tgindex
Хьехархочун мотт

Хьехархочун мотт

Статистика
@so_madinaрусский

@madina_medrese

Последний пост
4 сент. 2025 г.
Последнее чтение
13 авг.
Постов за неделю
0
Всего постов
21
Тип
открытый
Язык
русский
В каталоге с
13 авг.
Подписчики
186
0 за 4 дн.
Сутки
0
0,00%
Неделя
 
Месяц
 
Просмотров на пост
283
21 постов
Вовлечённость
152,2%
к подписчикам
Постов в день
0,0
всего 21
Упоминаний
1
каналов
Охват размещения
оценка
1/24сутки в ленте
1/48двое суток
1/72трое суток

Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.

Посты

  • 4 сент. 2025 г.3623из so_icharkho

    суна дукхаеза хlара меттиг, кху чу йолуш сайна дукхаезарг дагаеънера суна тховса… ас боху: «Мадина стамбуле еъча, ас и кху чу ялор ю»..)

  • хиламийн а, хlуманийн а тидам хьалххе боккху, йозане мацца а даккхахь.

  • Бешахь зезагаш ду аьлча, юха церан сурт гича, тlаккха бен ойла ца йира цул хьалха сиренаш хаза хетий йа кхана гlалахь хир йуй ахь хlунда хаьттира, там бара уьш суна даьхна хила, сайн ойланехь, хlокху йозанехь даимна тешар йу цунах, Дала дог оьцийла уьш делча санна, lалам хийцалуш а ца хийцайала исбаьхьа ойланаш йу хьох лаьцна.

  • Вайн мотт хаар, мотт бийцар деллачу Дала, кlеззиг хlума ца делла вайна. Мотт lема хан а йоцуш, хьалххе хабарш дийца йоьлча, нана цецйаьлла хилла сох. Тӏаккха денанас аьлла, хlинца хlокхуьнан дена хууш болу мотт, хlара санна жима волуш дуьйна хууш бара цунна.

  • 31 авг. 2025 г.2333из t1ahe

    Ассаламу lалайкум варахьматуллахlи ва баракатухl. АллахIан пурбанца, неlарш схьайосту оха шуна, нагахь санна Цунна лиънехь, шортта а диканаш а, пайданаш а дохьун долчу гlуллакхе. Шен цlе «Тlаьхье» йолчу! Хьанна ю «Тlаьхье»? Къаьсттина нохчашна! Дайшна-наношна, дедайшна-денаношна, ненадайшна-ненананошна, девежаршна-дейижаршна, ненавежаршна-ненайижаршна! Хьехархошна, пхьерашна, лоьрашна, кхачанхошна - шуна! Нохчийн къоман тlаьхье - шайн доьзал дика кхиорна, нийса кхиорна саготта мел волчунна! Хьо царах велахь - кху чохь саца! 💗💗💗💗💗💗💗💗💗 С позволения Аллаха, мы открываем для вас двери к тому, что принесёт много благ и пользы, если Он того пожелает! Проект получил название «Тlаьхье» (Поколение)! Для кого создан данный проект? Исключительно для чеченцев! Для отцов и матерей, дедушек и бабушек, дядь и тётей! Для врачей, мастеров, поваров и так далее — для вас! Для каждого, кто беспокоится о том, как достойно вырастить новое поколение чеченцев — своих детей! Если ты один из них — оставайся с нами! https://t.me/t1ahe

  • без подписи

  • без подписи

  • Хьомечу хьуна Элп дилла шекъа санна, дош ала мотт санна, къамелехь масал санна, ладугlуш тийналла санна, хьо а, дукхайезарца, оьшуш йеана сан деган дахаре. Хьоьца са декъало, алссам чам кхета вайн динехь а нохчийн зудчух доьзначу диканех, нанас йина йиша цагарна, хьоьга болчу къинхетамах, латта дегош хилахь, йахар генахь ду олий къахетарх, дукха хенахь дуьйна хьошалгlахь ларйарна дуьлу самукъанех, уьш мерза чемаш хиллера хьо бахьанехь хаалуш. Иштта цхьа хьоме адам долчу хьуна доьху, ламазца, доlанехь алсама чам хилийтар, Дала хуьлийтила сов марзо, хуьлийтила тlаьхье а беркате адамаш, хьомечу хьуна мел дезнарг гойла

  • 23 авг. 2025 г.1745из so_icharkho

    без подписи

  • Хlара йоза дешна самукъадели сан, и дика стаг могуш-маьрша lаш хиларна, хьуьжарехь хlинца а шена безачу балхахь йуй-те олий, дагайогlура и, гlуллакхца а, сица а цlена йолу стаг, дехар дича а, мачаш нисйина а, шена гlо ца дойтуш, амма ша кхечун гlуллакхе хьожуш йара, болх бу аьлла а доцуш, даггара. Со цомгуш хилча, ша хьуьжарна лулахь мичахь lаш йу гайтира цо, ша йолчу деккъа молха, хи эшахь йола бохург а доцуш, нанас санна дарбане къамел дира цо, къайлах церан "Предложения и жалобы" олу книжки тlехь цунна баркалле дешнаш йаздина дlайахана дагадогIу, ткъа тахана гучохь ала, деха лаьа, Дала кеста догъоьцийла хьан, хlара хаза кхаъ хилла.

  • без подписи

  • Кхин йáха ца lеми суна Дерриг а хlума дика хилча-м хlокхунах «дуьне» эр дарий? Йа дуьненахь дог доьлхуш хир дарий-те? Цхьанне нана лазор йарий? Йишехь вуон хьал гур дарий? Ша дерриг а дика хилча, вониг хезар, гур дарий? Йа дохлуш, йуха шеллуш лелар дарий-те? Дерриг а дика хилча сох а цхьа адам хир дарий-те, дерриг а дика хилча, диканна мах хуур барий? Ша дерриг дика хилча массо шен махкахь ваьхна лийр вара! Массо хlума дика дерг ваха луург воцуш, ваха хуург хиллера.

  • Дешархой, шуьца мел доьзнарг гайта дог хилар ду цхьаъ! Дешархой, шуьца мел тайнарг дийца мотт хилар ду шиъ!   Хьехархочун и ший а дика дина волчу Дала, ма эшабойла шу санна дешархой!

  • 18 авг. 2025 г.19851из berevuso

    без подписи

  • ХЬОЬЦА МЕЛ ДОЬЗНАРГ Вайн "Свет Ислама" хьуьжарехь девзина жима экаме са ду хьо, Мата, цхьа серло, цхьа доттагlа, цхьа хила ма-йеззара йиша хиллера хьо . Хьо йу беркате хьехархо, хьан а бу беркате дешархой, хьо йу тхан ларах йогIуш, цахуург хоттуш, керланиг девзаш, тlаьххьара сом делла хьуьжарна цхьаъ оьцуш, муьлхха а хьолехь гlаьттина балха гlур йолуш, хьекъале хьаьжча, хенал йоккха хеташ, лела хууш, йезийта хууш, жимачуьнга а, воккхачуьнга а бийца мотт болуш хьехархо. Вайн дешар чекхдаьллехь а, lамийнарг дуьсу, делахь а, хьуьжарна са-м хьийза, ткъа хьан къаьсттина хьийзаш хаало, иштта хила а хуьлу хьуьжарца дог хоттаделча!  Кхин цхьа хlума хаийла хьуна, хlара санна хазачу меттехь хьоьга ала дитинарг:  Хьо гича вайн хьуьжар дагайогIу, и хьуьжар гахь, хьо дагайогIу, иштта бен хуьлийла а дацара хьоьца мел доьзнарг. https://t.me/satiysamca

  • Беркате хьехархо Хадийа Сан бусалба йиша а, къоман йиша а - шозза йиша йу хьо, сан хьомсара доттагlа! Вай дуьххьара вовше довзар хаза хиллехь а, бакъдолуш, цул а дика дарий-те аьлла ду цул тlаьхьа суна хьоьца мел девзинарг, хьоьгара масал хилла хlуманаш а. Дала диканца латтайойла вайн "Свет Ислама" хьуьжар, цигахь хилла вайн хьехархой а, цу хьуьжарехь вайн кхолладелла гергарлонаш а. Дала аьтто бойла хьан керла хин долу белхаш тlехь, ткъа уггаре хаза болх ахь тохарехь кхочушбинера хьайн чуьра берийн синош lамош. Беркате адамаш- хьехархой бу, церан магlарехь йу хьо, уллера адамаш доттагlий бу, церан магlарехь йу хьо, хьоме синош уьш дукхабезарш бу, цаьрца цхьаьна йезаш, лоруш йу хьо, кхузахь аланза дисина дешнел  пайде дерг доlа ду, сан доlанехь хир йу хьо!

  • Стенгахь ду сийсара гина гlан? Цхьана а кепара зен-зулам доцуш, адам адамах тера а долуш. Тlом, къизалла, мацалла йоцуш, адамаш адамех тера долуш. Самах цунах цхьа дакъа дисийта, иштта хlара йозанехь дисийта, дагчуьра аьзнийн элпаш вовшахтуьйсу.

  • Тасаввуфехь хьалхара дарс - дог цадóхор ду,  тlаьххьара дарс - дог цадóхар ду.

  • Ассаламу lалайкум варахьматуллахӏи ва баракатухӏ. Цхьацца бахьанашна кху чуьра болх сацийна йолу хан, суна моьттинчул а сов йахйелла хилла. Делахь а, хlинца керла хlуманаш, алсам болх, хьехархошца ша-кепара беркате некъ гур болуш, Дала диканиг хилийти вайна.

  • Шен мотт буьйцуш, безаш волчун цlа ду хlара Нохчийчоь. Иштта хlусамехь, йоккхачу паргlатонехь, вехийла массо а нохчо!