SATIYSAM
Статистика- Последний пост
- 17 авг. 2025 г.
- Последнее чтение
- 13 авг.
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 12
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- —
- 1/48двое суток
- —
- 1/72трое суток
- —
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Тӏе ма ийза!
Бабичохь яц баба Бабина т1е к1айн коч юхуш, Месаш тхо шарйина девлча. Хьо шена цо мара вуллуш, Хьостур ву жимма сатоьхча. Х1инца –м и лийчош ю аьлла, Беана цхьа аннийн маьнга., Со 1еха винарг и хьаьнга, Яхна те леч1къина яьлла? Бабичохь –м ю х1инца шийла, Бабийчоь –м ю х1инца тийна. Б1аьргаш шен т1унделла хишца Бабийчохь сан да ву х1инца. «Ас ехнарг луръяра цунна – Сан баба гайтиначунна». Соска а луръяра иэшахь Вигча со и йолчу беша. Сан баба гинарг вац цхьа а, Бакъдерг а ца дуьйцу наха. Вашига эрду ас кхана, Бабичохь яц хьуна баба.
Сайн байташкахь аса даиман а йуьйцург сан денана йу. Цунна сагатдар совдаларо йаздойту соьга х1ара мог1анаш.
Массарна а хууш ма ду нана шен бераца сов къинхетаме хуьлий. Мел доккха и хиларх, цуьнан б1аьргаш чохь иза тохара санна жима хуьлий. Ткъа цунах къастар муха ду? Цхьаъ д1авоьллича, ма боккха бала хила беза цу адамехь... Ткъа шолаг1аниг? Иза а д1авели... Дукха ца дисна нанин бераш, цхьа бутт бели, ши бутт бели сингаттам лаьтта... Юха а Аллах1а зий нана... К1ант виги. Мича виги? Вигар х1ун бахьана дара? Цхьа а вац кхеташ... Сатуьйсу. Лоьху. Амма, т1аьхьа ца кхуьу. Сингаттамо балано леци нана... Нанас юха а сатуьйсу, шен к1орни Аллах1е доьхуш. Нана корех ара хьоьжу. Кевне хьоьжу. Йоьлху... -Нана ма елхахь, х1ун хилла? -Кхин тоха са дисна дац сан. Цу кевнех чоьхьа вер вац те бохуш сатуьйсу аса. Хан зама йолу сатийсарца. 19 шо долу к1ант цакарош. Сингаттамо лаьцна нана т1аьххьара 1ожалло лоцу...
видео или голосовое, без подписи
Шена дукха деза х1ума дуьйцу х1ораммо а… Сих-сиха и хьехо лаьа,цуьнца самукъа а долу,цунна оьшург латто а лаьа,цуьна езарг яла лаьа.. Доцца аьлча,цуьнан дола до ахьа безамца,хьайна хаза хеташ,лаа лууш… Иштта сан дахарехь а ду цхьа х1ума,суна ч1ог1а дукха дезаш,и дага деъчи а самукъа долуш… Иза даимна а суна йуххехь хуьлу,цуьнца къаьстана ч1ог1а самукъа долу сан,ловза дог дог1у,цунна оьшучунга хьажа дог а дог1у.. Иза сан цициг ду,даимна а соьца ду,со г1айг1ане хилча,улле дог1ий,т1е хьерчаш схьа хьоьжу.. Со самукъане хилча соьца ловзуш 1а. Массери а хуьлийла иштта дика цицигаш йуххехь Сан Муту сан дика доттаг1!
«Вай мел чӏогӏа собаре ду моттийта вай гӏертахь а, вайх хӏоранна цхьа хӏума ду цу хӏуманца тӏе бала беъча кхечу хӏуманал а чӏогӏа лазаме долуш, цу хӏуманца зер уггар боккха бала болуш, вай даима а доӏа деш "Хӏай сан Дела, и доцарг муьлхха а...!"» Бадр Áль Марӏий
Цхьа узамаш хезна со набарха йаьлча, корах арахьоьжуш, йоьлхуш, сайн Денана йайра суна... «Нана, хьуна хӀун хилла? Ма йелхахьа», – аьлла, со шега йистхилча, Нанас элира: «Оцу кевнах чоьхьа вера вац-те Хьамзат, бохуш, сагатло-кх сан...» Цуьнан кӀентех жимахверг вайна ткъа шо гергга хан-зама йаьллера, шех хӀун хилла ца хууш. Цуьнга сатуьйсуш, кхин и ца гуш, дӀакхелхира Нана.
видео или голосовое, без подписи
видео или голосовое, без подписи
Даиман а дагахь лаьттарг... Нанас даимна а хьехорчуьнца дика хиларца весет дора соьга: «Хьайн хьехорхочунна ларам белахь,цуьнгара г1иллакх схьа эцалахь,цо дов дича дуьхьал йист ма хилалахь,хьехархо к1ад велла хила тарло,йа цхьамма хала хетар дина хила а тарло,бераш дукха долуш лара ца веш хила а тарло,цуьннам хьуна во болх ца лаьи цхьанна а аг1ора» Иштта дуккха а масалш даладора.. Ткъа хьехархочо сой хастийча,дукха хазахетарца,самукъадаларца,сихха йодий,Нанега дуьйцура. Нанас «Дала хьуна уьш а,хьо царна а муьт1ахь йойла»оле хьостура со.. Хьуьжарехь а,ишколехь а,къовсамашкахь хьалхара меттигаш йаьхча уьш цкъа дуьххьара Нанега гойтура аса,цо сой хастора йуй хууш..Ишколера ц1а йог1уш «Тахана маса шиъ даьккхи ахьа?»оле хьовза йора со,сан Де-Вашас.Цо со хьовзийча Нанас цунна дов дора, «и йо1 ма хьийза йе бохуш» Вашина,Нанас дов дича сунам хаза ма хетара,цо сой дукха хьийза йо дера..
Channel created