза довш а адамаш долчу хенахь халкъана кханене сатийсам белларг ву иза. Делан лаамца, цунна доьгIна хиллера вай оцу къематдийнера машаречу а, сирлачу а хиндолчуьнга дига. Цуьнан доьналла, хьекъал, дIадолор бахьанехь тахана уггар паргIатчу махкахь дехаш ду вай. Хаддаза тIеман а, декъадаларан а хьелашкахь даьхна халкъ Ахьмад-Хьаьжас ондда а, чIогIа а биллинчу буха тIехь ирсе деха.

  • Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан НР- Правительствон Председательца Даудов Мохьмадца а, НР-н Правительствон Председателан хьалхарчу заместительца – НР-н автомобилийн некъийн министраца Тумхаджиев Ӏийсаца а, Соьлжа-ГӀалин мэраца Кадыров Хас-Мохьмадца а, НР-н Правительствон Председателан заместительца – НР-н физически культурин а, спортан а министраца Кадыров Ахьмадца а цхьаьна Соьлжа-ГӀалин гӀишлошйаран коьртачу объекташкахь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. Цкъа хьалха уьш хилира Россин Президентан цӀарахчу керлачу кӀоштахь. "Цигахь со лерина хьаьжира шолгӀачу могӀарехь цӀенош даре. КӀошт хӀинцале а хазлуш йу. Карарчу хенахь дӀахьош ду цӀенош а, гӀашлойн бульвар а кечйар. Цул сов, динан а, социальни а объекташ йар а ду дӀахьош", – йаздина Кадыров Рамзана. Цул тӀаьхьа уьш кхечира Соьлжа-ГӀалин Висаитовн кӀошта. Цигахь деш шишша гӏаьтнаш йолу 75 цӀа ду. Карарчу хенахь цигахь дӀабоьрзуш бу чоьнаш чуьра цӀанйаран а, гонахара меттигаш кечйаран а белхаш. Оцу комплесана уллехь дина долуш 1000 стагана лерина маьждиг а, 200 дешархочунна лерина хьуьжар а йу. Инспекци йерзош хилира Алиев Вахин а, Назарбаевн а урамаш цхьаьнакхетачохь транспортан дӀасахьаьвзийла йечохь. Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, цигахь белхаш хӀиттийначу хенашца дӀахьош хилар. Цигахь говзанчаш къахьоьгуш бу 1,64 км йукъара йохалла йолу 5 тӀай дарна тӀехь. Карарчу хенахь аьчка конструкцеш вовшахтосуш бу уьш. Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, шена гиначунна ша чӀогӀа реза хилла хилар. https://t.me/RKadyrov_95/6802

  • Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Курчалой-Эвларчу исламан институтехь дешна бевллачарна дипломаш дӀадалар дӀадаьхьна. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана. Оцу мехалчу хиламехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Мехк-Ден хьехамчас, Нохчийчоьнан муфтис, Къилбаседа Кавказан бусалбанийн координацин туьшан председатела Межиев Салахь-Хьаьжас а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнчас, Нохчийчоьнан Кхерамазаллин Советан секретара Кадыров Адама а, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – Нохчийчоьнан физически культурин а, спортан а министра Кадыров Ахьмада а, республикин бевзаш болчу Ӏеламнаха а. ХӀокху шарахь цигахь дешна ваьлларг 19 жима стаг ву. Царах веанна тӀехдика дешарна дипломаш делла. Цигахь дешна бевллачарна дипломаш делла ца Ӏаш, дика болх бинчу хьехархошна Нохчийн Республикин Мехк-Ден Сийлаллин грамоташ а йелира.

  • Веданан кӀоштарчу МахкатӀехь "Дахарна инфраструктура" къоман проектан гурашкахь тодина долу "Тенек" хи тӀехула долу тӀай схьадиллина. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана. И гӀуллакх Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 75 шо кхачарна лерина дара. Керла тӀай 22 метар деха а, 6 метар шуьйра а ду. ТӀайн шине а агӀор 1,5 метар шуьйра болу гӀашлойн некъ бу. Мероприяти дӀахьош цигахь вистхилира Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Даудов Мохьмад а, Нохчийчоьнан Правительствон Председателан хьалхара заместитель – НР-н автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Ӏийса а. Цара билгалдаьккхира таханлера кхиамаш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас регион кхиоран ондда бух биллар бахьана долуш хуьлуш хилар. Цигахь хаам бина, хӀокху шарахь Нохчийчохь 300 км гергга некъ а, исс тӀай а тодина хиларан хьокъехь. 2026-чу шарахь Нохчийчохь "Дахарна инфраструктура" къоман проектан гурашкахь 19 объекта тӀехь беш белхаш бина, царах 14 хӀара шо чекхдалале кхочушйан лерина йу. Нохчийчоьнан Мехк-Дас даггара баркалла элира Тумхаджиев Ӏийсанна а, оцу объектехь къа мел хьегначарна шайн хьалха хӀиттийна декхарш дика кхочушдарна. https://t.me/RKadyrov_95/6798

  • Дала къобалдойла вайн массеран а Рузба!

  • РАББИӀУЛ-АВВАЛЬ БУТТ ТӀЕКХАЧАРЦА БОЬЗНА НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН МЕХК-ДЕН ХЬЕХАМЧИН, НОХЧИЙЧОЬНАН МУФТИН, КЪИЛБАСЕДА КАВКАЗАН БУСАЛБАНИЙН КООРДИНАЦИН ТУЬШАН ПРЕДСЕДАТЕЛАН МЕЖИЕВ САЛАХЬ-ХЬАЬЖИН КХАЙКХАМ.

  • Нохчийн Республикехь хьаьттан беттан 13-15-чуй деношкахь секундехь 20-25 метр чIагIалла а йолуш, мох а, чӀогӀа догӀанаш а хила тарло. Цуьнца а догӀуш, ларлуш хилахьара аьлла, бахархошка кхайкхам бо МЧС-н векалша. 📞112 - лерринчу службийн цхьааллин лоьмар

  • Хӏокху шеран хьаьттан беттан 23-чу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 75 шо кхочу. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла Цуьнан!) нохчийн халкъо даима а сатийсинчу машаре а, токхоне а иза кхачийна стаг ву. Вайн гIаланашкахь, йарташкахь, урамашкахь дуьйлуш герзаш, тIейетташ бомбанаш, дойуш а, тIепаза довш а адамаш долчу хенахь халкъана кханене сатийсам белларг ву иза. Делан лаамца, цунна доьгIна хиллера вай оцу къематдийнера машаречу а, сирлачу а хиндолчуьнга дига. Цуьнан доьналла, хьекъал, дIадолор бахьанехь тахана уггар паргIатчу махкахь дехаш ду вай. Хаддаза тIеман а, декъадаларан а хьелашкахь даьхна халкъ Ахьмад-Хьаьжас ондда а, чIогIа а биллинчу буха тIехь ирсе деха.

  • Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана Лаьмнийн кӀоштийн а, жима а, йуккъера а совдегаралла кхиоран а шарна лерина кхеташо дӀайаьхьна. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. "Пачхьалкхан программийн гурашкахь лаьмнийн кӀошташкахь дӀахьош 44 объект йар а, тойар а ду. 2026-чу шеран 7 беттан жамӀашца 16 объект йар дӀадирзина. Цул сов, кхочушйеш инвестицин 79 проект йу, 16 хӀинцале а кхочушйина", – йаздина Кадыров Рамзана. Кхеташонехь терго тӏайахийтира гӀийла бохкучу бахархошна а. "Нохчийн Республикин къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министерствос лаьмнийн кӀошташкахь 968 социальни барт бина. Иза 900 сов болчу доьзална шайн цхьа гӀуллакх лелон а, бахам кхион а, оьшуш долу гӀо хила а аьтто бу", – аьлла Нохчийчоьнан Мехк-Дас. Кхеташонехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, тӀаьххьарчу шина шарахь Нохчийчохь 43,6 млрд соьмана инвестицин 336 проект кхочушйина хилар. Оцу муьрехь 38 эзар белхан меттиг кхоьллина, законе йерзийна. Жимачу а, йуккъерчу а совдегараллин субъекташ 10 эзарна алсамйевлла. Нохчийчоьнан долара пайда хилар алсамдаьлла, цуьнан барам 45 млрд соьме кхаччалц лакхабаьлла. Нохчийн Республикехь совдегаралла лелочеран шайна тӀеӀиттайелла йолу халонаш лерринчу лоьмарца йовзийта аьтто хилар а хаийтира Нохчийчоьнан Мехк-Дас. "Совдегаршна гӀоьнна болх беш +7(967) 225-95-95 леррина лоьмар йу, бизнес лелош халонаш нислахь цу тӀе телефон тоха мега", – аьлла Кадыров Рамзана. Иштта, цигахь дийцаре дира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненчу ваьлла 75 шо кхачарна лерина долу гӀуллакхаш а. Уьш 750 хир ду. Царах коьртаниг – РФ-н а, Саӏудийн ӏаравин а дипломатин йукъаметтигийн 100 шо кхачарна лерина йолу дуьненаюкъара конференци йу. Иза дӀахьур йу Соьлжа-ГӀалахь. Кхеташо йерзош Кадыров Рамзана цхьамогӀа мехала тӀедахкарш дира. https://t.me/RKadyrov_95/6797