- Последний пост
- 14 авг.
- Последнее чтение
- 06:27
- Постов за неделю
- 2
- Всего постов
- 20
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 16 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 25
- 1/48двое суток
- 28
- 1/72трое суток
- 30
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
اللهم صل وسلم على نبينا محمد🌿
Абу ТIалхьа ал-Анса́рийс дийцина (Дела реза хуьлда цунна): «Цхьана Iуьйранна Делан Элча (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) хаза гуш вара, велавелла-векхавелла гуш вара. Асхьабаша элира цуьнга: «ХIай АллахIан Элча! Тахана самукъане гуш ву хьо, векхавелла гуш ву хьо». Цо элира тIаккха: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу сан Делера цхьаъ веънера суна (малийк деънера суна), цо элира соьга: «Хьан умматера хьуна цкъа салават диллинчунна АллахIа итт дика яздийр ду и бахьана долуш, итт вон дIадойъур ду цунна тIера, итт даржехь лакха а воккхур ву иза, цо аьлларг саннарг доьхьал а эра ду цунна (хазчу хасторца хьахор ву Цо иза)». (Ахьмад, Насаий) https://t.me/hadis_du
Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) паргӀатваьккхинчу лай волчу Зайдера дийцина ду, Делан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) элира аьлла: «АллахӀе гечдар доьху ас, Ша воцург кхин дела воцчу, дийна волу, даим волу, Цуьнга тоба а до ас, аьллачунна, цуьнан къиношна гечдийр ду, иза тӀеман аренгара ведда велахь а». أَسْتَغْفِرُ اللهَ الَّذِي لاَ إِلَهَ إِلاَّ هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ وَأَتُوبُ إِلَيْهِ (Абу Дауд, Тирмизи) https://t.me/hadis_du
«Лайлатул-къадр буьйсанна а, (мархийн беттан) тIаьххьарлерачу итт буьйсанна а йича уггаре еза, дика йолу Iамалш — ламазаш дар, Къуръан дешар, доIанаш дар ю. Ткъа уггара гIолехь, деза дерг — иза кхоъе Iамал цхьани яр ду, Къуръан а доьшуш, дехха ламазаш а деш, иштта, сужудехь дехха доIанаш а деш». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарийфий
Сахьихь Муслим чохь деана Аллахӏан Элчано ﷺ аьллера аьл: «Гаттонехь волчунна (декхар) хан дӏатетнарг, йа и декхар цун тӏер дӏадекхнарг Къемат дийнахь Аллахӏа шен ӏиндагӏ бен кхи ӏиндагӏ доцучу дийнахь, цу ӏиндагӏ бухахь нисвийра ву.»
🔉 Сихо е дикане
без подписи
Мархийн бутт. 3 2. Терхьера хьехам - 2024 ш. «Къуръанан бутт» 4. Терхьера хьехам - 2024 ш. «Доьзалехь барт бохаран бахьана» 5. Терхьера хьехам - 2024 ш. «Далла тӀе хьуо вахалуш вац хьо» 7. Терхьера хьехам - 2024 ш. «АллахӀаца бакъхилар» 10. Терхьера хьехам - 2024 ш. «Хьуна диканиг бен лууш вац со» 13. Терхьера хьехам - 2024 ш. «Далла баркалле хилар» 14. Терхьера хьехам - 2024 ш. «Куралла» 16. Терхьера хьехам - 2024 ш. «АллахӀана эхь хета хьан доӀа юхатоха» 21. Терхьера хьехам - 2024 ш. «Лайлатул-къадр» 22. Терхьера хьехам - 2024 ш. «Сихо е» 1. Терхьера хьехам - 2025 ш. «ТӀекхечи беркате бутт» 2. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Шовкъе хилар» 3. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Вай адамаш дуй кхетар» 4. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Шаьш а, шайн доьзал а жоьжахатих кӀелхьарадаха» 5. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Адамех делий ма бе» 6. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Мархийн баттахь уггар коьрта Ӏалашо» 7. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Вайн хьал маца хуьйцур ду» 8. Терхьера хьехам - 2025 ш. «8-гӀа март» 9. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Зудчуьнца ша висар» 10. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Зудчух куьг кхетар» 11. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Зударий галбахар 12. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Зударийн духар» 13. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Хьукма цхьана АллахӀан бен дац» 14. Терхьера хьехам - 2025 ш. «ШайтӀанан телпо» 15. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Зударий маьждиге вахар› 16. Терхьера хьехам - 2025 ш. «ТӀаьххьарлера аьтто» 17. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Умматан тезет» 18. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Шогалла» 19. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Юх-юха кхетор» 20. Терхьера хьехам - 2025 ш. «ХӀора буьйса ларъяр» 21. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Дала бохучунна букъ ма тоха 22. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Зударийн гӀайгӀа» 23. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Дика стаг» 24. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Йишин а, вешин а дозалла» 25. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Доьзалехь барт» 26. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Хьайга омра ма-дарра нисло» 27. Терхьера хьехам - 2025 ш. «ДӀабели мархийн бутт» 28. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Вежаралла» 30. Терхьера хьехам - 2025 ш. «Мархийн бутт дӀабели» 1. Мархин хьокъехь 70 хаттар 2. Мархин хьокъехь 70 хаттар 3. Мархин хьокъехь 70 хаттар 4. Мархин хьокъехь 70 хаттар 5. Мархин хьокъехь 70 хаттар Мархийн баттана хьалхара кечам Дуьне кечлуш ду
без подписи
Кхана оршот де ду Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) хlора оршот, еара дийнахь марха кхобуш хилла Цунна тlаьхьадазий вай?
Аллахlан элчано (Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: "Милла велахь, аса ма-эццара ламаз а эцна, цултlаьхьа ши ракаlат (суннат) ламаз диначунна, оцу шина ракаlатехь кхечу хlуманашна ойлайеш а воцуш - цунна дlа мелла дахана долу къиношна Аллахlа гечдийр ма-ду". (Бухарий 159). https://t.me/hadis_du
Дажжалан питанах ларвар дехар Пайхамара (ﷺ) лардина вай Дажжалан питанах, цо аьлла: «Дажжал ву аьлла шайна хазахь, генадовла цунах, шайна и гахь, «Кахӏф» сурат деша. «Кахӏф» сурат дешнарг Дажжалан питанах ларвелла». Иштта кхечу хьадисехь аьлла Пайхамара (ﷺ): «АллáхӀумма инни аӀузубика мин Ӏазáби жахӀаннам, ва аӀузубика мин Ӏазáбил-къабри, ва аӀузубика мин шарри фитнатил-масихьид-дажжáл, ва аӀузубика мин фитнатил-махьйá, вал-мамáт». Хӏара доӏа хӏора ламазехь тӏаьххьара атхьигехь деш ду, ламаз дӏадерзадале хьалха. Цхьаболчу ӏеламнахана важиб ду аьлла хӏара доӏа дар. https://t.me/hadis_du
Шайн даьхних уггаре чIогIа беркат хуьлуш болу нах - сагIа дукха луш берш бу. Хьадисехь Пайхамара (ﷺ) аьлла: «СагIа даларо даьхни ца эшадо». Иштта къудси хьадисехь АллахIа, Сийлахь ву И, аьлла: «ХIай Адаман кIант! Хьайн даьхних сагIа ло ахь, Ас дуккха а совдоккхур ду хьуна хьан даьхни». Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфий
АллахӀан Элчано (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Цхьа а стаг ма вац ша цхьа къа диначул тӀаьхьа, ламаз эцна, цул тӀаьхьа ламаз дина, цул тӀаьхьа АллахӀе гечдар дехахь, АллахӀа цунна гечдеш бен». [Тирмизий: 406] https://t.me/hadis_du
Анаса (АллахI реза хуьйла цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьйла цунна) соьга элира: «ХIай, кIант! Хьо (хьайн хIусамна чувоьдучу хенахь) хьайн доьзале салам ло - беркат хир ду хьуна цунах хьуна а, хьан доьзална а». (Тирмизий: 2699, цо аьлла хIара хьадис хьасан, сахьихь даржехь ду). ¹Шен цIа чу ваьлча салам далар суннат хилар, оцу чохь цхьа вацахь а. https://t.me/hadis_du
Абу Хӏурайрата дийцана Аллахӏан Элчано ﷺ элира аьлла: «Ахьа алар: "субхьаналлáхӏ, валь-хьамду лиллáхӏ, ва лá илáхӏа иллЛóхӏу ваЛлóхӏу акбар" гӏолехь ма ду шена тӏе малх кхеташ долчу массо хӏуманал.» (Муслим: 2695) https://t.me/hadis_du
Хlора фарз-ламазал тlаьхьа 33 субхьаналлахI, 33 алхьамдулиллахI, 33 АллахIу акбар аларан дозалла Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа къечу мухIажарша, АллахIан Элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а баьхкина, элира: «Хьал долчарна кхочур долуш ду-кх (дерриг) лакхара даржаш а, хаддаза лаьттан долу ниIматаш а: (хIунда аьлча) цара оха санна ламазаш до, цара оха санна марханаш кхобу, оцу тIе цара сагIанаш ло, ткъа оха сагIанаш ца ло, цара леш маьршабоху, ткъа оха леш маьрша ца боху». (Цара аьллачуьнга ла а доьгIна), Пайхамаро (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна,) аьлла: «ТIаккха ас цхьа хIума Iамаде шуна, и бахьанехь шу шайл хьалха дIабаханчарна тIаьхьа а кхуьун дерг, шайл тIаьхьа богIун болчарал шу хьалхадевр дерг, изза динарг бен шул веза хир доцург?» Цара аьлла: «Дера дийца, хIай АллахIан Элча!» (ТIаккха Пайхамаро, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна,) аьлла: «ХIора ламазал тIаьхьа ткъе кхойт-кхойттазза (хIара дешнаш) ала: «АллахI тIех цIена ву» /СубхьаналлахIи/, «АллахIана хастам бу» /АлхьамдулиллахIи/, «АллахI массо хIуманал воккха ву» /АллахIу акбар/. Цул тIаьхьа къечу мухIажарша АллахIан Элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а баькхина, элира: «Хьал долчу тхан вежаршна оха дийриг хаза а хезна, изза дан буьйлабелла уьш!» - (оцу хьокъехь) АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Иза – АллахIан комаьршалла йу, Цо Шена луъучунна луш». (Ал-Бухари: 843, Муслим: 595). https://t.me/hadis_du
МасIудан кIанта (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ХIара дешнаш) аьллачунна къиношна гечдийр ду, тIеман майданара иза веддехь а: «Сийлахьчу АллахIе сайна гечдар доьху ас - И воцург, кхин Дела воцучу, дийна, даима волучу. Ас Цуьнга тоба а до». /АстагIфируллáхIал Iазúмаллазú лá илáхIа иллá хIувал хьаййул къоййýму ва атýбу илайхIи/ (Абу Давуд: 1517, ат-Тирмизи: 3572) https://t.me/hadis_du
Куц: Дагахь малх-бутт лацаран суннат ламаз дан аьлла ният хуьлу; Ши бисмал, цхьа атхьиг доьшу, хlора бисмал тlаьхьа шишша рукуl деш, цхьаьннан метта. Хан: Малх я бутт лаьцча дуьйна и юханехьа гучубаллалц.
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманчохь малх лаьцнера. ХIетахь цо цхьа стаг вахийтира, нах ламазе кхайкха аьлла. Нах схьагулбеллачу хенахь (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)), хьалха а ваьлла, «Акбар» аьлла (ламаз дIа а дихкина), диъ рукуI а, диъ сужуд а долуш, ши ракаIат ламаз дира». (Муслим: 901)