Ламаз.Всё о молитве.
СтатистикаЛамазах лаьцна гулбина хьехамаш. МОЛИТВА.ТАУХИД.АКИДА.Актуальные проповеди со множества каналов, с сохранением ссылок. "▪ХIай Билал! (Азан а дей,) садаIийтахь вайга ламаз дойтуш».▪ (Ахьмад).▪ Для обратной связи. @GourabaBot
- Последний пост
- 05:12
- Последнее чтение
- 16:44
- Постов за неделю
- 100
- Всего постов
- 498
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 6
- 1/48двое суток
- 6
- 1/72трое суток
- 7
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
видео или голосовое, без подписи
@tarifiru
видео или голосовое, без подписи
5.Iадлан. Ширк даржаран бахьнаш. Философи жайнеш Iарбойн матте дахар.
видео или голосовое, без подписи
видео или голосовое, без подписи
1230-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Шена тӀедеъна долу захало декхар бахьана долуш, и дӀадаллалц дӀатетта а, тӀе ца эца а бахьана дуй? Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! И бахьана дац захало дӀатетта, мелхо а, захало дан деза дӀа а ца тоьттуш. Мелхо и захало рицкъ хуьлуьйту бахьанех бахьана ду, Дала Къуръан чохь боху: «Шу къен делахь, АллахӀ хьал лур ду шуна», - къен дара аьлла захало ца деш ма Ӏе аьлла дуьйцуш. И хӀума нахана юкъахь лелаш долчуьнца ахь тидам бича а билгалдолу хьуна, хийла къен стага зуда ялийча цуьнан хьал тадала доладелла. Иштта хийла къен йоӀ маре яхча хьал тадала доладелла. Цо шен захало дича и бахьана хӀотта мега цуьнан декхар дӀатакха аьтто бала а, цунна хьал дала а. https://t.me/Vragi_iblisa
1229-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Цхьана йишас хоьтту, хьижаб лелош ю и, амма чуьрачара сийсаза до цуьнан хьижаб, Ӏарбойн мотт Ӏамо лууш а яра чӀогӀа, чуьрачара ца Ӏамабойту, вирд даккха бохуш, цхьацца шайн хӀуманаш дуьйцуш хьийзош ю, хӀара цхьаъ бен яц кхеташ, ша хӀинц-хӀинца гучуйолу бохуш Ӏаш ю, гучуялахь чӀогӀа вон хьал хир ду цуьнгахь, цу хьокъехь чуьра араяьлла дӀаяхча къа хир дуй цунна, цхьаьна махьрам воцуш яхча? Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! Араяьлла дӀаяхча къа хир ду дера, хьарам ду, цхьана а агӀора мегар дац! Жимма хало тӀе ма Ӏоттаелла ма сиха охьакхосса кийча хуьлу вай хӀара дин, собаре хила дезаш дай вай-м тӀе хало еъча! Муьлххачунна а хаа деза, шена динехь нисвала дага ма деънехь, ша нисвалале хаа деза, ша нисвелла хьалхарчу дийна дуьйна шена халонаш дӀаюьйлалур юй, и халонаш лан ша кийча вацахь ӀаддаӀан веза! Халонаш уггар хьалха хьан чуьрачаьргара, тӀаккха тайпанан нахера, тӀаккха юьртахошкара, тӀаккха махкахошкара, тӀаккха тӀаьххьара дукха хьолехь махках вала дезар, и дерриге лан кийча хила везаш ву шена нисвала дагадеънарг, деккъа тӀе хьижаб дохарца я маж охьахецарца чекхдолуш ма дац динца дерг. Ахь хьуо нисвелла бохий? ТӀаккха Дала зуьйш ву, хьовсур ду-кх вай хьо мел нисвелла аьлла! Ткъа вай и зер тӀеӀотталушшехь ваьш нисдалале хьалха хиллачул чӀогӀа галдовлу. Цунна шен хьижаб ца лелош Ӏар гӀоли ма ду, иштта араяьлла дӀайоьдучул! Цундела собаре хила еза, доӀанаш дан деза, лан еза хало, иштта атта даций ялсамани яккха-м. Оццул кӀеззиг долчу хӀуман тӀехь а вайга собар ца даделча, вай хӀун дин хӀоттор ду дӀа?! Хала а-м дацара чуьра ерг бен анпал ца хилча, уьш-м хьан чуьранаш ма бу, цара хӀуу бахахь а, юьйр яций цара-м иза, я таӀзар а дийр дац! https://t.me/Vragi_iblisa
1228-гӀа Хаттар: Ассаламу Ӏалайкум. Маре ца яха магийна дуй? Жоп: ВаӀалайкумуссаламу варахьматуллахӀи ва баракатухӀ! Маре ца яхана магийна ду, нагахь санна хьо хьарам долу хӀуманах ларлур ю аьлла хьайна хетахь, цига ца яхча. Амма маре яхар - иза дика ду, хӀунда аьлча чӀогӀа ирча зама ю хӀара тахана вайна еънарг, цундела хьо реза йолуш бусалба ваша велахь, иман долуш, реза хила еза, маре иштта дӀатетта мегар дац цхьа бахьана доцуш. https://t.me/Vragi_iblisa
видео или голосовое, без подписи
видео или голосовое, без подписи
*Хьан рицкъ, кхечо дуур дац хьуна, синтеме хила.* *Леид (АллахIа Iалашвойла иза)* *https://t.me/leid_hehamash*
https://youtu.be/yglvJb7Sm6U?feature=shared
видео или голосовое, без подписи
Цхьана стага Делан элчана ﷺ тIе веана хаьттира: «ХIай Делан элча йолехьа уггар деза сагIа муьлхарг ду аьлла?» Делан Элчано ﷺ элира: «Хьой могуш а волуш, даьхни дезаш а волуш, къоьлах кхоьруш а волуш, вехаш хила луаш а волуш ахь делларг ду».
Ибнул-Къаййим аьлла: Iибадатехь хьайн ледарло мел чIогIа елахь а, хаза гIиллакх тасси ма диталахь, иза хьан догIа хила тарло хьуна лекхарчу ялсамане кхача. Дика нах къинош доцуш бу моьтту хьуна?! Церан а ду къинош, амма, цара уьш хьулдина, гуча ца даьхна; гечдар дехна цара, юха ца бовлуш ца лаьттина уьш; шайн бехк тIелаьцна цара шаьш кIелхьара а ца баьхна; шаьш къинош динчул тIаьхьа дика Iамалш а йина цара. Салафех цхьаьнга хаьттина: «Хьайн динца муха ву хьо?» Цо аьлла: «Къиноша этIадо иза, ткъа аса гечдар дехарца йома латайо цунна». Мел говза хаттар ду, мел кIорга жоп ду!
Динан бӀогӀамаш пхиъ бу: 1. Шахlадат Тешалла дар, АллахΙ воцург кхин дела вац аьлла, Мухьаммад АллахΙан элча а ву аьлла. 2. Ламаз дар Ца дича мегар доцуш тΙедехкина долу ламазаш пхиъ ду, уьш дийнахь а, буьйсанна а шен-шен хенахь дан дезаш а ду. 3. Закат далар Закат – иза сагΙа ду, закат тΙедожжал даьхни шен гулделлачо шарахь цкъа мискачу нахана а, иза дала хьакъ болчарна а луш долу. 4. Марханаш кхабар Вайна тΙедиллина дерг – бусалба нехан терахьца иссолгΙа, Рамадан цΙе йолу мархин бутт кхабар ду. 5. Хьаж дар Хьаж дар бохург – Хьаж-цIа вахар ду, шарΙо билгалйинчу хенахь, шарΙо билгалдина долу Ιибадат кхочуш дархьама. Дала иза тΙедиллина дахарехь цкъа, ницкъ кхочуш волчунна.
видео или голосовое, без подписи
Даарна резацахилар.
Сийлалла.