- Последний пост
- 23 июн.
- Последнее чтение
- 13 авг.
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 20
- Тип
- открытый
- Язык
- az
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- —
- 1/48двое суток
- —
- 1/72трое суток
- —
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
«Ӏашураъ дийнахь марха кхабаро дӀадаханчу шеран (кегий) къиношна гечдо. Деккъа Iашураъ дийнахь марха кхаьбнарг, шел хьалха а я шел тIаьхьа а цуьнца цхьаьна марха а ца кхобуш, къинош дIадойъучу йоле кхочур ву. Ткъа жуьгтех схьакъастарна хуьлуш йолчу йолах вер ву и, амма къа хир дац цунна, царах схьа ца къастарна». Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий
Шаввал беттан ялх марха
https://youtu.be/vlTgIWVMEuU?si=LRxD14ZP6JDud4Hb
Тховса юй лайлатул къадр? 27-гIа буьйса.
видео или голосовое, без подписи
Марха достуш олург 🌴🌙
2188-гIа хаттар: Ассаламу Iалайкум. Молла кхайкхале марста даьстинчуьнан марха доьхна дуй? Цхьаболчара молла кхайкхале 15-10 минот хьалха дастар деза ду боху. Пайхамара (ﷺ) малх чу ма буьзна даста аьлла боху. Вукхара молла кхайкхина ма-ваьлла дастар деза ду боху, нийса муьлох ду? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Марха а долуш, цергаш тойайтар 🦷
кхана дуьххьара марха
https://youtu.be/qdsnSwvxZYs?si=pWqiGWKYLTEvyIdW
Мархийн баттана хӀусамаш, урамаш кечдар Youtube чуьра ссылка
585-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. 15 шаӏбанах лаьцна довзуьйтур дарий аша нахе, дезде лоруш дуй иза? Цхьа а бух буй цуьнан Ислам-динехь? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
584-гӏа хаттар: Ассаламу ӏалайкум. Бараат буьйсанна къаьстина ян езаш ӏамал юй те? ✅Жоп делларг: Нохчийн дешначу нехан кхеташо
Бараат буьйсанан бух бац динехь! Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «ШаIбан бутт юккъебахча йолу (Бараат олу) буьйса юьйцу хьадис мункар (бух боцу хьадисал а лахара) хьадис ду, цу буьйсанан хьокъехь деана бух болуш цхьа а хIума дац». [Дарс: Доврат кита́бус-сиям, 21.05.2016ш] https://t.me/niysa_lamaz
видео или голосовое, без подписи
2179-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. ШаӀбан-беттан марха лоцуш мархийн баттахь хьайн дисина долу марха кхаба а ният хилийта мегий? Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! Мегар ду. https://t.me/Vragi_iblisa
1914-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Давудан (ӀалайхӀис-салам) марха дезаха ду аьлла, ткъа Мухьаммада (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) оршот, еара деношкахь кхобуш ца хилла? ХӀетте а, цо (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-кхаббара ца кхобуш, Давуда (ӀалайхӀис-салам) ма-кхаббара кхаьбча гӀоли дуй? Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! Цунах нийсачу агӀора кхеташ яц хьо, и марханаш Давуд-пайхамара (ӀалайхӀис-салам) кхобуш хилла, ткъа вайн Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) уьш кхабар деза ду аьлла вайна билгалдина, тӀаккха Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ша ца кхаьбнехь а, цо кхаьбча санна вайна уьш суннат хуьлуш ду, ахь уьш кхаьбча хьо вайн Пайхамарна (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) тӀаьхьаяьзнарг лоруш ю. Ткъа Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ша оршот, еара деношкахь кхобуш хиллехь а, дедда-юкъа дерш кхин а деза хилар билгалдина цо. Кхин а, оцу мархийн шайн даржаш ду, цхьадерг вукхул лакхара долуш, дедда-юкъа кхабар уггар лакхара дарж ду. Кхин сов лакхара дарж дан а доцуш. Цул лахара дерг - цхьана дийнахь марха кхобуш, шина дийнахь садоӀуш кхабар ду, цул лахара дерг - хӀора оршот, еара де кхабар ду, цул лахара дерг - хӀора баттахь кхо марха кхабар ду. Юха а, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) оршот, еара деношкахь кхабар аьлла деъна хиларх, иза кхин сов ца волура бохург ма даций, Ӏаишата ма-дийццара: «Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) марханаш кхобура, ванах, хӀокхо марха даста а достий-те аьлла хетталц», аьлла, иштта хуьйцуш лелош хилла Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам). Ткъа хийцаран Ӏалашо а хӀун ю аьлча, хьо шортта марханаш кхаба воьлча, аттаче долу хьуна иза, тӀаккха ца кхобуш Ӏийна, юха кхаба волавелча, хала хуьлу, иштта деш хилла цо. https://t.me/Vragi_iblisa
6 постов месяца шавваль
21-ра буьйса. Тховса юй лайлатул кхадр? https://t.me/islamantariyh1 #ЛайлатулКхадр
https://youtu.be/x9IY1P5B8dE?si=Lq7JQ91dU5JjqF18