tgindex
Хьадисаш

Хьадисаш

Статистика
@hadiisashрусский

📜 Нохчийн маттахь хьадисаш

Последний пост
5 авг.
Последнее чтение
15 авг.
Постов за неделю
0
Всего постов
20
Тип
открытый
Язык
русский
В каталоге с
13 авг.
Подписчики
817
−1 за 3 дн.
Сутки
−1
−0,12%
Неделя
 
Месяц
 
Просмотров на пост
1 257
20 постов
Вовлечённость
153,9%
к подписчикам
Постов в день
0,0
всего 20
Упоминаний
1
каналов
Охват размещения
оценка
1/24сутки в ленте
80
1/48двое суток
91
1/72трое суток
98

Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.

Посты

  • САРДАМАШ АллахIан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Шаьш-шайна сардамаш ма дихка, шайн доьзална а сардамаш ма дохка, шайн даьхнина а сардамаш ма дохка, Аллахlа жоп луш цхьа хан йу, цу хан тlе шу нислахь, шуна жоп хир долуш». (Муслим: 3009) https://t.me/hadiisash

  • 5 авг.85из horadiynah

    ➖➖➖➖➖➖➖➖➖➖ 🤎🤎🤎🤎🤎 🤎🤎 🤎🤎🤎🤎❓ Хlара керла хьоста лерина ю цхьана хазачу, Дала мукъ лахь, пайдечу гlуллакхна! Вай цхьаьна хlора денна цхьацца динах пайде хlума ватсап чуьра статусе хlоттош, яржор ю! Нийсса цхьаъ бен хир яц чухlотто езарг, де чекхдалале муьлхха а хенахь чуваьлла схьаэцча йолуш! Нагахь хьо велахь, дийнахь цхьа минот хан яйина, АллахIан динна гlо дан реза, марша вогlийла! Хlара агlо яржош дакъа мел лаьцначунна - наха кху чуьра мел яржочух ял хир ю, Дала мукъ лахь! https://t.me/horadiynah

  • 9 дек.1 8255

    Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахана хиъча молла кхайкхаран а, (жамаIат-ламазехь) хьалхарчу магIаре хIоттаран а (йал мел йоккха йу) - пхерчашкахула кхажтасар боцург кхин некъ ца карийча а (молла кхайкхарехь а, хьалхарчу магIарера меттиг дIалацарехь а хьалхе йаккха), билггал, и дийр ма дара цара! Царна хиъча хьалххе ламазе вахарехь (йолу йал) - билггал, хьалхабовлар къуьйсуш, сихлур ма бара уьш цига! Царна хиъча суьйренан а, Iуьйренан а ламазашкахь (дакъа лоцучунна хуьлуш йолу йал) - билггал, богIур ма бара уьш (и ламазаш маьждигехь дан), шаьш (цига) текхаш бахка безаш хилча а!» (ал-Бухари: 615, Муслим: 437) https://t.me/hadiisash

  • Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Зудчунна шен майра цIахь волуш марха кхаба магош дац - цуьнан пурбанца бен, (цхьа а) цуьнан хIусаме вита магош а дац цунна - цуьнан пурбанца бен». (Ал-Бухари: 5195, Муслим: 1926) https://t.me/hadiisash

  • Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боьхалло даиманна а бехдо ша дIахьакхаделла массо а хIума, ткъа эхь хетаро - хаздо иза». (Тирмизий : 1975)   https://t.me/hadiisash

  • Абу Къатадас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «ХIун а хилча а мах бечу хенахь дукха дуйнаш ма доуьйла аш, хIунда аьлча, боккъал а, (йуьхьенца, хIума) дIайохка гIо а лоций, тIаккха сá хIаллакйо цо». (Муслим: 1607) https://t.me/hadiisash

  • МасIудан кIанта (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ХIара дешнаш) аьллачунна къиношна гечдийр ду, тIеман майданара иза веддехь а: «Сийлахьчу АллахIе сайна гечдар доьху ас - И воцург, кхин Дела воцучу, дийна, даима волучу. Ас Цуьнга тоба а до». /АстагIфируллáхIал Iазúмаллазú лá илáхIа иллá хIувал хьаййул къоййýму ва атýбу илайхIи/ (Абу Давуд: 1517, ат-Тирмизи: 3572) https://t.me/hadiisash

  • Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стаг вон хила тоам бу - иза шен бусалба вешех цавашар». (Муслим: 2564) https://t.me/hadiisash

  • 29 июл. 2025 г.6961из so_icharkho

    Сайна дика хеташ йолу, ас йоьшуш а, пайда оьцуш а йолу каналаш йовзийтий шуна 🔥 https://t.me/addlist/w5d7fN9Gcv8xMzBi 👆хlара тlетаlийча массарна цхьаьна тlеяздалалур ду шу

  • АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьйла цунна) аьлла: «Шайн хIусамаш кешнех тар ма йе. Боккъал а, шайтIа доду чохь «Ал-Бакъара» сурат доьшучу хIусамера». (Муслим: 780) https://t.me/hadiisash

  • Пайхамаро (АллахIера салават а, салам а хуьйла цунна) аьлла: «ХIай нах! Шайн хIусамашкахь ламазаш де, хIунда аьлча, боккъал а, фарз ламаз ца лерича, уггар а деза ламаз стага шен цIахь дийриг ду». (Ал-Бухари: 731, Муслим: 781) https://t.me/hadiisash

  • АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьйла цунна) аьлла: «Пхьуьйра-ламаз жамаIатехь диначунна - ах буьйса ламазаш деш йаьккхича санна (дIайаздо), ткъа Iуьйра-ламаз жамаIатехь диначунна - йерриг буьйса ламазаш деш йаьккхича санна (дIайаздо)». (Муслим: 656) https://t.me/hadiisash

  • АллахIан Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьйла цунна) аьлла: «Молла кхайкхарний, къамат дарний йуккъехь дина доIа - жоп даланза йухатухуш дац». (Абу Давуд: 521, Тирмизи: 212) https://t.me/hadiisash

  • Iуьйранна самаваьлча хIайтъаьлла хила дан дезарг АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам хуьлда цунна) аьлла: «Шух муьлхха а цхьаъ дIавижича, цуьнан кIесаркIаг тIехь кхо шад бо шайтIано, царех хIоранна тIе тохар а деш, (ала а олуш): «Йехха йу хьуна хьан буьйса, наб йе ахь!» Ткъа нагахь (стага) сама а ваьлла, Сийлахь АллахI хьахавахь - цхьа шад схьабасталур бу, нагахь цо ламаз эцахь - (шолгIа) шад схьабасталур бу, нагахь цо ламаз дахь - (кхоалгIа шад) схьабасталур бу. Цул тIаьхьа стаг Iуьйранна хIайтъаьлла а, реза волуш а хир ву. Амма цо и (дагардинарг) ца дахь - иза самавер ву, вочу хьолехь са а долуш, маргIалвоьлла а волуш». (Ал-Бухари: 1142, Муслим: 776) https://t.me/hadiisash

  • Хlора фарз-ламазал тlаьхьа 33 субхьаналлахI, 33 алхьамдулиллахI, 33 АллахIу акбар аларан дозалла Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа къечу мухIажарша, АллахIан Элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а баьхкина, элира: «Хьал долчарна кхочур долуш ду-кх (дерриг) лакхара даржаш а, хаддаза лаьттан долу ниIматаш а: (хIунда аьлча) цара оха санна ламазаш до, цара оха санна марханаш кхобу, оцу тIе цара сагIанаш ло, ткъа оха сагIанаш ца ло, цара леш маьршабоху, ткъа оха леш маьрша ца боху». (Цара аьллачуьнга ла а доьгIна), Пайхамаро (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна,) аьлла: «ТIаккха ас цхьа хIума Iамаде шуна, и бахьанехь шу шайл хьалха дIабаханчарна тIаьхьа а кхуьун дерг, шайл тIаьхьа богIун болчарал шу хьалхадевр дерг, изза динарг бен шул веза хир доцург?» Цара аьлла: «Дера дийца, хIай АллахIан Элча!» (ТIаккха Пайхамаро, АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна,) аьлла: «ХIора ламазал тIаьхьа ткъе кхойт-кхойттазза (хIара дешнаш) ала: «АллахI тIех цIена ву» /СубхьаналлахIи/, «АллахIана хастам бу» /АлхьамдулиллахIи/, «АллахI массо хIуманал воккха ву» /АллахIу акбар/. Цул тIаьхьа къечу мухIажарша АллахIан Элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) тIе а баькхина, элира: «Хьал долчу тхан вежаршна оха дийриг хаза а хезна, изза дан буьйлабелла уьш!» - (оцу хьокъехь)  АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла: «Иза – АллахIан комаьршалла йу, Цо Шена луъучунна луш». (Ал-Бухари: 843, Муслим: 595). https://t.me/hadiisash

  • Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах кхоьруш вилхина стаг жоьжагIате гIур ма вац, шура йуханехьа тIера чу йаххалц. АллахIан новкъахь шена тIе чан йиллина волучу лена тIе (цкъа а) жоьжахатин кIур билла йиш йолуш ма бац» (ХIара хьадис ат-Тирмизис дийцина: 1633, цо аьлла: «ХIара дика, бух цIена хьадис ду») https://t.me/hadiisash

  • Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «КIанте шен дена дуьззина баркалла алалур ма дац. И (шен да) лай волуш карийна, (боьху) мах дIа а белла, и схьа а эцна, маьршаваьккхичий бен». (Муслим: 1510) https://t.me/hadiisash

  • РибIийн кIанта Абу Къатада ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъал а, дехха иза дан а лууш, ламазе ма хIутту со, амма беран делхар хезча – сайн ламаз дацдо ас, цуьнан нанна хало йан ца лууш». (Бухари: 707) https://t.me/hadiisash

  • IабдуллахIан кIанта Жарира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа къинхетам бийр болуш бац - нахаца къинхетаме воцучух». (Бухари: 7376, Муслим: 2319) https://t.me/hadiisash

  • Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьйла цунна) аьлла: «Ненайиша - ненан метта ю». [Тирмизи: 1904] https://t.me/hadiisash