- Последний пост
- 02:13
- Последнее чтение
- 17 авг.
- Постов за неделю
- 1
- Всего постов
- 21
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- Категория
- Религия (по похожим)
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 489
- 1/48двое суток
- 560
- 1/72трое суток
- 604
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Bettaz Butt Ċinbalar هلال شهر ربيع الأول ١٤٤٨ 🌙
Аллахlера къинхетам а, маршо а хуьлда хьуна, хlай нахалахь уггаре а тоьлла верг. اللهم صل وسلم على نبينا محمد
Нохчийчоь Стигла д1акъийларах, дашо малх кхуолош, Мархаша боданца хийцарах бос, Деле ас дийхира, доьлху дог къуьйлуш, Парг1ата яхийта, сан Нохчийчоь. Сайн бералла хьаьшначохь со хелхаволу, Хаийта дуьненна со къарцавеллий. Сий дайъа г1аьттинарг сий дайна воьжна, Хьан малх а къегина, сан Нохчийчоь. Хьан йозалла йозанца соьга ца язло, Хьоь болчу безамах дуьзна сан дог, Хьан дикачу адамех сирла б1аьрг буьзна, Теша со, кхане а ю ирсах юьзна. Нохчийчоь, г1аьттина цкъа а ца йуожа, Хаийта дуьненна дийна ша юйла, Д1аэца к1ентан дош, ч1аг1о йо хьуна, Мел деха нохчийн дог, яхийта хьо! Иса Махмудов
Хьан дешнаш хийлаза коьрте хьийзина хир ду лозуш, Хьан дешнаш хийлаза коьрте хьийзина хир ду хьоьстуш.
Если бы грешник знал, что удовольствие и радость от покаяния во много раз превосходят удовольствие и радость от греха, то поспешил бы к нему больше, чем спешит к удовольствию от греха. Ибн Аль-Къаййим
без подписи
без подписи
без подписи
без подписи
без подписи
без подписи
Джейрах Ж|айрах
Kaş sanna, täjnaçu büysanna Dog q̇ovla dezar-qa, buy sanna. Djavaxa vezar-qa genna dja, Xilla djo sedanan xennara. Ataluş, çuvoƶa vezara, Qu latte boluçu bezamna.
Сан синан байракх ю маршо,ㅤㅤ Со кхуллуш кховдийна соьга, Ца йожош дlакхехьа генна, Цунна сан некъ баккха безна, Цу новкъахь со вожо гlерташ, Дукхаза а цистина и… Цкъа цlен еш, баьццара, lаьржа, Къарз а йо, дуьнено и… Дахаро хам боцуш хийла Хьерчайо бехчалг а санна. И соьга ца лало, денна… Сайна и езарна кlайн. Цlанйина, къагийна, сирла Аса лекха ойбур ю и… Тlаьххьара де новкъа доккхуш, Хадаеш заманца зlе, Ас валлалц сий дина маршо Сайна и хилийта марчо.
Bettaz Butt Ċinbalar هلال شهر صفر ١٤٤٨ 🌙
… кхоьлина ойланаш, хӀоьттина дохк, со лелла хIумма а ца гуш кхин гонах. ас эрна, мах боцуш, дагийна дог, ас эрна текхийна и Татин гота. сан бешахь цхьа гIийла декаш ду чlоб, хlора хан, хlора сахьт билгал а доккхуш... доцучу хаттарна ца эшарх жоп, долучу хаттаро паргIат ца воккху. – Ш.Цуруев
Верриг а суо хилларг ву со, Делахь а цхьажимма вайна. Кху лаьттах екхачу буса Цундела язлой те г|айг|а? Верриг а суо хилларг ву со, Делахь а цхьажимма кхетта. Кху баттал лекхачу буса Цундела г|уьттий-те хеттарш? Бисултанов А.
Буц йолу, буц юьжу ойлане баьрзнаш Воьдучун, вогIучун доIанийн аьзнаш Хьан херцарш юьссур ю, да воцуш велха Дуьссур ду хьан стиглахь аьрзунийн хелхарш
ЦIе йоцуш пеш мегий теша? Къонахий ца хилча - мохк а? Хьозарчий ца декча - беш а? Я гуьйре ца хилча - дохк а? Бай хIун ю зезагаш доцу? ХIорд буй те тулгIенаш йоцург? Мархаш а догIанца йоцу? Лаьмнаш а лаккхалла йоцу? Гуьйре яц ялта луш яцахь, Стоьмийн дитт - стом бохьуш дацахь, Къонах вац мохк ларбеш вацахь, ТогIенаш - шовданаш дацахь. Малх буй те ца луш берг серло? Iа дуй те доцург ло, шело? Буьйсанах дIаийна боцу, Бутт буй те серло шехь йоцург? Дитт доцуш хуьлий те ирзу? Гу боцчух олий те ирхо? Дог дуй те безамца доцург? Стаг вуй те эхь, иман доцург? Поэт а бакъ поэт вуй те, Адамийн дегнашкахь вацахь? Кехаташ бехдар и дуй те, Ойланаш йоцуш тIехь лаца? Стигла яц седарчий доцург, Латта дац дуьйш, кхиош доцург, БIаьсте яц заздоккхуш йоцург, Байлахь ву шен Даймохк боцург...
Нехан-м дашо раьгІнаш хилахьара, хьенех къонах вара боху дош дуьсийла-кх кху дуьненчохь сох даха! Бексултанов Myca.