- Последний пост
- 3 сент. 2023 г.
- Последнее чтение
- 13 авг.
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 20
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- —
- 1/48двое суток
- —
- 1/72трое суток
- —
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
بسم الله الرحمن الرحيم 📚АллахIан пурбанца Шайх Фарукъан Дарсаш чу йилларца болх д1абóлабо вай. 📚ЧIóгIа мéхала пайдé гочдина Жайнаш ду Iилма Iáмóран нéкъ лаьцначáрна. ____________________ ХIай Сан Ваша, Сан Йиша Хьо хила хIара пайдé болх нáхана дIакхáчóрехь сутар! 📨 АллахIа Iилмангахь а, Iамалгахь а сов дóхийла вай!
https://t.me/muvahiduun95fr
Зуччун духар дег1а меженаш т1е йохуш, йа хьул ял ма еззаре зуд хьул еш дацахь, иза юкъ йоьда духарш дуьхна а болш берзан болчарн… Духар дуьхна а болуш, берзана а болуш, йа цхьа йолу меженаш шай гуш йолуш,шай хазалша гуш йолуш зуьдри лелар, даккхи къиношах дукх вай заманчохь держан долу…
«Шаьш т1е духарш доьхна болш, берзан а болуш….» Т1аьхь духарш долш,1оврат хьулдина доцуш.. «…. Ялсмане чу а г1ур бац уьш,йа ялсмане хьожа йог1ар яц цунна..»
без подписи
без подписи
без подписи
без подписи
без подписи
без подписи
без подписи
без подписи
Бусалба динца долу, вайн гlиллакхаш: 4) Хаттар: Нагахь бусалба зударий шайга lаьрбийн маттахь салам дала марзбелла бацахь, цаьрга маршалла муха хоттур ду? Жоп: «Аллахlера маршо хуьлда шуна, Цуьнан къинхетам а, Цуьнан беркаташ а хуьлда шуна» - эра ду. https://t.me/ehartan_hons
Стага шен чохь гlо дар Хаттар: Ассаламу lалайкум. lаишата гlуллакх дечу хенахь, Пайхамара (саллаллахlу lалайхlи ва саллам) цунна гlо деш хилла бохург бакъ дуй? Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl! Бакъ ду, делахь и бохург дац зуда йижина lуьллуш Пайхамара чохь зударийн гlуллакхаш деш хилла, я цуьнан хlусамнаноша иштта цуьнга дойтур дара бохург а дац, шен чохь борша стеган гlуллакх дина хир ду, я зуда цомгуш йолуш, я масане хуьлу, иштта хьал нисделча гlо дина хир ду. Ткъа зудчо ларо дезаш ду шен хlусамде сий, хlусамнанас сий дича бен борша стеган нахана хьалха сий ца хуьлу! Хьекъал долчу зудчо, кхетам болчу зудчо, дика зудчо шен хlусамда паччахь саннна лело везаш ву! Нахана хьалха а, мелхо шен чуьра доьзална хьалха а, ша цунна сий дина леш ю, ша цунах кхоьруш леш ю моттуьйтуш хила еза иза иштта дацахь а! Иштта цуьнан къайленаш цхьанна а йовзийта ца еза цо, шен цlерачаьрга а йийца ца еза цуьнан ледарлонаш. Шен хlусамден къайленаш юьйцуш, цуьнан ледарлонаш юьйцуш, цунах лаьцна я вон дош олуш уллера адам хила а ца деза зудчун! Шен хlусамдас шена чохь гlо динехь а, я кхин муьлхха хlума цо динехь а, нахана и хиъча эхь долуш хlума делахь, я нахана цу стеган мах лахара хетар болуш хlума и делахь, я хlусамдена нахе дийца луур доцуш хlума и делахь, иза хилла доцуш санна къайладахьа деза. Зуда кхеташ хила еза, хlора хlума хlара нахе ма дийцалахь, хlара цхьанна а ма хаийталахь баха дезаш доций хlусамдас, мелхо, цунна шена хаьа деза, кхета еза ша хlун дийца деза а, ша хlун ларо деза а! Дукхахболу зударшкахь уггар вон дерг хlун ду аьлча, оцу хlора зудчун хуьлу шен дагара дуьйцуш цхьа зуда, ткъа шен чуьра хlума ша оцу цхьана зудчуьнга бен ца дийцича ша и цхьаьнгге а дийцина ца хета цунна. Тlаккха, вай олуш ма-хиллара, цхьана зудчунна хиънехь-м маьждигехь кхайкхо оьшуш ма ца хуьлий, хьан санна шен дагара дуьйцуш оцу зудчунна а ма яй кхиерг, вукхунна ю кхиерг, иштта дуьнен тlера зударий берриш вовшаххотта белла бу аьлча харц хир дацара. Цундела шен хlусамера хlума дуьйцуш уллера адам зудчун хила дезаш а дац, шен нана, я йиша, я доттагl цхьа а хила ца еза, иштта ларо дезаш ду шен чуьра хlума иза цу хlусамдегара ледарло елахь, я цуьнан сий довр долуш хlума и делахь, я цуьнан наха лахара мах хадор болуш хlума и делахь, я цунна жимма дезар доцуш хlума и делахь! Хlара дерриг нагахь ша хила ма-езза зуда хила гlерташ и елахь ду! Амма, мухха хилча шена мегаш ду, хlусамден хьаккъаш шена оьшуш дац, и хlуманаш лардина ялсамане яккха ша дагахь яц бахахь-м шена ма хетта дlалелар ю иза. Ткъа оцу дерригенах а цунна хуьлуш ял ю, Аллахlан дуьхьа аьлла и лелаш хилчхьана. https://t.me/Vragi_iblisa
без подписи
Ма хаза ю-кх зуда иштта хилча ✅ Ӏильма lамош ✅ Дика даржош ✅ Суннат дойзуш ✅ Ша кхиош кхобуш Волу Делах кхоьруш ✅ Шен мотт ларбеш, шен маттан дола а деш ✅ Цу матто ша дакъаз йаккхарна кхоьруш ерг. Сулайман Рухайли.
без подписи
ГIиллакхах лаьцна дуьйций ахь суна? – ХIун хаа лаьа хьуна? – Суна и гIиллакх хIун ду а, гIиллакхаш муха ду а, уьш лелийча хуьлуш болчу мелах а лаьцна хаа лаьара. – ГIиллакх – иза адамашка ахьа хьайн ларам гучубаккхар ду. Иза тайп-тайпанчу некъашца хила йиш йолуш ду – олучу дашца, леларца, хьажарца, иштта дерриге дегIаца а. Ахь цхьана адамца Делан дуьхьа гIиллакх хIоттийча, и бахьана долуш Дала хьан сий ойбу нахана йукъахь, нехан дегнашкахь хьоьга безам а кхуллуш. – Ткъа и гIиллакх лелийна аьлла мела хир буй вайна? – Дера хир бу, Къемат-дийнахь терзан тIехь мелана уггар а деза узудерг гIиллакх ду аьлла Делан Элчано, Делера салам-маршалла хуьлда цунна! – Муьлханиш ду и гIиллакхаш? – Уьш, доза доцуш, дукха ду – воккхачуьнца ларам хилар, жимачуьнца къинхетаме хилар, комаьрша, дог цIена, массо а бусалба нахаца маьрша а волуш, кхин а дуккха а ду уьш. – Хьажахь, ма хаза хIума ду и гIиллакх! Ткъа вуон гIиллакхаш хуьлий? – Дера хуьлу. – Муьлханиш ду уьш? – Уьш а, доза доцуш, дукха ду – хьагI, гамо, писалла, куралла, кхин а шортта ду уьш. https://t.me/oramera_nohcho
22-гӀа #жайна
ТӀаьхье кхиош ерг зуда ю!🐝