Нийса ламаз
Статистика☀️Маршалла хьуна! ✅Ламазах дерг хаа лаахь - хьо нийса кхаьчна.
- Последний пост
- 23 июн.
- Последнее чтение
- 09:46
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 24
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- —
- 1/48двое суток
- —
- 1/72трое суток
- —
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Дала ялсаманан охIла войла Хизир. Дала ийман собур лойла цу сингаттамах дакъа мел кхаьчначунна. Хийла стаг веха, шен дахарехь цхьа лар цаюташ, хийла стаг ле, цуьнан валаро цхьа лар цаюташ! Ткъа Хизир кхалхаро йитина лар сийлахьа, беркате ю, цу балано вовшахтоьхна вежарийн гергарлонаш дуккхаъ дехара ду, цу гергарлонах цхьана Далли бен хууш доцу пайданаш хила а тарло! "Хийла хIума цадеза тарло шуна, иза шуна дика а долуш..." аят.
Гlурбанна дуьш долчу дийнатан хенан хьокъехь нийса дерг: 🟤уьстагl 🐏 - ялх бутт кхаьчча хила беза 🟤газа 🐐 - шо кхаьчча хила еза 🟤етт, гомаш 🐄 🦬 - ши шо кхаьчча хила еза 🟤эмкал 🐫 - пхи шо кхаьчча хила еза Дарс: 50 хатlаъ фил-lидайни
Ламаз цадийриг йала а ма йе, йа ламаз цадечуьнга маре а ма гIо, цхьа а дика дац хьуна ламаз дар дитиначуьнгахь! https://t.me/niysa_lamaz
дIайаккха шайн телефонаш тIера tiktok ‼️
Шаввал беттан ялх марха
https://youtu.be/db4CAGgJFNc?si=_mMrDLl99HkRjuDz
Марха достуш олург 🌴🌙
Нагахь шен лаамца шен къоман тезетахь самукъадаьлла, хелхар деш цхьаъ велахь, вайна хоийла, иза цу къомах волчера шен дагца дIахаьдда вуй, цу стагана шен къоман тезет - ловзар ду, ткъа цу къоман мостагIчуьнан тезет - цунна а тезет ду. 23-гlа февраль нохчийн къоман тезет ду, цу дийнахь вайн дерриге къоман доь дан герга хилла, делахь а, Делан къинхетамца, вайн доь ца дайна, мостагIийн и доь дайа лаам чIогIа хиллехь а. Вайн тезет долу де - вайна и тезет даьккхинчеран дезде ду, и де вай даздар стага шен да вийначу тезетахь, шен да вийначунна той хIоттор санна ду, хьекъало къобалдеш хIума дац иза! Ахьмад Абу Яхья https://t.me/so_icharkho
Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьо тахна мел ирсе белахь а белхалахь, Нохчичун дог тахна доьлхуш ду хьуна, Хьо белхарх хьох кхарда цхьа а вац хьуна. 23.02.1944
Сан халкъан хlу дайа лиъна де, Сан халкъо къизалла йиъна де, Кху дийнахь со делкъале шозза ле, Тезетана кевнаш доьллу де.
2180-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Малхбуза-ламазна хьалхара суннат ламазаш даимна тӀе лаьцна дан деза аьлла хезнера суна цхьана вашас, нагахь санна хьуна хьокху хьадис юкъа ваха лаахь. (Абу Дауд: 1271) Ас малхбуза-ламазна хьалхара суннат ламаз наггахь бен ца до. Суна хезнера Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) даимна деш дацара аьлла. ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
кхана дуьххьара марха
2152-гIа хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Ламаз дечу хенахь телпо тӏера Къуръан деша мегий? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Бараат буьйсанан бух бац динехь! Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «ШаIбан бутт юккъебахча йолу (Бараат олу) буьйса юьйцу хьадис мункар (бух боцу хьадисал а лахара) хьадис ду, цу буьйсанан хьокъехь деана бух болуш цхьа а хIума дац». [Дарс: Доврат кита́бус-сиям, 21.05.2016ш] https://t.me/niysa_lamaz
без подписи
без подписи
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахана хиъча молла кхайкхаран а, (жамаIат-ламазехь) хьалхарчу магIаре хIоттаран а (йал мел йоккха йу) - пхерчашкахула кхажтасар боцург кхин некъ ца карийча а (молла кхайкхарехь а, хьалхарчу магIарера меттиг дIалацарехь а хьалхе йаккха), билггал, и дийр ма дара цара! Царна хиъча хьалххе ламазе вахарехь (йолу йал) - билггал, хьалхабовлар къуьйсуш, сихлур ма бара уьш цига! Царна хиъча суьйренан а, Iуьйренан а ламазашкахь (дакъа лоцучунна хуьлуш йолу йал) - билггал, богIур ма бара уьш (и ламазаш маьждигехь дан), шаьш (цига) текхаш бахка безаш хилча а!» (ал-Бухари: 615, Муслим: 437) https://t.me/hadiisash
Омовение по Сунне (наглядно)
без подписи
Хlора лазамна ламаз.pdf