tgindex
Хьадисан lилма

Хьадисан lилма

Статистика
@hadisan_ilmaрусский

Делан Элчано ﷺ аьлла: «АллахӀа юьхь нуьре йойла вайгара цхьа хӀума хезна, шена ма-хаззара кхечуьнга и дӀакхачош волчунна». (Имам ат-Тирмизес дийцина).

Последний пост
16 авг.
Последнее чтение
13 авг.
Постов за неделю
3
Всего постов
23
Тип
открытый
Язык
русский
В каталоге с
13 авг.
Подписчики
913
+5 за 4 дн.
Сутки
0
0,00%
Неделя
 
Месяц
 
Просмотров на пост
313
23 постов
Вовлечённость
34,3%
к подписчикам
Постов в день
0,4
всего 23
Упоминаний
3
каналов
Охват размещения
оценка
1/24сутки в ленте
119
1/48двое суток
136
1/72трое суток
147

Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.

Посты

  • Хьуна хаьий динан уггаре ладаме долу сипташ муьлханиш ду? АллахӀа пайхамарш бахкийтина адамашна шайн хьекъал тӀе ца кхуьуш дерг Ӏамадан, хьекъална хила йиш йац аьлла хеташ дерг Ӏамадан ца бахкийтина; Цо цаьрга омра дина адамийн цӀена Ӏалам (фитӏра) чӀагӀде аьлла, иза хийца ца гӀерташ. Ибн Абдул-Хьалим/ал-Минхӏаж. https://t.me/hadisan_ilma

  • ӀабдуллахӀ ибн Масуда (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: Къуръан чохь гӏуллакхаш Далла тӀе дехкар дуьйцуш долчу аятех уггаре а чӀогӀа дерг хӀара ду: {وَمَنْ يَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ فَهُوَ حَسْبُهُ} {АллахӀана тӀе болх буьллучунна – Иза кхачаме ву}. (65:3). Ибн Аби ад-Дуня/ат-Таваккул. https://t.me/hadisan_ilma

  • ӀабдуллахӀ ибн МасӀуда (Дела реза хуьлда цунна) элира: Ал-Микъдада диначу цхьана хӀуманна теш хилира со. И хӀума айса дина хилар лаьтта тӀехь долчу мел долчу хӀуманал гӀоле хетара суна. Ал-Микъдад майра стаг вара. Бадр гӀазот хуьлучу дийнахь цо Делан Элчане ﷺ элира: «ХӀай Делан Элча, кхаъ хила хьуна! ВаллахӀи, оха хьоьга эра ма дац, Исраилан къомо Мусага ﷺ ма-аллара: {ДӀавало хьо, ахьа бехьа хьайн Делаца цхьана [царна дуьхьал] тӀом, ткъа тхо кхузахь хевшина Ӏийра ду}, — аьлла. Амма — хьо бакъдолчуьнца ваийтинчуьнца дуй буу аса — тхо хьуна хьалха а, хьан аьтту агӀор а, хьан аьрру агӀор а, хьуна тӀехьа а хир ду, Дала хьуна толам баллалц». ТӀаккха элира ӀабдуллахӀа: «Делан Элчан юьхь елаелира, цо цуьнга аьллачу дешнашна». Ахьмад/Муснад. https://t.me/hadisan_ilma

  • Делаца йолу ойла, мацаллац дика хила езаш ю? Шайн вежаршца мел къинхетаме хилла асхьабаш а, табиӀинаш а? قال إبراهيم النخعي: «كانوا يستحبُون أن يُلقَّنوا العبدَ محاسن عمله عند موته، لكي يُحسن ظنَه بربِّه». ИбрахӀим ан-НахаӀис аьлла: «Салафашна дика хетара, стаг вала вижинчу хенахь, цунна цуьнан дика гӀуллакхаш (ӏамал) дагадаийтар, цуьнан шен Делаца дика ойла хилийтархьама». Ибн Аби ад-Дунья/Хьусну аз-Зан. https://t.me/hadisan_ilma

  • Бусалба стаг массо а дика хӏума деш хила везаш ву. ‏ كان عمرو يقول إذا سمعت بالخير فاعمل به ولو مرة واحدة. Ӏамра бин Мурра вара олуш: «Хьайн цхьа дика хӀума хазахь, цкъа дай а иза деллахь». Абу Нуӏайм/ал-Хьилйа. https://t.me/hadisan_ilma

  • Ӏарбойн мотта ӏамо лаьачун, пайда эца меттиг ю.

  • Сийлахь волчу АллахIа, хӏокху вай вашас мел хьегна долу къа къобал дойла, цунах цунна а, цуьнан Дена-нанна а шортта лаьттара долу сагlа хуьлитийла. Мединский курсаш ерриге а хьехна ю хӏокху хьости чохь. https://t.me/sedru7

  • Боьрша стаг ша муха кхион веза? قال عروة بن الزُّبير التابعي رَحَمَهُ ٱللَّهُ : إن كان الرجل ليعابُ بأن لا يصبر عن اللحم. Ӏурват ибн аз-Зубайра аьлла: «Даа жижиг ца хилча, корзахвуьйлуш волу боьрша стаг ледара лерина». Ибн Аби Шайба/ал-Мусаннаф. https://t.me/hadisan_ilma

  • Хаттар: Къематдийнахь халкъо муьлха мотт буьйцур бу? АллахӀ Дела вайга муьлхачу маттахь вистхир ву? Цуьнан жоп: Цу хьокъехь вайн динехь (Къуръан чохь а, я суннатехь а) сецна хӀумма а дац. Иштта асхьабаша а ца аьлла цу хьокъехь хӀумма а, мелхо а царна иштта долу хаттарш кийга дара, гӀуллакх доцург дийцар хеташ хилла. Ахьмад ал-Хьанбалий. https://t.me/hadisan_ilma

  • Дикачу нехан цӀераш а, церан дийцарш а дайита мегар дац къоман юкъара. عن عروة بن رويم قال: "تحدثوا عنهم، يعني السلف". Ӏурват бин Рувайм (табиӀий волу) аьлла: «ДӀабаханчу дикачу нахах лаций дуьйцуш хила». Абу ЗурӀат/ат-Тарих. https://t.me/hadisan_ilma

  • Хьайн вежаршца цхьаьнакхетар мел мерза хета дезаш ду? قال مالك بن مغول رَحَمِه الله: قال لي طلحة بن مُصرّف: للَقياكَ أحبُ إليَ من العسل. Малик ибн Мигӏвал (Дала къинхетам бойла цунах) дийцира, ТӀалхьа ибн Мусаррифа соьга элира аьлла: «Хьоьца цхьаьнакхетар суна моз даарал дукха дезаш ду». Ибн Аби ад-Дунья / ал-Ихван. https://t.me/hadisan_ilma

  • Джамаӏат маьждиге воьдуш ойла муха хила еза хьан? قال سلمان الفارسي: «من توضأ فأحسر الوضوء ، ثم أتى المسجد ليُصلِّي فيه ، كان زائراً لله ، وحقً على المَزُور أن يُكرم زائره». Салман ал-Фарисис аьлла: «Цхьамма цӀена ламаз а эцна, цул тӀаьхьа маьждиге ламаз дан вахча, иза Делан хьаша ларало, ткъа хӀусамдена тӀехь ду шен хьаша ларар». Ибн Аби Шайба/ал-Мусаннаф. https://t.me/hadisan_ilma

  • Шайн долахь дуьнен хӏума бен доцу нахе хьежар – хьан динан фитна (зулам) ду. عن أبي خالد قال: قال سفيان: ولا تنظروا إلى دورهم ولا إليهم إذا مروا على المراكب. Абу Халида дийцина, Суфйана элира аьлла: «Церан хӀусамашка а, йа цаьрга шайга а ма хьежа, уьш тӀехуу хӀуманаш тӀехь (говр, ворда, машен) тӀехбовлуш». Абу Нуӏайм/ал-Хьилйа. https://t.me/hadisan_ilma

  • Дин ӏамош волчун меттиг. قَالَ أُبُو الدَّرْدَاءِ رضي اللّٰه عنه: «مَنْ رَأَى الْغُدُوَّ وَالرَّوَاحَ إِلَى الْعِلْمِ لَيْسَ بِجِهَادٍ فَقَدْ نَقَصَ عَقْلُهُ وَرَأْيُهُ». Абу ад-Дардаа (Дела реза хуьлда цунна) аьлла: «Ӏилма лаха воьдург гӀазотехь вац моьттучун кхетам эшна бу». Ибн Ӏабдул-Барр/ДжамиӀул-Байан. https://t.me/hadisan_ilma

  • Вайн салафша шайгахь долчу ниӀматашка болу шайн безам, цунах чам ца болуш, бехха муха латтабеш хилла? قال أبو سليمان الداراني: دع الخبز أبداً وأنت تشتهيه، فهو أحرى أن تعود إليه. Абу Сулайман ад-Даранис аьлла: «Айха бепиг доуш, хьо цунах Ӏабале саца, хӀунда аьлча иза юха а даа са лаьтташ хира ву хьо». Абу Нуӏайм/ал-Хьилйа. https://t.me/hadisan_ilma

  • «Ӏилма йа гӀиллакх Ӏамош долу мажлисашкахь къонахой кхиабо, ткъа сеттарш а, ловзарш а Ӏамош долу мажлисашкахь къонахой талхабо». https://t.me/hadisan_ilma

  • Хьай деган хьал, ахьа хаьржинаг ду. قال جعفر بن سليمان (رحمه اللهُ): «هم الدنيا ظلمة في القلب، وهم الآخرة نور في القلب». ДжаӀфар ибн Сулаймана (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дуьненан гӀайгӀанаш даг чохь сингаттам латта бо, ткъа эхартан гӀайгӀанаш дагчохь синтем латта бо». Ибн Аби ад-Дуня/Замму ад-Дуня. https://t.me/hadisan_ilma

  • Дино тӏедиллина доцу гӏуллакхаш тӏе лацар. قال ابراهيم النخعي رحمه الله: (كانوا يكرهون أن يَفرِضوا على أنفسهم شيئا لم يُفترض عليهم). ИбрахӀим ан-НахаӀис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла: «Асхьабашна ца лаьара, дино шайна тӀедиллина доцу хӀума шайна тӀелаца». Ибн Аби Шайба/ал-Мусаннаф. https://t.me/hadisan_ilma

  • Вайн салафша вовшах весет муха деш хилла. عن مبارك بن سعيد، قال: كتب سفيان إلي: أما بعد: «فأحسن القيام على عيالك، وليكن الموت من بالك، والسلام». Мубарака аьлла: Суфьяна кехат яздира соьга, могуш-паргӀат хаьттинчул тӀаьхьа, цо соьга весет дира: «Хьайн доьзалан дола а де, валар дагахь латтаде, марша Ӏойла». Абу Нуӏайм/ал-Хьилйа. https://t.me/hadisan_ilma

  • Дела хьехоран некъаш. قال أبو عبيدة: «مَا دَامَ قَلْبُ الرَّجُلِ يَذْكُرُ اللَّهَ فَهُوَ فِي صَلَاةٍ وَإِنْ كَانَ فِي السُّوقِ، وَإِنْ يُحَرِّكْ بِهِ شَفَتَيْهِ فَهُوَ أَفْضَلُ». Ибн Масӏудан кӏант аьлла: «Адаман дог Дела хьехош мел ду — иза ламазехь (доӀанехь) ву, иза базарахь велахь а. Нагахь цо шен балдаш меттах хьедахь — иза кхин а дика ду». Ибн Аби Шайба/ал-Мусаннаф. https://t.me/hadisan_ilma