- Последний пост
- 14 авг.
- Последнее чтение
- 15 авг.
- Постов за неделю
- 8
- Всего постов
- 49
- Тип
- открытый
- Язык
- az
- Категория
- Религия
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 67
- 1/48двое суток
- 76
- 1/72трое суток
- 82
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
https://t.me/hheham?livestream
Пайхамар вина де даздар Шайх Вахьи́д Iабдус-Сала́м Ба́лис (АллахIа Iалашвойла иза) боху: «Цхьаболчу наха рабиӀул-аввал беттан 12-гIа де даздо, Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дуьненчу валарца. Ткъа хаттар: Иза Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) лелош хилла суннат дуй? Я Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) лелийна дац иза? Цхьаболчара Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дуьненчу валар даздо, цу дийнахь жижигаш даарца, Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дуьненчу валарна самукъанна, даккхийдеш ду шаьш олий. Кхиболчара Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дуьненчу валар даздо, цу дийнахь берашна мерза хӀуманаш эцарца, Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дуьненчу валарна, церан самукъадоккхуш олий. Ткъа кхечара шаьш иштта а я вуьштта а ца даздо, делахь а, кхечу кепара даздо шаьш олий, маьждигашкахь вовшахкхетий, Пайхамаран (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) сийрат йоьшу. ТӀаккха хаттар ду: ХӀара белхаш динера а, мегаш а, АллахӀана герга вуьгуш а белхаш ду я дац? Жоп: И дерриге белхаш Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) лелийна дац, я цуьнан цхьана а асхьабо а. Дуьххьара цкъа билгал ца дича ца долу, АллахӀан Элча (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вешан догӀмел а, вешан доьзалел а, вешан дайл а дукхавезаш ву вайна! Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) аьлла: «Шух цхьа а иман диллина ма вац, со дукхох веззалц, шен дел а, шен доьзалал а, берриге нахал а». ШолгӀа, вайна Пайхамар (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дукхавезарх ду-кх - вай цуьнан суннатна тӀаьхьадазар, цуьнан нийсон тӀехь нисдалар, цуьнан омранна бӀоста ца довлар. Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) даздиний ткъа ша дуьненчу ваьлла де? Жоп: Ца дина. Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) омра диний, я дийцний вайна, ша вина де дазде аьлла? Жоп: Ца дина. Ткъа и даздар Далла герга вуьгуш болх белхьара, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) вайга омра дина хир ма дара, вайна дийцина а хир ма дара, хӀунда аьлча Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) цхьа а дика хӀума дитина ма дац, вайна билгал данза, я цхьа а вон ма ца дитина, цунах вайга ларло аьллий бен. КхозлагӀа хаттар: Асхьабаш бу-кх кху умматехь уггаре а беза берш, Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) шайна тоьшалла а дина. Ткъа цара даздиний Пайхамар дуьненчу ваьлла де? Жоп: Ца дина. ДоьалгӀа хаттар: ТабиӀинаша даздиний ткъа Пайхамар дуьненчу ваьлла де? Асхьабаш дӀабевлча, уггаре а беза берш ма бу уьш. Жоп: Ца дина. ТабиӀут-табиӀинаша даздиний Пайхамар дуьненчу ваьлла де? Жоп: Ца дина. Цул тӀаьхьа, и беза нах болу хенаш дӀаевлча, доладелла Пайхамар дуьненчу валар даздан». [Дарс: Сахьихь Бухарий, 17.10.2021] https://t.me/Shayh_Vahid_Baliy
Мовлид дешар Бакъдолу Пайхамар везар Празднование дня рождения Пророка Мовлидаш дешар бидӀат хилар Мовлид Мовлид дешаран бух Пайхамар вина де даздар мичара схьадаьлла ду? Мовлид дешар важиб цахилар Мовлид. Пайхамар кхелхина де Пайхамар дӀакхелхина бутт Асхьабаша ца даздина БӀешераш дӀадевлча юкъадаьлла бидӀат Пайхамар везар а, и вазвар а Къобалдийр дац Пайхамар дуьнен чу ваьлла де даздан мегаш дуй? Уммат эшна а, сийсаза а хӀунда ду Пайхамар вина де даздар Мовлид дешар Элча вина де даздечаьрга хаттарш Дуьххьара мовлид дешнарг мила ву? Пайхамар вина де даздан мегар дуй? Мовлид Мовлид дешар хьокъехь жайна
Ибн аль-Къаййим сказал: «Если взгляд твой случайно упал на запретное, то знай, что это та самая искра, от которой возгорается пламя войны, так закройся от него покровом: «Скажи верующим мужчинам, чтобы они опускали свои взоры...» (сура 24 «Свет», аят 30). И тогда ты избегаешь скверных последствий, и Аллах избавляет верующих от сражений». «Фаваид» стр. 86
без подписи
без подписи
Малх-бутт лаьцча деш долу ламаз Ткъа ламаз - малх, я бутт лаьцна гинчу меттехь бен деш дац. Youtube чуьра ссылка
без подписи
Дала бакъ дойла хӀара
3⃣1⃣➖🟡➖🟡 🟡🟡🟡🟡
• Шейх аль-‘Усаймин (رَحِمَهُ الله) сказал: «Ложь не дозволена ни всерьез, ни в шутку, поскольку это относится к порицаемым качествам, которыми отличаются лишь лицемеры!» العثيمين: الكذب لا يجوز مازحاً ولا جاداً لأنه من الأخلاق الذميمة التي لا يتصف بها إلا أهل النفاق 🔊 Сл. «Нурун ‘аля-ддарб» 17 © t.me/usaymin_ru © t.me/ulama
Шен нана лоручо кхечуьнан нана а лорур ю.
без подписи
Кху дуьненчохь хьайн коьрта lалашо ахь Аллахl резавар йича, хьан дуьне Цо нисдийр дара, сингаттам дlaоьцуш, даге синпаргlато а кхачор яра.
Толаман де - 06.08.1996 шо
без подписи
Ламазо боьха дерг, вон дерг дӀадоккху боху АллахӀа. Хьан ламазо хьоьгахь хийцам ца бинехь, хьоьгара вон дерг, боьха дерг дӀа ца даьккхинехь, хаалахь, хьан ламаз ду хьуна хийца дезаш - хьайн ламаз ду хьуна ахь нисдан дезаш, хӀунда аьлча и дан ма-дезза хьо деш а волуш хьоьгахь долу вон дерг хьоьгахь хила йиш йолуш дац хьуна.
без подписи
01. Шайгахь масал долу баккхий къонахий... ● Жайнан цIе. ● Жайна яздинарг: Шайх Мухьаммад Муса ашШарийф мила ву? ● Жайна довзийтар. https://t.me/vaynmajlis Цакхеташ дерг хатта: @Vaynmajlis_bot #Шайгахь_масал_долу_къонахий
01. Шайгахь масал долу баккхий къонахий... ● Жайнан цIе. ● Жайна яздинарг: Шайх Мухьаммад Муса ашШарийф мила ву? ● Жайна довзийтар. https://t.me/vaynmajlis Цакхеташ дерг хатта: @Vaynmajlis_bot #Шайгахь_масал_долу_къонахий