- Последний пост
- 20:48
- Последнее чтение
- ещё не заходили
- Постов за неделю
- 3
- Всего постов
- 21
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 15 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 117
- 1/48двое суток
- 134
- 1/72трое суток
- 144
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Д1аихна денош. Чекхдевлла денош Т1аьхь-т1аьхьа 1овжаме дуьйлу. Жималлин тешаш - Безаман тешаш, Сан даг чу г1айг1ане дуьйшу. Ас х1унда тахкий? Ас х1унда къахкий Хьалхара саин безам-кхетац. Ахь соьга кхийдош, Ас юха кхийдош Б1арздинчу зезаго-м гечдац. #МалканИсмаилова
Хьо везар сан ц1ийца держина❣️
)
Дагах дог бен кхетар дац...❤️🩹
Х1ора де дахлуш ду, моттало, Хьо воцуш, хьо ца гуш, хала ду суна. Амма со набаро эшайо - Вог1ий хьо схьах1утту суна. Езий-те? Жоп лохьа суна: Кеста соь ирс хьоьжуш дуй-те? Г1ан доцуш, самах ца гур-те? Даима суьйренца соьца, Хьо воцуш, бутт х1унда соьцу?! Батте ас сайн хаттар делча: "Беха ас хьоьгур буй бала?" - Беттаса, жоп доцуш, дайра, Ца лиъна бакъ дерг схьаала. Сагатлуш, тем боцуш дагца, Хуьлу-кх со кхоьлина цкъацкъа. Хетало, теша йиш яц-кха, Амма со ца хилла цкъа а Бакъ безам, ц1ена дог-ойла йицъян а, ширъян а лууш. Хьомениг, хаьа суна, вог1ур ву хьо, Цул а сов сайн стихах тешан ю со - Сан г1енех дерг ду хуьлуш. #РаисаАхматова
Хьоьх дог дилла бах, вай аса-м дуьллу Дуьнена йиъ маь11е, ас мичча дилларх Гонаш туьйси а, хоьвзина юха Суна-м карадо иза шен меттехь. Дерриг диц де бах, дийциша муха? Ас сой 1еха еш, яла со тентик? Дог а ца хилча, тохалуш дог1а, Ас х1ун 1илманца, диц дайта дерриг? Доггах мел дезнарг, доггах ма лезна Мерза дийцинарг, мазал дисна летта. Б1аьрзе дагана хьехарш дац хезна, Вуьзнарг цкъа а вац, мецачух кхетта. Цхьанна делла дог, дилла дац атта, Дагна мел дезнарг, дицда а х1етте. автор слов: Р. Сатаев
Дахарехь хуьлу кхета а, т1елаца а хала х1уманаш.
хьайха тешар ма хилиталахь сан г|алат.
Сатийсамца яха 1аьмма..
Хьо йицъян ницкъ бац соьхь, цунна дог 1ийжа, Гечделахь, юха хьан лар лоьху ас. Бешарчу кхура т1ехь цхьа хьоза тийжа Хиъначух деган хьал, хезначух аз. Мила ву дуьнен чохь ваьхнарг там хилла? Ирс ца карадо кхийдарх а т1е. Цкъацкъа дог кхулу сан х1оьттинчух чилла, Юха а лета чохь безаман ц1е. Сан дахар чолхе ду: тийналла йоцуш, Ойлане 1ехано биллина гуо. Наггахь цо сацаво нуьцкъала лоций, Юха а д1ахоьцу бохучух "г1уо". Хьо йицъян ницкъ бац сан, ца гуш дог 1ийжа. Тховса а хьо лелла лар лоьху ас. Бешарчу кхура т1ехь цхьа хьоза тийжа, Хезна-те цунна а сан деган аз? #ШаидРашидов
Хьаьнга ала ас хьо веза? Хьаьнга дийца хьоь сатийсар? Сахьийзаш хьуна доьлху дог са, Оьшу суна хьо, даггара... Кху |уьйрене бахна безам, Кху суьйрене бахна безам. Кху дуьнене бахна безам Ма ала соь биц ба беза, И хьа б|аьргаш доьхьал туьйсуш, Синтем байна лела со, Сай дайна ирс лоьхуш, Г|айг|ане еха со.. "Дагахь дерг"
Ма ч1ог1а лааркха суна, хьоьца чакх баккха сай дахаран некъ....
Ма дукха сатийсинера аса хьан б1аьра хьажа,эрна хилла те ас хьуна гат дина са?💔
сингаттам. гlайгlа. бала. и дерриге цхьанне.
Ас Iийжам алий хьох, Дахар? Дог догу. Ницкъ лохьа суна.
«Лар лолахь, х1окху заманахь жимачу х1уманах доккха туьйра деш адамаш ду хьуна»
Б1аьргашна хаз делларг- суьйре т1е кхаччалц. Дагна деза делларг - велла д1а валлалц.
ткъа, хено ца гойтуш х|умма а дац, хам ца баро шен метта нис до дерриге а, амма,т|аьхьа хуьлу иза.
Хьо виц ван ц туьгу, хьо везна долу дог.
Ахь х1инца маьл дуьйцург ду суна хийра.. Хьоьх къастар эшам бац, йоьлхур яц хьуна.. Виц лур вац ма ала, вицвелла лара...