Ashabul_Yamin
СтатистикаЮтуб аг1о: https://www.youtube.com/channel/UCeFR1Y1ws_GZy8PJ5CTCJhg 🌴 Инстаграм аг1о: https://instagram.com/muslim_javab?igshid=7wodjd1142eb
- Последний пост
- 19 окт. 2023 г.
- Последнее чтение
- 06:29
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 20
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- Категория
- Видео
- В каталоге с
- 16 авг.
- 1/24сутки в ленте
- —
- 1/48двое суток
- —
- 1/72трое суток
- —
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
без подписи
Шейх мухаддис Абдуллахl ас-Саlд – «Аллахl воцучуьнца дуй баар».
https://t.me/stohadis
Лераме бусалба нах, хlара вайн канал дlайовзийта нахана шайн каналаш чохь а, статусашкахь а. Дала диканца бекхам бойла шуна. https://t.me/dika_1amal
КХАНА 1АРАФАТ ДЕ ДУ уггаре дика до1а 1арафат дийнахь дина до1а ду. Пайх1амара صلى الله عليه وسلم, аьлла: «уггаре дика до1а 1арафат дийнахь дина до1а ду. ткъа уггаре диканиг аса а, сол хьалхарчу Пайх1амарша а аьлларг ду: لا إله إلا الله وحده لا شريك له ، له الملك وله الحمد وهو على كل شيء قدير Лá илáx1a иллаллóх1у вахьдах1ý лá шарика лах1, лах1ульмульку, валах1ульхьамду, ва х1ува 1ала кулли шайъин къодир ат- Тирмизий 3585.
без подписи
Вайн жайнеш духкуш йолу аг1о, дехьа довла бисмиЛлах1 ⬇️ https://t.me/kitabuAsad Кхин а чух1иттор ду жайнеш, ин шаа Аллах1
#Саlудия 🌙 Кханалера кlиран де, мархан де ду. lийдан де: 02.05.2022 шо.
https://t.me/marhanash
Лучшая Умма/Уггаре дика уммат/خير أمة https://t.me/Dika_Ummat
Лучшая Умма/Уггаре дика уммат/خير أمة: Ассаламу Iалайкум! Лераме вежарий, йижарий! ХIара тоба Къуръан Iамо луучунна йина ю, дуьххьара буьйлалучарна (элпашна тlера дуьйна). Хlокху тобан бакъонаш: 1️⃣ зударшна ца магадо кху чохь йистхила, амма хаттар делахь язъян мега). 2️⃣ вай дешарца доьзна доцу хаттарш ца далар. АллахIах тешна ду вай, хIара тоба беркате хирг хилар! ✅ Иштта канал екъна ю теманаш йийцаре ян (обсудить) шина тобане: ✅ зударийн ✅ божарийн
Хьайн Аллахlа деллачех цхьанна а диканна хастам бар доцуш, ишта хила деза моьттуш лелачу хьайга хало кхаьчна, хьайгахь хиллачу хьолан ахьа ойла яр, Аллахlа хьоьх бина къинхетам бац? Хьо кхин дlа а ишта тилар чохь лелийта йиш йолушшехь хьо кхето, Шега верзийта? И дерриг диканаш Ша делла хилар дагатосуш, Шена хастам байта а?! Хастам беш хила, хlай Аллахlан лай.
«lилма иблисехь а ду» «Кегийчу» наха олу: «Iилма иблисехь а ду», - и дешнаш далил лоцу цара, Iеламнахана гIийбат дан. Ткъа нийса дуй те иза? «Иблис мила ду, ткъа Iеламнах муьлш бу?», - хаттар хIунда ца до? АллахIа аьлла: «Баккъал а, шайтIа шуна мостагI ма ду, мостагI лацийша иза шайна. Цо шен тобане ма кхойкху жоьжахатийн охIланах хиларе». (ФатIир, аят: 6) МостагI шайтIа ду хьан, хIай жахIил! Iеламнах бац хьан мостагIий! АллахIа а, Элчано а ларам бина церан, хьо мила ву церан ларам ца бан?!
Ассаламу lалайкум ва рохьматуллохlи ва барокатухl! Хаам: Масийтта баттахь, дикка къахьегначул тlаьхьа, шуна дlайовзийта лаьа тхуна, вай замангара, Тафсирангахь а lарбийн меттехь а баккхийчу lелам нахах волу, Пайхмаран ﷺ маьждиг чохь дарсаш луш волу, лераме Шайх-lабдуллахl Аш-шанкъитlи (Аллахlа lалаш войла иза) цlарах схьайиллина йолу вайн агlо. Кху агlонна тlаьхь lарбийн маттера вайн матте маьlна доккхуш, гочдеш кьахьоьгуш берш, Шайхан уллера дешархой бу. Ткъа вай чу мел хlоттош ерг, Шайхан дlа а гойте, цуьнга шегга тlехула бlаьрг тохуьйте, и реза хиллачул тlаьхьа бен чу хlоттош яц. Вайн кху агlонна тlаьхь, Шайх lабдуллахl Аш-Шанкъитин фатаваш а, хьехамаш а хир ду вайн маттахь Дала мукъалахь. Вай доьху АллахIе, хIара болх вайна массарна а пайде бар, кху тlаьхь къахьега вайна тавфикъ далар. Дала lилмангахь сов дохийла вай! Хаза хетар ду, аш вайна агlо, шайна бевза-безачарна дlайса яхьийта, пайда алсам хилийтархьама. https://www.youtube.com/watch?v=HMgpT8BafSI
Ассаламу lалайкум вежарий, йижарий! Беркате Рамадан бутт тlекхача пlелгашца дагарадалла бен денош ца диссина вайна. Ткъа там болуш ду-кха хlора а бусулба стагана, ша кхобучу марханах дерг довзар, марха кхабар хьанна тlехь ду, йа марха дохош долу бахьнаш хlун ду, марха долчунна ца дича гlоле долу хlумнаш хlун ду, иштта кхин дlа а. Цундела, вай ваьш ницкъ ма кхоччу цунах дерг дуьйцуш хlокху чу цхьацца яздеш жайнара могlнаш дохкур ду. Ткъа шуьга дехар ду, вайн хlара канал яржорца, Аллахlа беркатечу Рамадан батте кхачадойла вай, цу чохь Ша реза Волу lамал яр а лойла вайна. https://t.me/dika_1amal
Дависа хьан дуьне, хьо дезарг, хьо лоьхург там хилла вехий те?
📌Ассаламу Iалайкум! Вайн канал яржош дакъа лаца, Дала Iалаш дариш! Шен каналш ерш бу, боьвзарш-безарш боцуш цхьа а вац)) https://t.me/deza_derg
Iаббасе(Элчан ﷺ Девешега) хаьттина:«Хьо ву воккха, йа Делан Элча (ﷺ)ву?» lаббаса жоп делла:«Делан Элча(ﷺ) воккха ву, делахь а, со цулла хьалха вина ву.» https://tlgg.ru/dika_1amal
لا يوجد شيء ألذ للمسلم من سلامة الصدر — Муъмин стагана, шен дог къинойх маьрша хиларелла а синтеме, цхьа а х1ума ма дац.
📢Ассаламу 1алайкум, сестры! 🌺 🗯️Как вы знаете, до наступления Священного месяца осталось совсем немного. И мы должны уже сейчас начать готовиться к нему. 📌Если у Вас есть желание и стремление научиться правильному чтению Корана, если Вы хотите провести ночи Рамадана за чтением этой прекрасной Книги, начните сейчас, чтобы потом не жалеть о пропущенном времени. 🧕🏻Я обучаю женщин и девочек (от 10 лет). ✏️Обучение может быть как 👤индивидуальным, так и групповым👥. 📲Уроки проходят три раза в неделю, в программе Zoom. ⏰Время проведения уроков обговаривается с ученицами. ⌛Длительность курса зависит от успеваемости и усвоения материала ученицей. 📌Урок может проходить как на русском, так и на чеченском, кому как подходит. 💰Стоимость в месяц: 35€ (3000₽) - индивидуально, 20€ (1500₽) - в группе. 📲Для подробной информации пишите сюда https://t.me/urokiqurana