Синан некъ
Статистика«Хьуна "проблема" дийца йац, хьуна "проблема" ладогIа йу» Iадлан Харачо حفظه الله
- Последний пост
- 14 авг.
- Последнее чтение
- 15 авг.
- Постов за неделю
- 7
- Всего постов
- 21
- Тип
- открытый
- Язык
- az
- В каталоге с
- 14 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 14
- 1/48двое суток
- 16
- 1/72трое суток
- 17
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Да эла воцучу доьзалехь кlантах къонах кхуьур вац.
Нагахь хьуна хӀара дин дӀакхачо лаахь, урамашкахь дукха бу-кха керстанаш — цаьрга дӏакхачаде ! Я хьайн къоман юкъахь даӏват даржаде! ХӀунда йо ахь цунна реклама, цу атеистана? ХӀунда аьтто бо ахь нахана и вовзийта? Стенах лаьцна къийсало хьо цуьнца, хьан цӀена дин хилча, цо хьан дин а, хьан Элча а, хьан АллахӀ а сийсазвеш хилча? Стенах лаьцна къийсавалар ду цуьнца? И дине вогӏур моьтту хьуна, я хӀун ду?
Хlорд тlе баха а, букъ сатталца бетонаш кего болх бан а, мегаш ду зудчунна Амма "маьждиг", "хьужар", Къуръан аьлча цу божреха борша нах хуьлу, эццахь дагадогlу-кх борша нах хилабезаш ма бара шаьш оле. Iадлан Харачо Дарс
без подписи
Малх-бутт лаьцча деш долу ламаз Ткъа ламаз - малх, я бутт лаьцна гинчу меттехь бен деш дац. Youtube чуьра ссылка
Сура: Аль-Хьадид
Цхьа хlума схьа а лаьцна, цу тlера ца волуш, дукха и болх лелийначунна Дала цу тlехь валар а ло! И хlума деш а волуш валар нисдо Дала цуьнан, Ибн Касира ма-дийццара, Аллахlан суннат ду-кх, даима а ша лелош хиллачу хlуманна тlехь адам далийтар, цул тlаьхьа и хlума деш гlаттор а. Цундела вайна го дукха ламазна тlера хиллачуьнан я ламазехь, я ламазе воьдуш, я ламазна кечам беш, я ламазера схьавогlуш, я ламаз дина ма-ваьлла, иштта кху кепара хьолашкахь валар нислуш!
АллахIан элчано (саллаЛлахIу IалайхIи васаллам) аьлла: «Жоьжахатин охIлу сел чIогIа боьлхур ма бу, церан бIаьрхула ихан долу хиш чу хIордкеманаш дIахецча, уьш дIагIура долуш. Ткъа (бIаьрхин меттана) цара Iенор дерг-м цIий ма ду». [Ас-сахьихьа, 1679]. Я АллахI! Хьалха йита Ахьа тхан а, тхан дайн а вортанаш жоьжахатин цIарах.
https://t.me/islamannurfaruk
https://t.me/faruk_berash_khior
السلام عليكم ورحمة الله وبركاتة Дехар дара шайна хуачо Фарукъан дарсаш мелдолу хьостанаш дахкийтар.
Сан кIант, хьо ма вохалахь, хьо ма эшавайталахь шайтIане, хьо ма Iехавайталахь дуьненан рицкъане, соьма чу са диллий, кура ма валалахь. Сонта ма валалахь! Стигал лекха ю, алий, кура ма валалахь, хьуо цу стиглах бохь хьекхалуш велахь а. Диц ма делахь, сан кIант, стигал лекха хиларх, упха лоха ду хьуна. Дуьне доккха дара, алий, кура ма валалахь. Дуьне доккха хиларх, лахьта готта ду хьуна. Айхьа гулдинчу рицкъанах сагIа делахь, ахь тахана дIаделларг бен дац хьуна хьан а, сан а. Кхана вай, хIара харц-дуьне а дитина, дIадоьлхуш, вай ваьшца дIа хIумма а ца хьо хьуна, цхьа кисин марчо доцург."
без подписи
Мах бац, ахь арахь лардеш долчуьнан, хьайн чохь хьо и лардеш вацахь! ХӀунда аьлча, хьайна кхин а чӀогӀа важиб дерг кӀелдитина Ӏаш ву хьо. [«Маьждигера дарс»] lумара رضى الله عنه аьлла: «Суна хаза хета стаг шен доьзалца бера санна волуш. Ткъа оьшучу хенахь — къонахчун амал гучу а йоккхуш». «аль Факаха уаль мизах» 37.
без подписи
🖋Хьоьга мел кхочуш йолу халонаш хьан дахар даздан кхочуш яц, цхьаерш (хьан дахаран) некъ цӏанбеш йогӏуш ю... ᴀᴅ–ᴅᴜᴀʟɪʏᴀ
Кхушарахь шортта хьуьн бӀараш летийна)
Цхьа лаам бу даг чохь - деккъа цхьа доIа: - Сан Дела, ма велахь накъостел кхоа, Иэгначу, оьгучу кIенташна хьалха ЮьхьIаьржа хир воцуш, нисделахь кхалхар. (Зелимхан Я.)
Юсуп Темерханов / 03.08.2018 ш Youtube чуьра ссылка
-Юсуфан сурт даржа де, мостагI оьгIаза вахита. -Тахана хьан статус хьа герз ду. Дала декъала войла Юсуф☝️