tgindex
Хьадисаш

Хьадисаш

Статистика
@hadisahsрусский

📜 Нохчийн маттахь хьадисаш. Риядус-солихьин.

Последний пост
3 сент. 2023 г.
Последнее чтение
13 авг.
Постов за неделю
0
Всего постов
20
Тип
открытый
Язык
русский
В каталоге с
13 авг.
Подписчики
129
0 за 3 дн.
Сутки
0
0,00%
Неделя
 
Месяц
 
Просмотров на пост
809
20 постов
Вовлечённость
627,1%
к подписчикам
Постов в день
0,0
всего 20
Упоминаний
1
каналов
Охват размещения
оценка
1/24сутки в ленте
1/48двое суток
1/72трое суток

Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.

Посты

  • 3 сент. 2023 г.9113из faruqan_darsash

    بسم الله الرحمن الرحيم 📚АллахIан пурбанца Шайх Фарукъан Дарсаш чу йилларца болх д1абóлабо вай. 📚ЧIóгIа мéхала пайдé гочдина Жайнаш ду Iилма Iáмóран нéкъ лаьцначáрна. ____________________ ХIай Сан Ваша, Сан Йиша Хьо хила хIара пайдé болх нáхана дIакхáчóрехь сутар! 📨 АллахIа Iилмангахь а, Iамалгахь а сов дóхийла вай!

  • https://t.me/muvahiduun95fr

  • 3 янв. 2023 г.1 1732из hadisi_tv

    Къемата дийнахьа Пайхамаран къамел даржийнарш схьабалабе аьлла, Дала кхайкхара дича, оцу тобанах хила луар дац ткъа хьуна!? ТӀаккха йаржа йе хӀара агӀо. ♻️https://t.me/hadisi_tv

  • 1 янв. 2023 г.1 1601из vayn_ruzma

    ✅Вайн маттахь рузманан агӀо хир ю хӀара, юххехь бусалба нехан рузма а йолуш. Аллахlа диканца бекхам бойла хlара яржош дакъа мел лаьцначунна. https://t.me/vayn_ruzma

  • без подписи

  • 60. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуламехь хевшина Iаш долуш, дагахь а доцуш, цхьа стаг тIевеара тхуна, бIаьрг кхулучу кIайн духарехь, кIарула-Iаьржа месаш…

  • 60. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуламехь хевшина Iаш долуш, дагахь а доцуш, цхьа стаг тIевеара тхуна, бIаьрг кхулучу кIайн духарехь, кIарула-Iаьржа месаш а йолуш, цуьнга хьаьжча, иза некъаца ву ала йиш а йоцуш. Тхоьх цхьанна а вевзаш а вацара иза. Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьал охьахиира иза. Шен голаш цуьначух хьакха а йолуьйтуш, шен куьйгаш цуьнан хенаш (вареш) тIе а дохкуш, цо элира: «ХIай, Мухьаммад! Ислам-дин довзийтахь суна». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Исламан бух - ахьа тоьшалла дарехь бу кхин Дела цахилар, АллахI бен, Мухьаммад - АллахIан элча хилар. Иза ламаз дар а ду, закат даккхар а ду, Рамадан беттан марханаш кхабар а ду, хьаьж дан хьаьжцIа вахар а ду, нагахь хьан и дан кархдалахь». (Оцу стага) элира: «Бакъдерг дийци ахьа». Ткъа оха тамаша бира, цо, (пайхамаре) хеттарш а деш, цо аьлларг бакъдарах! (Цул тIаьхьа) цо элира: «Ткъа хIинца иман довзийтахь суна». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Иманан бух - хьо тешарехь бу: АллахIах, Цуьнан малекех, Цуьнан Жайнех, Цуьнан элчанех, тIаххьарачу (къематан) дийнах, (иштта) хьо доьгIначух тешарехь а ду, дикачух а, цуьнах санна вончух а». Цо элира: «Бакъдерг дийци ахьа». (Цул тIаьхьа) цо элира: «Деган цIеналла (ихьсан) йовзийтахь суна». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Деган цIеналлин (ихьсанан) бух - ахьа АллахIана лолла дарехь бу, хьайна И гуш волуш санна, нагахь хьайна И гуш вацахь, боккъалаъ, Цунна хьо гуш хилар (хаддаза дагахь а латтош)». (Цул тIаьхьа) цо элира: «(Ткъа хIинца) оцу Сохьтах дерг довзийтахь суна[3]». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Цуьнах дерг шега хоьттуш верг-м вац хоьттуш волучул а сов хууш». Цо элира: «Делахь-хIета, цуьнан билгалонаш йовзийтахь суна». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: («И Сахьт гергадаран билгалонех хир ду) – гIарбаш-зудчо шена эла яр, иштта хьуна гар а - (кога духа доцуш) когаш берзинарш, (тIе духа доцуш) догIмаш берзинарш, таро йоцу жаIуй шайн хIусамаш лакхаяхарехь вовшийн тIехбовла гIерташ». (Цул тIаьхьа) и стаг дIавахара. Цхьа хан яьлча[4], АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «ХIай, Iумар! Хьуна хаьий, и хаттарш хьан дира?». Аса жоп делира: «АллахIана а, Цуьнан элчанна а дикаха хаьа оцу хьокъехь дерг». (ТIакккха) цо элира: «Боккъалаъ, иза - Жабраил дара хьуна, шуна шайн дин Iамон деана!»» (Муслим: 8). https://t.me/hadisahs

  • без подписи

  • 5-гIа дакъа Тергамах лаьцна (муракъаба) Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «..Хьо гуш верг ву И - хьо дIахIуттучу хенахь[1], (иштта) сужуд дечарна юккъехь хьан меттахъхьер (гуш верг а)» («аш-ШуIараъ», 219). Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Шу миччанхьа делахь…

  • 5-гIа дакъа Тергамах лаьцна (муракъаба) Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «..Хьо гуш верг ву И - хьо дIахIуттучу хенахь[1], (иштта) сужуд дечарна юккъехь хьан меттахъхьер (гуш верг а)» («аш-ШуIараъ», 219). Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Шу миччанхьа делахь а - шуьца ву И» («ал-Хьадид», 4). Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Боккъалаъ, АллахIах къайленехь цхьа а хIума дац - я лаьттахь а, я стигалахь а» («Али Iимран», 6). Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Боккъалаъ, хьан Дела - кIелонехь лаьтта» («ал-Фаджр», 14). Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла: «Хууш ву АллахI - бIаьрийн тешнабехк а[2], дегнашкахь хьулдийриг а» («ГIафир», 19). https://t.me/hadisahs

  • 📜 Нохчийн маттахь хьадисаш. Риядус-солихьин. https://t.me/hadisahs

  • без подписи

  • 59. Абу Халид Хьаким Хьизама (АллахI реза хуьлда цунна), толам баькхиначу шарахь[9], жехIалачу а, дин тIеэцначу а заманакахь къурайшийн тхьамданех цхьаьннан кIант хилла волучу, дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:…

  • 59. Абу Халид Хьаким Хьизама (АллахI реза хуьлда цунна), толам баькхиначу шарахь[9], жехIалачу а, дин тIеэцначу а заманакахь къурайшийн тхьамданех цхьаьннан кIант хилла волучу, дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Эцархо а, йохкархо а вовшахкъаьстина мел воцу шайн харжамехь паргIат ву[10]. Нагахь и шиъ ший а (вовшашка) бакъ лийнехь, дерг-доцург (ма-дарра) довза а довзийтинехь[11] - цаьршиннан йохка-эцаран барт беркате хир бу. Ткъа нагахь цаьршимма (цхьаъ) къайла а даккхахь, вовшашна харцдерг а дийцахь - цаьршиннан йохка-эцаран бартан беркат хIаллакъдийр ду» (Бухари: 2079, Муслим: 1532). https://t.me/hadisahs

  • без подписи

  • 58. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIазоте воьдучу хенахь цхьана пайхамара[3] (АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен къоме аьлла: «Суна тIаьхьа ма хIуьттийла:…

  • 58. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIазоте воьдучу хенахь цхьана пайхамара[3] (АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен къоме аьлла: «Суна тIаьхьа ма хIуьттийла: зуда ялийнарг а - иза йолучу чуваха лууш а волуш, амма хIинца а ваханза верг, цIа динарг а - амма (хIинца а) цунна тхов тиллина воцург, жий я эмкал эцнарг а - цаьргарачу дохкане хьоьжуш Iаш верг». Цул тIаьхьа гIазоте дIановкъа ваьлла иза. Малхбузан ламазан я герггарачу хьесапехь оцу хенахь, ша оцу шахьарна[4] герга гIоьртича, цо аьлла малхе: «(АллахIан) омрина кIел хьо а бу, со а ву Цуьнан омрина кIел. Я, АллахI! Сацабе Ахьа и тхуна!». ТIаккха (малх) чу ца бузуьйтуш сацийра, АллахIа цунна толам баллалц йолучу юкъанна. Цул тIаьхьа, цо тIеман хIонсаш схьагулйича, (стигалара) охьа цIе йоьссира уьш хIаллакъян (я дIахуда)[5], ва амма (оцу цIаро) меттах а ца хьайира (гулйина хилла хIонсаш). ТIаккха (оцу пайхамара) аьлла (шен тIемалошка): «Бакъдолуш, шуна юккъерачу цхьамма ямартло йина. ХIора тайпанах цхьацца стага дуй баал суна!»[6] (Цара иштта и дича) царех цхьаьннан куьг цуьнан куьйгана тIелетта. ТIаккха цо аьлла: «Боккъалаъ, ямартло йинарг шуна юккъехь ву-кха. Хьан тайпанхоша массара а дуйнаш доийла суна!». Ткъа (хIинца) цуьнан куьйгах царех волучу шиннан я кхааннан куьг тIелетта. ТIаккха цо аьлла: «Шу ду-кха ямарта хилларш!». Цул тIаьхьа дешех бина аьттачух тера корта схьабеана цара, ткъа цо и охьабиллина (хIонсашна юккъе). ТIаккха (стигалара) охьаеаначу цIаро хIаллакйина (и ерриге хIонс), хIунда аьлча тIеман хIонс вайл хьалха бехаш хиллачарех[7] цхьанненна а хьанал йина (магийна) хилла яц, тIаккха АллахIа вайна хьанал йина (магийна) и. Цо вайна магийна и (схьаэцар) - вайн гIийлалла а, гIорасизалла а гича[8]» (Бухари: 3124, Муслим: 1747). https://t.me/hadisahs

  • без подписи

  • 57. Бадр тIамехь дакъалаьцначу Абу Сабита (цуьнан кунйа[2] Абу СаIид яра аьлла а дийцина, иштта Абу ал-Валид яра аьлла а дийцина) СахIл бин Хьунайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь…

  • 57. Бадр тIамехь дакъалаьцначу Абу Сабита (цуьнан кунйа[2] Абу СаIид яра аьлла а дийцина, иштта Абу ал-Валид яра аьлла а дийцина) СахIл бин Хьунайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIе доIанехь даггара шена динна тIехула кхалха (аьтто бар) дехна волучунна - кхалхар шен (дIавуьжучу) меттахь хилахь а, динна тIехула кхелхиначу шахIидийн даржашка хьалавоккхур ву иза» (Муслим: 1909). https://t.me/hadisahs