Тептар
Статистика- Последний пост
- 12 авг.
- Последнее чтение
- 15 авг.
- Постов за неделю
- 2
- Всего постов
- 20
- Тип
- открытый
- Язык
- tk
- Категория
- Религия (по похожим)
- В каталоге с
- 14 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 28
- 1/48двое суток
- 32
- 1/72трое суток
- 34
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Хьайна тӀехь лаьтташ долу хьал хийца лаьий хьуна, хьуо хийцало, боху хьоьга АллахӀа! Хьо хийцавелла а воцуш хьал хийца лаьий хьуна, иза-м хьуна гур дац хьуна! Ӏакъидат Академи
видео или голосовое, без подписи
ЧӀогӀа ирча хӀума ду и адамехь, и хӀума лар ца деш долу адам шайга даийта а ца лаьа нахана! Цунах къаьхка, цуьнан маттах къаьхка, цуьнца долу гергарлонах а къаьхка!
видео или голосовое, без подписи
БӀаьрзе волуш гӀо бохург, цу хӀусаме кхаьчча хьайн бӀаьрса ларде, массо хӀумане хьажа гӀерташ, ремонташ, дина гӀуллакх, маьнги кӀел цхьаьна кхийдаш, хӀара хӀун ю, важа хӀун ю, хӀара мичара яьлла, хӀара маца эцна, мичара эцна, хьан елла, маца, муьлха сахьтехь, муьлха минотехь бохуш, неӀарш схьайоьллуш цу чу кхийдаш, массо хӀума хаа гӀерташ, цу чохь болчарна дийца ца луург а, уьш къайладахьа гӀоьртича юх-юха и адам кегош, цунна тӀаьхьадаьлла ма лела бохург ду, и ду хьо нехан хӀусаме воьдуш бӀаьрзе хила веза бохург! Ткъа цу хӀусамера араволуш мотт цахуург санна вала бохург, хьо вахана я яхана хӀусамера араяьлча, церан хӀара дарий, уьш боьха Ӏаш барий, цара хӀинца а и чоь та ца йиний, церан ахча, хӀокхо и бохурий, хӀара хиллий, важа хиллий бохуш и эладиташ, и гӀийбаташ, цу тӀе бухӀтанаш а цадар, и ду и мотт цахуург санна хила бохург!
видео или голосовое, без подписи
Дин - хьан гӀиллакхаш ду.
ГӀиллакх - и ду и дерриг дин.
Хьан гӀиллакхаша хьуна тӀедан лерийначу вочу хӀуманашха ларво хьо. Рузбанан хьехам
видео или голосовое, без подписи
АллахӀ - къинош дӀахьулдийриг вацахьара, цхьа а адам охьахуур ма дацара вайца я цхьанна а дезара ма дацара вай…
видео или голосовое, без подписи
ГӀурбанан Ӏийданан дийнахь такбир даран хан Ӏарафат-денна Ӏуьйра-ламазан ханна тӀера цунна тӀаьхьадогӀуш долу (гӀурбанна урс хьокху де а) кхин а кхаа дийнахь, цу кхозлагӀчу дийнахь маьркӀажа хан хиллалц ю. ХӀора фарз-ламаз дина ваьлча цхьа хӀоккхул аьлла барам боцуш хьайна мел луу кӀезиг дина а такбир дийр ду.
Ӏийдане гӀаш вахар Ӏийдане воьдуш дезох дерг гӀаш вахар ду, цхьа бехказло яцахь, масала, меттиг гена хилар, я лела ца луш.
ГӀурбанан Ӏийдане ваханчу новкъаца доцуш кхечу новкъахула цӀа вар ду суннат дерг.
ГӀурбан дийнахь Ӏийдане вахале хӀума ца кхаллар Марха досту дийнахь Ӏийдане вахале хурманаш кхаллар я кхиерг кхаллар ду суннат. Амма гӀурбан дийнахь Ӏийдане вахана цӀа веъча кхаллар ду.
ГӀурбан дийнахь кечвалар Марха досту дийнахь санна цӀена, я керла, я хьайн долчу духарех уггар тоьлла, уггар хьуна мехала, деза долу духар ду тӀедоха дезаш!
Ӏийдане воьдуш лийчаран суннат муха кхочушдеш ду? Ӏийд-дийнахь Ӏуьйра-ламаз ма-динна Ӏийдане ваххалц ю цуьнан хан. Ӏуьйра-ламаз дале хьо лийчинехь, я сийсара хьо лийчинехь, я селхана лийчинехь, я Ӏийданера цӀа веъча хьо лийчинехь, хьо цу суннатна юкъавоьдуш вац!
видео или голосовое, без подписи
https://t.me/lamazash?livestream