Дага догӀу суна!
СтатистикаХилларг-лялларг. И также другие уроки t.me/Yahya_Hattar_jop2 - Хаттар | Жоп t.me/Yahyadarsash - ШарI лелар t.me/sharhmutun - АллахI цхьаъвар t.me/alsharhvalibana - Нийса кхетам
- Последний пост
- 30 июл.
- Последнее чтение
- 07:40
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 20
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 297
- 1/48двое суток
- 340
- 1/72трое суток
- 367
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Дага догӏу суна: 29. Дакъа.
Дага догӀу суна: 28. Дакъа.
Дага догӏу суна: 27. Дакъа.
Дага догӀу суна: И шадолу хӀума дӏа дерзалца ӏусман вара кхолуш лаьттина цу орамах таса а велла, меттах ша моцуз волу кхетам чура а волуш. Ӏусман орам хада а беш схьа,хьала ваьккхира, иза а важа белшаха кхаьтта лазийнарг а эцна тӏамхой дӏа бахара. Юха,уьш шаберигге а цхьацца хенашкахь дӏа кхелхира. Аллах1а декъала бойла уьш.
Дага догӏу суна: Вай дуьйцу,вай тӏамхоша хьегна къах лаьцна,царна цу тӏехь хилла йолу хало, бӏайншкахь чакхармшкахь бина некъ, лайна шелонах а,мацаллах а лаьцна. ТӀамехь уггаре йоккха хуьлуш йолу хало - иза,хьан уллера доттагӏ,ваша лазийча,хьан цунна дан гӏо а доцуш,дан дарба а доцуш,жим-жима леш,хьан ваша ,хьан карахь кхалхара дара. Юха,цулла хала хилара,и хьайна везаш волу и хьай ваша дӏа волла хьоьгахь ницкъ ца хилар,шелонна каш даккха ца далар. Дага догӏу суна: Хала хилара, хьоьгара гӏо оьшуш хьан ваша хилча, амма хьан аьтто ца хилахь цунна гӏо дан, иза хьайна генахь хиларца тӏе ца кхачалуш,я хьо гӏад дайна хиларца. Хала хилара,хьо меца шила волуш, иштта хьо санна хьан ваша а иштта волуш,иза кхин чӏогӏа хала хилара. Амма хаза хилара,хьай кара цхьа хӀума диъча, ахьа иза цаьрца доькъуш. Вовзара хьуна хьой цигехь, мел ваша ву хьо,хьай вешина. Хаза хилара цхьа цӏазам боькъуш итта вашас. Хаза хилара, цхьа хӀума йоькъуш я шовзткъа кхойтта стага. И тайпа хӀума бахьнехь чӏагӏлора вежралла а,барт а. Дага догӏу суна: Хьай вешин цхьаъ лозучу хенахь,хьай иза лозуш санна хилара хьо. Хьайга,цунна далундерг шадеригге дора ахьа, хьайна мял хала хиларха чот ца еш. Нана Шен беранна санна хьожара хьо цараха. Дага догӏу суна: Иштта цхьаьна дийнахь аьхка дара иза, хьала даьлла гӏа дара хьаннашкахь,декаш шай эшарш лоькхуш хаза бес-бесара кепа-пара хьозий дара. Иштта хьалха ваьлла воьдуш Турпал вара, цунна тӏехьа хӏиттина кхин тӏамхой а болуш, царна юкъахь вара Мухьаммад ( Нурдин ) а, уьш бара омар кхочушдеш Рамзанан. Тӏамхой тӏе ӏитта белира муьжгашна. Уьш бара хьаннашкахь таллам беш. Уьш,шаьш даиманна тап аьлла богӏура, тӏехьа-хьалха а хӏоьтти, амма герза тоха долича мохь болара церан. Иштта Турпала, шена уьш гарца а,ша шен маса топ а йуьйлина вогӏучу дӏа тӏе яссийра шен карахь ерг. Цо,царах хьалхаверг шиъ вийра. Амма цара а схьа туьйхира герза, маьттаза къамелаш а деш. Цхьана тӏамхочунна белшаха кхитира, иза дӏа такхийра Мухьаммада ӏин чу. Юха хьала ведда кхин дӏа цаьрца тӏом бира цо. Тӏамхой вархӏ вара. Цхьаъ, шен цӀе ӏусман йолуш, шершина ӏин чу воьжира, иза цу чу воьдучу хенахь, диттан орамах таса а велла, ха каггийра цо. Дага догӏу суна: Мостагӏ дукха волуш тӏамхойн буха бовла бийзира, т1къа ӏусман цӏачунна висира кхолуш цу диттан орамах таса а велла. Дага догӏу суна: Амма йиш яцара,я бакъо а яцара иза Ӏад витина дӏа даха кхолуш волуш. Цундела Мухьаммада ойла йира ӏусман кӀелхира муха ваккха веза аьлла. Цо сихха ойла йина вежаршка элира, буха виснарг Мухьаммад а тӏехь пхиъ бенна вацара. Цхьаъ лазийна вара, белшах кхетта, ткъа ӏусман кхолуш вара, кхетамчуьра волуш,кхетамчу вогӏуш шен хьелаш хийцалуш. Дага догӏу суна: Мухьаммада элира:" Со а соьца кхин цхьаъ а гу тӏохла схьа вогӏар ву, ткъа шиъ гуна аьттонан агӏора вогӀар ву,ткъа цхьаъ иза исшархо вара,аьрро агӏора шен меттиг а кеч бина дуьхьало йира ю. Дага догӏу суна: Массаран цу тӏехь барт хилира, Мухьаммада ма аллара хӏорама цуьнан омар кхочуш дира. Дага догӏу суна: Ӏусман кхолучу меттехь нис тӏохла дӏа хӏиттира,шай дера а болуш муьжгий. Кхин генахь а бацара уьш, шайга турмалчухуьла хьежа. Гуш бара тӏамхошна уьш. Дага догӏу суна: Мухьаммада хьалха дӏа вола велира,шена тӏехьа хӏоьттина кхин цхьаъ волуш,ша герга кхачалци Мухьаммада шега ма хьакхало мохь а хьокхуш элира:" Аллах1у Акбар! Тӏе ягӏийта,ма кхоа йееее!". Цунна тӏехьа волчо а,иштта аьтто агӏора волчу шимма а тӏе ягӏийтира. Ткъа къаьстина дика болх бира исшархочо. Ша мичара етта а ца хоуьйтуш, цо дукхахберш охьа бехкира цхьаццанна тухуш. Мухьаммада юха иза хьаста а вира :" Хьайниг юкха дика топп ". олуш. Дага догӏу суна: Шайна кхаа меттера тӏе дятта герза ла ца делла муьжгий юха охьа биссира цу гу чура. Шай байанаш ӏад битира цара. Цара ӏад битина болу кхо бугӏул а,иштта кхин йолу хӀума а йисира царна хӏонсанна. Ткъа ӏусман кӏелхара ваьккхира кхолуш волчуьра.
Дага догӏу суна. 26. Дакъа.
Дага догӀу суна: Кемаша шолгӀа а чу тоьхира. Амма шолгӀа чу тухучу хенахь лазийра шиъ. Зелимхан Ӏийса а. Зелимхан лазийра коьртаха. Кема чу тоьхначух схьа яьллачу герг коьртаха кхаьтта. Цо хьаж тӀе кхаьтта и коьртан неӀ схьа диллина тӀехьа ластийра. Ткъа шолгӀа Ӏийсана белшаха кхаьтта белш схьа йиллира. Дага догӀу суна: Цу шинна мехи тоьхира уггаре хьалха. Со тӀе ведира корта лазийначунна. ХьаьнтӀахь долчу жимачу черм чура хи тӀе а доьттина цуьнан чкъорана , чкъор юха ша хиллачу метте тӀе озийна аса. Цхьама охьа оьху цӀей дӀа дохура. И ваша вара цӀийха воьзна шен лакхе лашка ялла цӀийха. Дага догӀу суна: Зелима, доьналлехь собар дора. Ша лазошехь Ӏад Ӏара иза. Мехо кхин башха гӀо а ма ца дой юьхьанца бенна. Чкъор юха тӀе латара, амма дӀа тега дезаш дара. И чкъор хьала ца дагӀийта кхаачу меттехь маха баьккхира. Дага догӀу суна: Ткъа Ӏийса, иштта лазийна цӀийха воьзна вара. Цуьнан чов чӀогӀа тӀе таӀош дӀа йихкира, цӀий охьа ца эхьийтара хьама. Юха и шиъе лаха охьа валира. Цигехь Зелиман коьртан неӀ дӀа тигира. Иза товелира хенаца. Ткъа Ӏийса доьххьара хьалхара дарба а дина, юха Гоьржий махка дӀа хьаьжира. Дага догӀу суна: Зелиман бисина му бара, ша бесан цӀей болуш, дика тӀе хьажча вела къежина санна хеташ. Суна иза тарлора Абуха, Цагараев Мухьаммадан ( Нурдин) жимах волчу вешех. Иза а вара, шена говра шен коган ла тоьхна нис цу хьаж тӀе, хьо шега хьажча вела къейжаш санна хеташ. Цу тӀохуьла иза вежарша хьийза а вора:" Абу, схьа хьажа, вела ло " бохуш. Дага догӀу суна: И Абу Шуьтахь дӀа кхелхира, Мухьаммадан ваша. Ткъа Зелим, Шуьтара ара довлуш, схьа йогӀучу гӀагӀ диллиначу вордана тоьхначулла тӀехьа, иза цо ягича, цунна тӀехь йогӀучо схьа тоьхна, шеха лаца хӀума ца дуьтуш дӀа кхелхира. АллахӀа декъал бойла уьш.
Дага догӀу суна: Некъ бара Шуьтара Итумкхали хьала-охьа богӀуш, лелаш. Лаьмнаш ду цигахь лекха. Хьо шайна тӀе хьала боьххье ваьлча мархашна тӀе а кхочуш. Хьо цу некъара чу хьаьжча гора хьала доьйлу довха хиш. Ша лаьмнаш цигахь чӀогӀа хаза Ӏалам ду. ТӀулг лат тӀулг лат, юха цу юккъе хуьлу хьала дийлина дитташ а долуш. Дага догӀу суна: Иштта хьала боьдучу цу некъан аьтто агӀора ломан яра чу яккхина хьех. Цу чохь бара Ӏаш нах, доьзал. Цара хьокхамаш дора дохка. ТӀамхоша эцара цаьргара уьш. Мерза а хилара цера уьш, цхьа томми а долуш гондхьа, дутӀкъа а долуш юккъахь. ЦӀечу бесяхь хилара уьш,схьа хетарехь тӀохьал хӀоа хьокхуш хиллехь а. Амма цара шаьш уьш до бахара еччур тӀехь,я морзана тӀехь. Царна бе дацара, арахь догӀа я ло, я дарз догӀуш хилча а. Схьа хетарехь царна цу хьех чохь хен хоттам муьлхачу хенахь цхьатерра болчу тера дара. Дага догӀу суна: Иштта цхьана дийнахь тӀамхой бара хьала боьлхуш Шуьтара Итумкхали. Хьалха даиманна хӀораза санна цаьргара цу дийнахь а эйцира иштта хьокхам. ТӀамхой бара йиъ ворданехь. Хьокхмаш эйцира тӀехь йогӀучу ворданехь болчара. ХӀорана дага яра я шен нана, я шен де нана, я шен ненан нана. Дага догӀу суна: Цхьама олура масала:" Сан нена санна ма мерза бу хӀара хьокхам". Кхечо алара:" Ма мерза бу хӀара хьокхам сан ненан нена санна ". Кхечо олура:" Ма мерза бу хӀара хьокхам сан де ненан санна ". ХӀорама, доц аьлча шена хьокхам бинарг а белларг а мила ю хьаьжина хиларха терра олара. Иштта цу кепара шай цӀахь битина наной дага эхара тӀамхошна. Са гатта лора церан шай наношна. Дага догӀу суна: Хилаза тӀамхо дӀа волалора йица шен нана, я шен ненан нана, я де нана, шен бен кхечера ца хилча санна. Ткъа ахьа ладогӀара, цунна томанна, хьайна и кӀордича а, цунна хаар а ца луш, иза юкъар а ца воккхуш. Юха иза кӀадвелча, цо садоӀучу хенахь, хьай цӀахь хилла долу хьокхамаш ахьа а дийцара. Хийла нанас олуш хилларг дага а догӀуш:" Волол кӀант! ЧӀаьш дохьуш, схьа воьл. Я волал кӀант! ЧӀаьш лахьдял, бод хьакхо йоллу со". Амма хьо хилара и дан ца лууш. Делахь, хьайна ца луушдерг дора ахьа, хьайна лууш санна. Иза дацара, хьо цхьа дика кӀант хилар а, иза дара, цӀаделахь бохург ца дича гӀаж ялитора, ша галичу йоьллина йолчу хьаьчкъаха санна, шолгӀа делахь хьуна бовха хьокхам а безара. Цундела цаьршинах цхьа ца хилийтар хьама, важа хилийтара хьама ахьа чӀаьш дара хьай нанна. Дага догӀу суна: Хийлаза нанас хьокхам бечу хенахь, черми чура муьст берам кӀалд а оьци нанна улле хиана Ӏаш хилар, цуьнан и хьокхам схьа бала. Тоха са ца хилара, цо иза хорцуш а. " Мегар бу хьуна схьа ло" Бохуш хилара нанна уллехь, нана хьийзош, шен паргӀат хьокхам ца бойтуш. Амма нанна а кхин новкъа хуьлар аьлла а ца хета суна. Дага догӀу суна: Иштта и хьокхамаш а эцна тхо дӀа доьлхуш долчу хенахь лакха хьала, наной дага а баьхкина соьга элира Мусас тӀехьа а хьажна, сан цӀе а йоккхуш:" Дийцахь хьан жималлехь лаьцна ". вела а велла. Суна дага диара цхьа хӀума. Аса и дийцира. Сан бархӀ шо дара. Со сарлац хьун чохь лоьвзина цӀа веанера. ЧӀогӀа меца волуш. Нана пешан хьалха яра хьокхамаш доттуш. Дуьххьарлера хьокхам бара Цуьнан кхе диллинарг. Со дӀа вола велира нана хьиза ян. " Ца болу и хьокхам? Маца бера бу и хьокхам? " . бохуш. Ткъа нанас и болучу хенахь шен дагахь со хьосташ элира, сан цӀе а яккхина :" Со кхобар юй ахьа ? ". Аса элира жоп луш, сай меца волуш:" Аса муха кхоба хьо, вайгахь даа бебк ца хилча?! ". Сан нана ела елира, юха цо элира:" Вай сан бепк хилчам, со хӀунда ца кхобура яра ахьа?! ". Аса и дичича шаверг велира велира. Дага догӀу суна: Со и сайха лаьцна дийцина ваьлча цхьа ши минот ялча, кеманаш даьхкира. Некъ ша буткъа бара, вордана тӀера охьа воссара бенна кхин дан хӀума доцуш. Вада меттиг боцуш. Иштта цу шина кемо бе-башхо йоцуш дӀа чу йиттира, ломан лаха а лакха а. Ша волуш тӀамхо охьа иккхира дукха сихха маса, ломан тӀулгашна тӀехьа къайла а бовлуш.
Дага догӏу суна. 25. Дакъа.
Дага догӀу суна: Хьамзат дӀа кхелхира, хьегӀ йолча дӀа кхачале. И кхоъе дӀа воьллира буьйсана цу юртан кешнашкахь. Муьжгий цигара дӀа бахара. Суфян схьа виара. Дийцича тешар а воцуш, кхаа дийнахь, хи милара бенна, кхин йиана хӀума а йоцуш том бира вежарша. БӀагор а оьхуш, оха а эгаш, амма къар ца луш. АллахӀа декъал бойла уьш. Яхья.
Дага догӀу суна: ТӀамхой схьа баьхкира шуьтара Ӏинчура Элистан хьун чу, цхьана кӀирнах. Некъ чӀогӀа хала бара. Ло доккха долуш, лайн чу эгара. ТӀамхошкахь юу хӀума яцара. Цаьрца цкъа мацахь хьалха санна говра яра. Цаьрца схьа вогӀуш иштта Суфан а вара, вай кхул хьалха вийцана волу. Дага догӀу суна: Урс хьаькхира тӀамхоша говрана. Баьрдана уллехь дара иза, цигахь хьаькхира говрана урс. Иза сихха тилира. Суфянан омарца цӀе латира . Дечке кӀура ца тисийтархьама, дечкан тӀера чкъор дӀа даьккара, ткъа ша цӀе латош, дечка нис тӀе-кӀел диллира, юкъахь хӀаваъ а чекх долуьйтуш. Вежарша жижиг деттира, иза дара некъ бо диалгӀа де. Цигахь са а даьӀна, кхин дӀа бахара некъ беш тӀамхой, буьйса дӀа ялча. Дага догӀу суна: Иштта кхин кхо де даьлча тӀамхой дӀа кхечира Элистанжа. ТӀамхой цигахь бекъа белира кхаа декъе. Элистанжа хьун чохь висира шовзткъе кхойт тӀамхо. Дага догӀу суна: Суфян вахара ша цхьаъ ойла, ша юу хӀума йохьар ю аьлла. Амма, и схьа ца вогӀуш хьей велира кхоалгӀчу дине а ваьлла. ТӀамхой чӀогӀа меца бара. Иштта со а вара меца. Суна чӀогӀа дага йиара " Сникерс" , и дица эхь а хета суна. Суна дага диира цхьа аят Къуран чуьра:" Шу Дала бах шоьга деха Шега, Ша жоп лур ду шуна. Ткъа баккъалла а Шега деха куралла ешберш гӀура бу ма баххара жуьжахатан чу". аьлла. { وَقَالَ رَبُّكُمُ ٱدۡعُونِیۤ أَسۡتَجِبۡ لَكُمۡۚ إِنَّ ٱلَّذِینَ یَسۡتَكۡبِرُونَ عَنۡ عِبَادَتِی سَیَدۡخُلُونَ جَهَنَّمَ دَاخِرِینَ }غافر:٦٠. Аса, къилбе а вирзина, ши куьг хьала а айина доӀа дира. Дага догӀу суна: И де дара ло дешаш, цӀун а йолуш. Мачашна тӀе поппар летара, со вара ломан лакха тӀехь, аса и доӀа дечу хенахь. Дага догӀу суна: Тхо дара шовзткъе кхойт стаг хьегӀ чохь. Со, и сай доӀа дина хьегӀ чу ваха воллучу хенахь, соьга лахара хьала мохь тоьхира цхьама вашас. Иза Хьамзат вара. Цо элира:" Охь восса, хьайна хала далахь а". сан цӀе а яккхина. Аса элира цуьнга:" Ма хала хьала ваьллера со, юха ца мега? ". Цо элира юха а дуй бууш, чӀогӀа дехарца охьа восса. Со юха охьа воьссира, цу поппара юкъахь шершаш охьа ветталуш. ДогӀш дярз дара. Дага догӀу суна: Со охьа воьссира Хьамзатан тӀе. Хьамзата, шен киснара " Сникерс" схьа а яккхина элира соьга:" Сан ваша, соьгахь хӀара цхьаъ бен яцара, ткъа вай шовзткъе кхойт стаг ву, вайн массарна хӀара хӀума яц. Ахьа яа хӀара ". аьлла. Иза, цо лелина хиллера киснахь уггаре лаххара шина кӀирнах. Дага догӀу суна: Суна чӀогӀа хаза хийтира, АллахӀа сихха сайна жоп даларна. Аса элира:" Я АллахӀ! Дог тешна вара со, Ахьа жоп лург хиларна, амма оццулла сихха лур ду аьллам вацара. Хастам бу Хьуна ". Дага догӀу суна: Аса сарахь, и " Сникерс " , шу тешарам дац, йикъира шовзткъе кхойт декъе. ХӀоранга цуьнах чам боккхоьйтуш. Амма, тхьоьгахь юу хӀума йоцуш кхо де дӀа делира мацаллийна. Суфян схьа вогӀаш вацара. ДӀа хьажча, Суфян схьа валуш ца хиллера мостагӀчо некъ бихкина. Дага догӀу суна: ГӀаролехь шишша хуьлура. ТӀемлойн гӀарол яра гендхьа. Шена хезначу гӀовгӀа бахьа долуш цхьа гӀаролхо тӀе виара амирана. Цо хаам бира, гӀовгӀа ю муьжгийн вордан, схьа хетарехь эскар ду гергга догӀуш аьлла. Амирана омарца вежарий кеч белира гергга тӀе баха мостагӀчунна. Царна юкъахь иштта Хьамзат а вара. Дага догӀу суна: Хьамзат вара амирана уллехь, цунна гӀо деш. И шиъ хьалха а волуш тӀамхой дӀа бахара муьжгий бу аьллачу метте, тӀехьа-хьалха а хӀиттина, дӀа-схьа а баьржина. Некъ бира эха сахьтехь масалан. Дага догӀу суна: Муьжгий баьржина бара, шай гӀагӀ диллина ворданашца, тӀехь а иштта охьа биссина а. Амира, ша хьалха ма тоххара дӀа чу тоьхира шегара йоккха топп белш тӀехь. Цунна тӀехь дӀа чу дассира бисанчара шай герза, маса тоьпаш а, яккхи тоьпаш а. Дага догӀу суна: Схьа тоьхначу герзанах лазийра Хьамзат, чоьже а иштта пхьарсе а. Схьа тоьхначу хӀоан герига каггийра цуьнан пхьарс, даьӀка кагга еш, схьа боьллуш. Иза тӀамхоша дӀа такхира. Дага догӀу суна: Цигехь, тӀамхоша уггаре лаххара пхиъ гӀагӀ диллина ворда ягира, иштта салтий а байара. ДӀа кхелхира цигехь иштта Мухьаммад Амин а, иштта Майрбек а. И шиъ а, дӀа кхелхина волу, иштта лазина волу Хьамзат а эцна тӀамхой юха дӀа бахара.
Дага догӀу суна: Хьамзат дӀа кхелхира, хьегӀ йолча дӀа кхачале. И кхоъе дӀа воьллира буьйсана цу юртан кешнашкахь. Муьжгий цигара дӀа бахара. Суфян схьа виара. Дийцича тешар а воцуш, кхаа дийнахь, хи милара бенна, кхин йиана хӀума а йоцуш том бира вежарша. БӀагор а оьхуш, оха а эгаш, амма къар ца луш. АллахӀа декъал бойла уьш. Яхья.
Дага догӀу суна: ТӀамхой схьа баьхкира шуьтара Ӏинчура Элистан хьун чу, цхьана кӀирнах. Некъ чӀогӀа хала бара. Ло доккха долуш, лайн чу эгара. ТӀамхошкахь юу хӀума яцара. Цаьрца цкъа мацахь хьалха санна говра яра. Цаьрца схьа вогӀуш иштта Суфан а вара, вай кхул хьалха вийцана волу. Дага догӀу суна: Урс хьаькхира тӀамхоша говрана. Баьрдана уллехь дара иза, цигахь хьаькхира говрана урс. Иза сихха тилира. Суфянан омарца цӀе латира . Дечке кӀура ца тисийтархьама, дечкан тӀера чкъор дӀа даьккара, ткъа ша цӀе латош, дечка нис тӀе-кӀел диллира, юкъахь хӀаваъ а чекх долуьйтуш. Вежарша жижиг деттира, иза дара некъ бо диалгӀа де. Цигахь са а даьӀна, кхин дӀа бахара некъ беш тӀамхой, буьйса дӀа ялча. Дага догӀу суна: Иштта кхин кхо де даьлча тӀамхой дӀа кхечира Элистанжа. ТӀамхой цигахь бекъа белира кхаа декъе. Элистанжа хьун чохь висира шовзткъе кхойт тӀамхо. Дага догӀу суна: Суфян вахара ша цхьаъ ойла, ша юу хӀума йохьар ю аьлла. Амма, и схьа ца вогӀуш хьей велира кхоалгӀчу дине а ваьлла. ТӀамхой чӀогӀа меца бара. Иштта со а вара меца. Суна чӀогӀа дага йиара " Сникерс" , и дица эхь а хета суна. Суна дага диира цхьа аят Къуран чуьра:" Шу Дала бах шоьга деха Шега, Ша жоп лур ду шуна. Ткъа баккъалла а Шега деха куралла ешберш гӀура бу ма баххара жуьжахатан чу". аьлла. { وَقَالَ رَبُّكُمُ ٱدۡعُونِیۤ أَسۡتَجِبۡ لَكُمۡۚ إِنَّ ٱلَّذِینَ یَسۡتَكۡبِرُونَ عَنۡ عِبَادَتِی سَیَدۡخُلُونَ جَهَنَّمَ دَاخِرِینَ }غافر:٦٠. Аса, къилбе а вирзина, ши куьг хьала а айина доӀа дира. Дага догӀу суна: И де дара ло дешаш, цӀун а йолуш. Мачашна тӀе поппар летара, со вара ломан лакха тӀехь, аса и доӀа дечу хенахь. Дага догӀу суна: Тхо дара шовзткъе кхойт стаг хьегӀ чохь. Со, и сай доӀа дина хьегӀ чу ваха воллучу хенахь, соьга лахара хьала мохь тоьхира цхьама вашас. Иза Хьамзат вара. Цо элира:" Охь восса, хьайна хала далахь а". сан цӀе а яккхина. Аса элира цуьнга:" Ма хала хьала ваьллера со, юха ца мега? ". Цо элира юха а дуй бууш, чӀогӀа дехарца охьа восса. Со юха охьа воьссира, цу поппара юкъахь шершаш охьа ветталуш. ДогӀш дярз дара. Дага догӀу суна: Со охьа воьссира Хьамзатан тӀе. Хьамзата, шен киснара " Сникерс" схьа а яккхина элира соьга:" Сан ваша, соьгахь хӀара цхьаъ бен яцара, ткъа вай шовзткъе кхойт стаг ву, вайн массарна хӀара хӀума яц. Ахьа яа хӀара ". аьлла. Иза, цо лелина хиллера киснахь уггаре лаххара шина кӀирнах. Дага догӀу суна: Суна чӀогӀа хаза хийтира, АллахӀа сихха сайна жоп даларна. Аса элира:" Я АллахӀ! Дог тешна вара со, Ахьа жоп лург хиларна, амма оццулла сихха лур ду аьллам вацара. Хастам бу Хьуна ". Дага догӀу суна: Аса сарахь, и " Сникерс " , шу тешарам дац, йикъира шовзткъе кхойт декъе. ХӀоранга цуьнах чам боккхоьйтуш. Амма, тхьоьгахь юу хӀума йоцуш кхо де дӀа делира мацаллийна. Суфян схьа вогӀаш вацара. ДӀа хьажча, Суфян схьа валуш ца хиллера мостагӀчо некъ бихкина. Дага догӀу суна: ГӀаролехь шишша хуьлура. ТӀемлойн гӀарол яра гендхьа. Шена хезначу гӀовгӀа бахьа долуш цхьа гӀаролхо тӀе виара амирана. Цо хаам бира, гӀовгӀа ю муьжгийн вордан, схьа хетарехь эскар ду гергга догӀуш аьлла. Амирана омарца вежарий кеч белира гергга тӀе баха мостагӀчунна. Царна юкъахь иштта Хьамзат а вара. Дага догӀу суна: Хьамзат вара амирана уллехь, цунна гӀо деш. И шиъ хьалха а волуш тӀамхой дӀа бахара муьжгий бу аьллачу метте, тӀехьа-хьалха а хӀиттина, дӀа-схьа а баьржина. Некъ бира эха сахьтехь масалан. Дага догӀу суна: Муьжгий баьржина бара, шай гӀагӀ диллина ворданашца, тӀехь а иштта охьа биссина а. Амира, ша хьалха ма тоххара дӀа чу тоьхира шегара йоккха топп белш тӀехь. Цунна тӀехь дӀа чу дассира бисанчара шай герза, маса тоьпаш а, яккхи тоьпаш а. Дага догӀу суна: Схьа тоьхначу герзанах лазийра Хьамзат, чоьже а иштта пхьарсе а. Схьа тоьхначу хӀоан герига каггийра цуьнан пхьарс, даьӀка кагга еш, схьа боьллуш. Иза тӀамхоша дӀа такхира. Дага догӀу суна: Цигехь, тӀамхоша уггаре лаххара пхиъ гӀагӀ диллина ворда ягира, иштта салтий а байара. ДӀа кхелхира цигехь иштта Мухьаммад Амин а, иштта Майрбек а. И шиъ а, дӀа кхелхина волу, иштта лазина волу Хьамзат а эцна тӀамхой юха дӀа бахара.
Дага догӏу суна. 24. Дакъа.
Дага догӀу суна: ТӀохлахь волу шиъ вара хьоьжуш, бухах волчу шинга, дӀа а вирзина, герзанаш а дуьйлина,и шиъ тӏохлахь ларвеш. Схьа виара ӏела, шеца волу кхоъ валош,шайгахь хӏонс а йолуш,тоьли чохь болчаьргара схьа эцна йолу. Цара,иза дӏа елира коьртачу амире. Амира пхиолгӏа дакъа къумс дӏа сацийна,диъ дакъа дӏа делира царна. Дага догӏу суна: Амма ӏелан,дӏа кхелхира,цу тоьхначу хӏоанах бахьан а хоьттина. Аса иза дӏа воьллира. Аллах1а декъала бойла уьш. Цуьнан ткъе ши шо дара. Яхья.
Дага догӏу суна: Тӏамхой бара кхаъачу ворданахь боьлхуш тӏехьа а хьалха а хӏиттина. Хӏора ворда яра, ша йоьттина тӏамхойх. Хӏорана чохь пхиппа стаг волуш. Итумкхалера охьа богӏуш бара уьш. Царна юкъахь вара цхьа жима къонах ӏела цӀе йолуш. Дегӏана ша лекха а волуш,онда а волуш. Иза вара ша хохкушверг ,цуьнан ворда уггаре хьалха ялла йуьдург. Дага догӀу суна: Иштта тӀамхой охьа богӀуш а болуш, мичара богӀу ца хууш йоккхачу тоьпана хӀоа биана дӀа нис хьалха вордан хьалха чу кхитира. Ворда цо тӀекӀал йакехира, куьзганаш дохош чу тоьхира. Хьалха волчуьнан ши куьг доккхуш, иза кхетам чура велира, иза дӀа кхелхира цхьана ит пхийтта минотехь. ТӀехьа хиана Ӏаш волчуьнан ши бӀаьрг баьккхира. Иштта кхи цхьаъ лазийра кхоалгӀа, цуьна а аьрро куьг дӀаккхира. Вежарий дукха маса сиха тӏе боьвдира, хьан хӏу хилла хьавсира. Шай ма хуьлла сиха чоьвнаш дӏа ехка боьла белира. Мехи а тухуш. Дага догӏу суна: Куьг даьккхиначуьнан сиха шен кочахь йолу логах йихкина йолу чалмаца,иза ятӏа а йина шина декъе цуьнан куьг дӏа дихкира, цӀей сацита. Ткъа цо и дечу хенахь кхечо цуьнгара шолгӀа дакъа чалман схьа а эцна бӀаьргаш даьхначуьнан,ши бӀаьрг дӏа бихкира. Куьг дара даьккхина аьрро, нис ша кераюкъ. Дага догӏу суна: Цу кепара, цу вордана чохь волу кхоъ лазийра, цхьаъ дӀа кхелхира, шиъ дийна висира. Лазийна волу шиъ кхин дӀа дарба дан Гуьржийн махка дӀа вигитира. Дага догӀу суна: И шен ши куьг дӀаккхина волу и къонах Ӏела, цуьнан майралла, иза доккха хӀума дара. Цунна цӀацӀ вежарша :" ДӀа вала, хьо Ӏавдал ву! " алара. ХӀунда аьлча, тӀом бола белча, иза нах сянгал чу охьа таьӀачу хенахь, цу чура ара валара, атталгӀа дӀа а ца вижара, уггаре лахара, когашна тӀе охьа лаха бенна ца лора иза. " ХӀай накъост! Охьа таӀа". шега аьлча, цо :" Хьаь-хьа оли". хьоьга, хьан цхьа вела дог доуьйтуш, бат саттаеш, цхьа хаза дӀа водара иза. Дага догӀу суна: Дийцича тешар а воцуш цхьа хӀума динера цо. Вай хьехамаш ма бори. Цу хьехамашкахь, Сахьабийн, АллахӀ реза хуьлийла царна, тарихера дийцарш ма дицари. Цу дийцаршаха цхьа дийцар дара; Доц аьлча: Сахьабаш, АллахӀ реза хуьлийла царна, хуьлура къайлаха, амирана а ца хууш, румхошна тӀе леташ, шаьш яккхиначу хӀонсаха пхиулгӀа дакъа дакъа дӀа а луш, шаьш муьлш ду а ца хоуьйтуш амирана. Дага догӀу суна: И хӀума хаз делла Ӏелина, цунна а лианера, ша а дан хьажа цхьа хӀума и тайпа, масалан. Къайлаха амираха шеца кхин кхоъ а эцна ваханера иза муьжгий болча. ДӀа кхачча хӀорш муьжгий дозана тӀе. Иза малбуза хан ю. Муьжгий шайна паргӀат Ӏаш бу, царна дагахь дац, шайна тӀе цхьаъ вогӀур ву аьлла. Шиъ тӀохлахь а воьсуш, шеца кхин цхьаъ оьци, церан сангалан чохь вола ло. Кхин цхьанна тӀе ца кхочуш сянгалан чухула волалуш дӀа воьдуш, церан тоьлана тӀе кхечира Ӏела. Цера яра хӀоттина аннех йина неӀ, лакха тӀе оьллина юргӀа а долуш, дукха модаш дуьззина Ӏаржа а долуш, цхьана хенахь кӀай хилла. Ӏелас и неӀ схьа йоьллу, Ӏелина го, чохь вижина Ӏуьллуш кхоъ муьжгий, цхьаъ пеш тӀехь цхьа хӀума йеш, ткъа цхьаъ, цхьа хӀума цӀан йеш. Дага догӀу суна: Ӏела вара, ша чӀогӀа забаре стаг. И волчахь цкъа са гатталур дацара хьан. ДӀа вола лора иза, ша олуш, шена цхьаъ гича,шена иза дукха везаш:" ХӀе-хӀац! Хьай дегӀ дика хуьлда хьан! ,муха ву хьо, сан ваша? ". оли, хьо къевлина мара вуллара цо. Юха, шегахь ялахь цхьа хӀума кисан таӀора яра хьуна,мерза. Юха олура забаре :" ХӀокхарн ма лолахь, хӀорш хӀуу дӀа юуур йолуш бу хьуна". Дага догӀу суна: Иштта мостагӀца а вара, иштта цхьа тамаши хаза. Цо, ша чоьхьа волчахь ,муьжгийн тоьлана элира:" ХӀе-хӀей! Муьжгий! Кара яхкин шу?! ". ВаллахӀи, муьжгий цец-къакъ боьвла, цо хьаькхначу махбаран, иштта схьа хетарехь, цуьнан карахь йолчу йоккхачу маса тоьпах а. Цуьнгахь " Хаз-кӀант" вара. Цо даиман и лела вора. Дага догӀу суна: Цо, дӀа тӀе яссира царна и шен карахьерг, цу чохь вола пхиъе салтий, цо вира, ша цхьам. Цо тоьхначу герзана гӀовгӀа хезна, дӀа тӀе ведира, цунна тӀехь вогӀушверг, амма и тӀе кхачале, Ӏела ша дийриг дина ваьллера царна тӀехь. Цу чохь, церан хилла долу герза схьа а эцна, иза цу чура ара велира, шеца волчуьнца.
Дага догӏу суна. Амиран омар кхочушдар.Важралла.Къинхетам. 23. Дакъа.
Дага догӀу суна: Яра цера иштта гӀагӀ диллина ворданаш дӀа хӀиттина, дукхах ерш цхьана магӀрехь. Латина гуш дара церан чиркхаш. Дукхах ерш латина яра, гӀаргӀар деш гӀовгӀаца хаалора уьш. ТӀохлахь хьийзаш беркеманаш а дара, шиъ дӀа доьйдуш, юха кхи шиъ схьа догӀуш. Дага догӀу суна: ТӀамхой, шаьш цаьрга хьовсуш лаьтта дӀа бишина бара. ТӀамхойн шел лора къаьсттина голш. Мичара йолу ца хууш шовкъле кхаьтта цхьаъ лазийра. Цунна белшах кхитира. Юха тӀамхой болче чу даьтта дола делира герза. Гучу боьвлера царна тӀамхой. Дага догӀу суна: Амира схьа чу такхира иза, юха цунна маха туьйхира. Куьг сецира цуьнан. Цуьнан логах хьарчийна йолу чалма, схьа а яккхина, цуьнца цуьнан куьг чӀоггӀа дӀа дихкира цо. Иза кога хӀотталуш вара. Циге схьа тӀе йиара гӀагӀ диллина ворда а, бархӀ чӀург ерг а. Дага догӀу суна: Амира уллехь волчуьнгара йоккха топ схьа а эцна элира, шегахьа " хаз-кӀант волчуьнга:" Аса йоккхучунна туху, аса тохарца а ахьа шолгӀчунна туху. Дик дуй? ". Цо корта ластира. Дага догӀу суна: Амира, Ӏадатехь ма тоххара цу гӀагӀ дилланачунна дӀа чу тоьхира, цуьнан тхов ластина дӀа бахара. ШодгӀчо шега ма аллара, шегахь ерг, иштта вукха шима а шайга дан луш дерг а дина, жимма чу таьӀна йолучу метте хуьла охьа дӀа бахара. Дага догӀу суна: Беран кеманаш хьизара, схьа хетарехь тӀамхой лоьхуш. Юха схьа богӀуш, шаьш Ӏад витиначу шинна тӀе схьа кхечира. Важа цомгаш хилларг цамгарна шелонна, хьацар деттара бахьнехь дӀа кхелхира. Дага догӀу суна: Амир дӀа вахара шаьш вордана тӀехьа охьа дехкиначе, цигахь бухахь хьоьжуш, шен вордан чиркхаш дӀа а дайана Ӏаш вара цхьа ваша. И цомгуш хилла велларг а, и белшх кхаьтта лазийнарг а эцна амир дӀа вахара, ша схьа вианаче, воккхачу амира тӀе диллинарг кхочуш а дина. Яхья.
Дага догӀу суна: Коьртачу амира дара хаа дезаш, хӀу хьал дӀу мостагӀ волчу агӀора. Меттах боьвла бу я бац. Доц аьлча, таллам бара бан безаш мостагӀ волчу агӀора, буьйсанна. Дага догӀу суна: Шега воккхачу амара аьлларг схьа элира, тхан тобанна тӀе хоьттина волчу жимачу амира. Тхан жима тобана юкъахь вара бӀай сов тӀамхо. Тхан амир вара Расул. Цуьнан бакъо яра, ша амир хиларха терра, шена луучуьнга ала, хьо хьо воло, амма цо иштта цкъа ца алара. Цо даиман хоттура , ша олуш:" Иштан, воьштан хьал ду, мела ву лууш, реза ваха, циге, гӀуллакхе??? ". тӀаккха шена луучо олура ша ву, масала. Амма хӀорама алара:" Ша-ша вогӀу". ТӀаккха амира, шена луург, шена оьшучулла вуьгура. Дага догӀу суна: Иштта дийнахь а элира амира:" Лакхарчо тӀе диллина цхьана лерина долчу хӀумане ваха, гӀуллакхе. Цигехь дӀа кхалха а там бу. Мила ву кича омар кхочуш дан? ". ХӀорама, массара а элира ша-ша кича ву. " И бохарг хӀу ду, хӀора вай жихӀаде, АллахӀан некъе ара доьвла дац вай, дӀа кхалха а эшахь! ". Амма амира вела а велла элира:" Собар де! ". Суна шаверигге а вац оьшушверг, суна оьшушверг вархӀ бенна вац". ТӀаккха цигехь а элира хӀорама, ша-ша вогӀа. ТӀаккха амира элира:" Аса хоржура ву". Дага догӀу суна: Амира шена хаьржира вархӀ стаг. Шиъ ишшарх. Цхьаъ йоккха топп ерг а. Цхьа " хаз-кӀант верг а. Иштта шиъ маса тоьпаш ерг а. Ша тӀехь вархӀ. Ша и хӀума, уьш багӀар дахлур долуш дара шина дийнахь уггаре дукха. Амма дика чекх далахь цхьана дийнахь. И вархӀ ара велира малх бузу хенахь вордана тӀе а хоьвшина. Некъ бира цхьана сахьтехь . Юха кхин дӀа, буьйса тӀе йиача миллиша а некъ бира кхин оццулла шозза. Дага догӀу суна: ТӀе доьхна кӀай духар дара, диана долчу дайха дӀа ъелуш. ХӀорама кеч бина шена бугӀул бара, чохь цхьац кхалла хӀума йолуш. Шиш гӀуткха чӀара, цхьац дакъа бакъийн дум, кхокх цӀазам, жимма дуткъа даекъийна бепк а. Дага догӀу суна: Ламазаш дора Къуранан чохь ма аллара, " Салату- Лхавфи". Таяммум дора, шила яра ламаз эца, я хи дацара, ша ло даша ца дича, амма цӀе лато йиш яцара. Ламаз я амира дойтора, я кхечу дика хуучо дайтора. Дага догӀу суна: Цхьа ваша, щегахь маса топп ерг, чӀогӀа цомгаш хилара са тосучу хенахь, тер-мера хӀума а доцуш. Цо тоха йола елира йовхарш, и ша пехш ара довла гӀерташ санна цуьнан. Амма тӀамхой генахь бара, юха берза йиш яцара, амма и ваша хӀора сахьтехь эша дола делира цуьнан хьал. Иза некъахь охьа эга вола велира. Хьацар тоха делира цунна. Юха цу арахь и хьацарца шел луш, кхин сиха эрча дала дола делира цуьнан хьал. Дага догӀу суна: И жима къонах, чӀогӀа эхь хеташ вара вежарехь, ша цомгуш хиларна. Ша цхьа моттагӀалалш лелайо ма моттахьара бохуш. Амма иза гуш ма вари, чӀогӀа цомгаш хилли, шел велли. ХӀунда аьлча, и тайпа йовхарш мел чӀогӀа лиъча а тоха лур ма яц, ша баккъалла а цомгаш ца хилча. Дага догӀу суна: Амир вара, цуьнах чӀогӀа къа хеташ, ша цунна хӀу дийра ду ца хууш. ХӀунда аьлча, цхьана агӀора тӀе диллинарг ду кхочуш дан дезаш, вукха агӀора хӀара ваша ву, цомгаш, охьа эгаш. Дага догӀу суна: Цо элира "ХӀу дан деза ша. ХӀу дича бегӏийла хир дара ша? ". дагах волуш вежаршца. Цуьнга элира цхьама:" Воккхачу амира аьлларг кхочуш дар, иза хьалха ду, вай шадеригге а кхелхаш ляш далахь а. Амма, цхьа хӀума дича дика хир дара. ХӀокху вешийца, кхузахь цхьана меттехь коьллашна юкъахь, цомгашверг а, цуьнца кхин цхьаъ вуьтур ву, ткъа вай пхиъ, вай дан дезарг кхочуш дан, кхин дӀа гӀура ву. Юха схьа догӀуш, хӀара шиъ схьа оьйцура ву". Дага догӀу суна: ХӀорангахь яра кӀела тосу хӀума а, чу воли дӀа воьжу гали а. Амир реза хилира цо аьллачунна. Амира цундела элира цхьаьнге:" Хьо саца, кху вешица, тхо схьа дахкалц, юха тхо схьа догӀуш, вай цхьана дӀа гӀура ду, шуьшиъ схьа а эцна ". Иштта хӀунда дира аьлча, ишиъ шаьшшиъ дӀа вахалур волуш вацара, тил вала там бара. И шиъ Ӏад а витина, пхиъ дӀа вахара, хьейжа тхоьга аьлла. Дага догӀу суна: Кхача безачу метте дӀа кхечира вежарий. Вежаршкахь яра йоккха топ, хаз кӀант, исшарх. Таллам бича гуш дара эскар хаза неха санна лахахь йолчу меттехь гул делла дуйла тӀе лата.
Дага догӏу суна. Майралла. Вежралла. Собар. 22. Дакъа.