ᴨᴀйдᴀ ᴏьцийᴧᴀ
СтатистикаАллахIан Элчано (соллаллохIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «ДIакхачаде соьгара, цхьа айат бен из дацахь а» [Бухари: 3461]
- Последний пост
- 24 авг. 2025 г.
- Последнее чтение
- 17:42
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 41
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- Категория
- Религия (по похожим)
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- —
- 1/48двое суток
- —
- 1/72трое суток
- —
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Хьуьжрехь Хьехархочо шен дукхаллийца болу мутlаlеламшан юккъехь хьуна тlе бlаьрг хlоьттина, хьо харжа хаьржина, хьо схьакъастийна, хьоьга цхьа гlуллакх де аьлла хьуна тlе диллича, хьоьл ирсе цхьа ца хеташ дlалела хьо) ткъа, муха хила деза те lеламстага иштта схьакъастийча?! Дуьнено къобал веш волу lеламстага, шен эзарнашкахь болчу мутlаlеламшан юккъехь шена герга вигина хилча, шен улле хlоттийна лелош хилча, шен гlуллакхаш, шен белхаш хьоьх тешна дуьтуш а хилча.. Аллахlа хьан-хьанне луш долуш хlуманаш дац уьш. И мел хаза хlума ду а кхетар вац мил-милла а.
видео или голосовое, без подписи
Ибнуль-Къоййимс (АллахӀа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Баккъалла а гуттар АллахӀ хьехор: Урамехь волуш, хӀусамехь волуш, цӀахула волуш, новкъахо волуш, хьаннашкахь волуш, лайно къемат дийнахь шен дуккха а тешаш кечбар ду; баккъалла хьун а, хӀусам а, лам а латта а, цáра тоьшалла дийра ма ду къемат дийнахь АллахӀ хьехош волчу лайна». 📗 Аль-вáбиль ас-соййиб: 81.
видео или голосовое, без подписи
Хаттар: Ассаламу алейкум Са ваш, селхан ламаз таьхь чох мало йинер ас, такх и дагахь долш да йижнер, кхана даггар покаяться дира ду-кх аьл. Юх жино лецар со, сама яьл аят аьл курси диша ас. Юха леца, таккхаъ сама яьл уже сай телефон тир четко аят аьл курси диша ас. Юх леца, такх сун уллехь меттах юьлш цхьаъ хил, змея са кийр бах бол те аьл даг теса сун, цхьа сой леш сан ощущени хила. Такх Аллах1и диха ас, хинц один раз д1а хецита ас ламаз дин покаяться дир дар аьл. Ламаз динчул таьхь, цхьаоз леца.. са коч чох даьхкана хилла уьш)) Итого 1уьйран са коьртах юлш йол резинк карош яц, бехк ма бил ишт подробно дийцарн. Жинш цхьан хуман д1а г1ойл дуй и? Хаттар скрыть ди.. Аллах1 реза хийл хьун. АНОНИМНО Жоп: ВаIалайкумуссаламу варахьматуллахIи ва баракатухI! Хаттар сан дара хьоьга, хьайчулла хьалха, жин бехке хеташ делла хир ма дац ахь х1ара?! Я ламаз ца деш д1айижин йолу жин муха дехьна суна улле дан бохург дуй хьан?! Цуьнахам цец ваьлла со бакъ долуш, иштта хьо д1айижна йоллушехь хьуна улле дан дехьнарг баккъалла а майра жина хила деза! Ткъа х1инца ахь гат дан деза са, хьай яйна резина яц, я цуьнах цхьаммо цхьаъ лела дина бале дер дуй те бохург а дац ахь сагат дан дезарг, мелхо а, ахь сагатдан дезарг - айхьа латиначу къанах хьой Аллах1ан хьалха к1елхьара муха ер ю те, Цуьнан хьалха хоьттича Цо хаттахь иштта д1амуха йижира хьо ламаз ца деш аьлла, хьай лаъмац ламаз дитина д1амуха йижа елар хьо аьлла Цо хаттахь, ху юьхь хир ю сан цигахь, я Аллах1ан 1азапах к1елхьара муха ер ю техь бохург ду ахь х1инца сагатдан дезарг! Оцу резинах цхьамо цхьаъ лела дина бог1уш болу бала боккха бац, цуьнан согатта ма хила, жоьжахат 1азапна гатта де сан, цуьнах к1елхьара ер юй техь, оцу балан ху дер техь али!
видео или голосовое, без подписи
видео или голосовое, без подписи
Пайхамаран (соллаллохlу lалайхlи васаллам) заманахь асхьабаш цуьнгар lилма схьа муха оьцуш хилла? Уьш цунна хьалха охьа муха ховшуш хилла? Коьртахь олхазар долуш санна lаш хилла уьш Пайхамаран (соллаллохlу lалайхlи васаллам) хьалха, lилман мажлисехь.. Ойла яйша, дlас ца хьоьжуш нисса охьа хиина, коьрта тlехь олхазар долуш санна и дlа дахийта йиш йоцуш меттах ца волуш lийча муха хира дара? Ма lалур дацар дацари вай? Тахан вай lилма схьаэца дахча хьуьжре хуьлийла и, я маьждиг чохь хуьлийла, университет хуьлийла башхалла яц, муьлхха lилма схьаоьцу меттехь ах наб еш, партан тlе охьа дуьший, я телпо кегош, я уллехь волчуьнга хабарш дуьйцуш lаш хуьлу.. И дерриге хlун ду хаьий шуна? lилманца лерам ца хилар ду.. Тахан иштта аьлча, вайх муьлхха а реза-м хира вац! Сан-м бу lилманца лерам, аьлла реза воцуш а хира ву, амма хьан леларца гуш ду хьан мел лерам бу оцу lилманца..
видео или голосовое, без подписи
Нахана хьо везаш велахь, хьуна хаалахь, Аллахlа царна хьан дика агlо гуча а йаькххина, боьха агlо къайла йаьккхини. lеха ма лолахь, Аллахlана хастам бе..!
Ты стоишь перед Господом
видео или голосовое, без подписи
видео или голосовое, без подписи
Вайн Ваш ӏадлани мах хуъаш балар халкъан, хьахетарехь - цхьа хан зам елча бай Къоман цу стег мах хуар а бац, хӏум дӏа даьлча бе ца бо цун хом. Къегаш седа сан къоман тарихе йукъ гӏур волуш ву аьл дог тешнам ву со вайн Ваш! Мил ву вайн къом йукъахь цу кепар шех лаьцна тешалш долуш? ӏелам нах цхьан хьастош? Цу ӏеламнехан йуххер вол мутӏелам аьл билгал веккхан волуш, цул сов шаьш жайн йаздича из арахецале Ӏадланниг мух ду из хьажита луш... Мас ву вайн къам йукъахь иштта верг? Кхеташ деларакх сан къам… Дала сов воккхила из шен ӏилмангахь. Къоман, Умматан а пайде войла, Дал ирсе дахар а лойла цунна, цун дукх мел везаш чунна - дуьненахь а эгӏартахь а! вайн Дал цуьнгар пайд эца хьекъал лойла, цун хом ба хьикмат лойла…
видео или голосовое, без подписи
🕌 Рузбан хьехам - 15.08.2025 🔉 Вежрал делла дац! https://t.me/tolamanneq
видео или голосовое, без подписи
t.me/Ramzan_Gendargno
видео или голосовое, без подписи
«Малайкех лаьцна» 1:00 - Малайкаш дерриш цхьа босса дац, дозалле диллича. Уггаре деза долу малайк Джабраил ду. 3:00 - Джабраил малайки 600 тlам бу. Иштта малайкех ду шишша тlам берш а, кхоккха, биъ-биъ тlам берш а. 4:30 - Массо малайки цlераш вайн йийцина яц. Бух болуш вайн йийцина малайкин цlераш 8 ю: 1. Джабраил 2. Микаил 3. Исрофил 4. Хlарут 5. Марут 6. Мункар 7. Накир 8. Малик 5:20 - Ялсаманна тlехlоттийна малайк цlе Ридван ю бохаг бух болуш дац. Саоьцу малайк ду, цуьнан цlе lазраил ю бохаг бух болуш дац. Саоьцу малайк аьлла и цуьнан куц ду, цlе яц. 6:30 - Малайкашна тlебехкина баккхий белхаш бу. И белхаш кхочуш бан Аллахlа царна ницкъ а белла. Масала, Джабраил малайкан тlебиллина болх - Пайхамарашна тlедоуьйтуш долу малайк ду иза, Делера хаам дlакхачош. Дерриге Къуръан Аллахlа Джабраил малайке дlадуьйцуш, Джабраил малайко вайн Пайхамарна тlедогlий схьадуьйцуш, юха Пайхамара (соллаллохlу lалайхlи васаллам) шен асхьабашка дуьйцуш, иштта доьссина ду Къуръан дерриге. https://t.me/wayheham