Шайх Ӏабдурраззакъ аль-Бадр
Статистика- Последний пост
- 28 июл.
- Последнее чтение
- 21:50
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 20
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 25
- 1/48двое суток
- 28
- 1/72трое суток
- 30
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Хьо хьожийла хьан доттагӀ мила ву
видео или голосовое, без подписи
видео или голосовое, без подписи
АллахӀа нисдинчарех, нах нийсонна тӀе нисбечарех дойла вай!
Хьан Деле ахь доьхар долу уггаре воле дерг, хьо Цуьнга нисвар дехар ду-кх! Шайх Ӏабдурраззакъ ал-Бадр (АллахӀа Ӏалашвойла иза).
Шайх Ӏабдурраззакъ ал-Бадра (АллахӀа Ӏалашвойла иза) боху: ТӀаьхьа теттар, иза дуккха а кегий нах хӀаллак бина цамгар йу. (Мин васойа ас-Салафи лишшабаби агӏо: 26).
Къонахий маьждигчохь бен кхиалур бац! Ламазан цагIоттург гIазотан гIоттура вац!
видео или голосовое, без подписи
видео или голосовое, без подписи
видео или голосовое, без подписи
Кху заманахь нах балане лаьцначух а, цаьрна ца оьшушчунна дуккха неlарш схьайиллиначух ду — уьш телпонан экранашна чу хьежарна тlебирзина хилар, агӀонаш, меттигаш(сайташ) дӀалуьсташ, ца оьшург лоьхуш, мелхо зене, сийсаза дерг лоьхуш а хуьлу-кх, ткъа иза бахьана долуш даккхий зенаш хилла дуккхачу бусалба нахана, церан динан а, гӀиллакх-оьздангаллан а, оцу белхо церан хенаш йайъина хьуна, оцу белхо цаьрна тайп-тайпана бес-бесара гӀайгӀанаш а, баланаш а, деган хорам а беъна хьун. Шайх Ӏабдурраззакъ аль-Бадр 📚[Ӏашарату асбабин линширохьи ас-садри агӀо: 36].
Майралла – Иман чlогlа хиларан лорах цхьа лар йу, Аллахlаца йукъаметтиг дика хиларан тlера (асар йу), цундела хlоразза а лайнан Иман хьал мелла дола а, Аллахlаца йукъаметтиг чlагl мелла ло а, майралла а совйолу. Шайх Ӏабдурраззакъ аль-Бадр [Ӏашарату асбабин линширохьи ас-садри агӀо: 30].
Майралло боккха Ӏаткъам бо са паргӀат доккхуш, дог синтеме деш, амма кхераро(осаллало) нисса бlостанехьа дерг до, боккъала цо (кхераро, осалалло) и кхоьруш волчунна дахар хораме до, цуьнан дагчохь болу кхераме, ийзаваларе хьаьжжина. Шайх lабдурраззакъ аль-Бадр [Ӏашарату асбабин линширохьи ас-садри агӀо: 30].
Нахана пайда бар а, цаьрна гӀо дар а, церан хьаштонехь цаьрца дӀахӀоьттина хилар а, даккхийчу бахьанехь ду, дог паргӀат даларан(дог синтеме даран). Амма (нахана) шен диканаш дарехь бӀаьрмациг верг, шен йаларехь, шен диканехь пис верг, нахах уггаре дагца хорам берг хира ву иза, царех уггаре дукха гӀайгӀа, бала, берг а, царех уггаре хала дахар дерг а. Шайх Ӏабдурраззакъ аль-Бадр [Ӏашарату асбабин линширохьи ас-садри агӀо: 27].
Шайх Ӏабдурраззакъ аль-Бадра (АллахӀа Ӏалашвойла иза) боху: Боккъала а АллахӀана лайшна дика деш волчу лайна — АллахӀа цунна совгӀат деш ду, цуьнан дог паргӀат даккхарца(синтеме дарца), цуьнан гӀуллакхаш атта дарца, цуьнан чаккхе а, тӀаьхье а, хаза йарца. Пайхамара ﷺ аьлла: «ХIокху дуьненан цхьана гIайгIанах муъма стаг хьалхаваьккхинарг - АллахIа къематдийнан цхьана гIайгIанах хьалхавоккхур ву. Таро йоцуш волучу (декхархочунна) аьтто биначунна - АллахIа цуьнан аьтто бийр бу хIокху дуьненахь а, эхартахь а. Бусалба стаг хьулвинарг - хIокху дуьненахь а, эхартахь а, АллахIа а хьулвийр ву. Ша лай шен вешина гIо деш мел ву - АллахI хир ву Шен лайна гIо деш. [Ӏашарату асбабин линширохьи ас-садри агӀо: 26].
И ша шен са хестадар, ша шех тамашбарна а, моттагӀарнаш (рийаъ) лелорна а, чу вуьгуш долу бахьан ду, ткъа иза Ӏамалаш йохош ду. Ӏабдурраззакъ аль-Бадр [Ӏашру къоваид фи тазкияти ан-нафси: 35 агӀо].
МутӀелам ша шех тамаш барах ларлойла, боккъала а иза нийат дохош долчу белхехь ду. Шайх Ӏабдурраззакъ аль-Бадр [Ахьадису ал-Ахлакъ агӀо: 356].
Кхечаьрна Ӏилма довзийтар, хьехар дар, бахьан ду - Ӏилма совдала а, иза кхиа а, ткъа иза диканна дуьхьала диканца бекхам барах ду, АллахӀана лайшна дика лиъначунна, АллахӀа диканехь аьтто бо. Шайх Ӏабдурраззакъ аль-Бадр [Ахьадису ал-Ахлакъ агӀо: 351].
Channel photo updated
Баккъала адамийн кийрахь долу дог кхоьллина ду:— АллахӀ цхьаъ вайта а, Сийлахь-Веза доллучунна ницкъ кхочуш волу Цунна муьтӀахь хилийта а. Ткъа иза шен дуьхьа кхоьллина йолу Ӏалашонна чуьра ара даьккхича (гена даьккхича), иза (дог) духи хьаьвза, гlайгӀа а, сингаттам а, (дог) хьийзош долу хӀуманаш а, догӀу цуьнга. Шайх Ӏабдурраззакъ аль-Бадр [Ӏашарату асбабин линширохьи ас-садри агӀо:14]