Талламхо
СтатистикаЗIе: @tallamhoo Ахьа йита хьайна тlаьхьа дика лар, наха хьо дагавеъча эра долуш: «Дала къинхетам бойла цунах… Ма боккха эшам букха иза вайна юкъахь цахилар».
- Последний пост
- 09:57
- Последнее чтение
- 13:13
- Постов за неделю
- 7
- Всего постов
- 29
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- Категория
- Религия (по похожим)
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 112
- 1/48двое суток
- 128
- 1/72трое суток
- 138
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
НЕБЛАГОДАРНОСТЬ МУЖУ — КУФР 29 - Передается от Ибн Iаббаса, да будет доволен ими АллахI, что Пророк, да благословит его АллахI и приветствует, сказал: «Мне был показан Огонь, и оказалось, что большинство его обитателей — женщины, которые проявляют куфр». Спросили: «Они проявляют куфр в АллахIа?» Он ﷺ сказал: «Они проявляют куфр по отношению к мужу и проявляют неблагодарность за добро. Если ты будешь делать одной из них добро всю жизнь, а затем она увидит от тебя что-либо [что ей не понравится], она скажет: “Я никогда не видела от тебя никакого добра”». 📖 САХЬИХЬ БУХАРИ _______________ Грех жены не в том, что жена сказала: «Ты сейчас поступил неправильно». Не в том, что она пожаловалась. Не в том, что она расстроилась. Не в том, что ей не понравился поступок мужа. И даже не обязательно в самой эмоциональной реакции. Проблема в том, что конкретная претензия превращается в отрицание всей истории добра: «Ты сделал мне больно» превращается в «Ты никогда не делал мне добра». Вот это уже несправедливо. ▶️ Талламхо | ТIе вазло ✈️
Хьо физик вуй? Ахь физиках лаьцна дийца. Хьо химик вуй? Ахь химих лаций дийца. Хьо бусалб вуй? Ахь тӀаккха хьайн динах лаций дийца. ▶️ Талламхо | ТIе вазло ✈️
Ограничивать разговоры о религии только учёными и студентами, будто простой мусульманин не может даже слова сказать, возразить или с чем-то не согласиться, если у него есть на это доводы, в корне неправильно. Религия ведь не только для учёных и студентов. Она общая для всех мусульман. И каждый имеет право говорить о ней, если говорит на основании доводов, которые у него есть. Никто не обязан принимать всё подряд только потому, что это сказал какой-то учёный или студент. Да, кто-то знает религию больше, кто-то меньше. Но если человек точно знает, о чём говорит, и у него есть довод, он имеет право возразить любому человеку на этом свете после Посланника АллахIа ﷺ. Не нужно превращать мусульман в людей, которым якобы запрещено говорить о своей же религии только потому, что они не учились в Аль-Азхаре или Медине. Не каждый мусульманин обязан быть учёным, чтобы иметь возможность сказать: «Я с этим не согласен, потому что вот такой-то довод». ▶️ Талламхо | ТIе вазло ✈️
без подписи
без подписи
без подписи
Большинство своих книг мне пришлось отдать, как бы мне ни хотелось с ними расставаться. Почти год они лежали в коробках, и привезти их домой не представлялось возможным. Поэтому я решил, что лучше пусть их читают другие и получают пользу, чем они будут лежать без дела и покрываться пылью. Большинство этих книг было приобретено на деньги, пожертвованные братьями и сестрами. Пусть АллахI воздаст им многократно больше за то, что они потратили. Хочу, чтобы они знали: книги не были проданы, а выделенные средства не были потрачены на другие нужды. Как только я понял, что больше не смогу продолжать заниматься с этими книгами и получать от них пользу хотя бы время от времени, я передал их другим студентам знаний. Некоторые книги я оставил себе, ин шаа АллахI, в скором времени они должны приехать ко мне. К сожалению, книги застряли в Египте после того, как меня подло и мерзко депортировали оттуда. Пусть АллахI сделает эти книги полезными для тех, кому они достались, и воздаст благом всем, кто помогал приобретать их. آمين. ▶️ Талламхо | ТIе вазло ✈️
Вежарий, бойзурш-безарш сайга хоьттуш буьйлабелча "хьехам хӀунда ца бо ахь? хӀара-важа хӀунда ца дуьйцу ахь?" Суна сайна эхь хета. Сан ала хӀума а ца хуьла. Ткъа хӀун дийца деза? Къинош дитарх лаьцна, ас уьш хӀора дийнахь айса деш хилча? ГIийбатах лаьцна, ас айса иза деш хилча? БӀаьргаш хьарамчух ларбарх лаьцна, ас хӀинца а сайн бӀаьргашна тIаьхь толам ца баьккхинчу хенахь? Эрин хан йайъарха лаьцна, са сайн денош эрна дӀадоьлхуш а гуш? Йа Ӏибадатехь къинхьегам барх лаьцна, со массарел а гӀийла воллушехь? ХIу дийца ас? Йа АллахӀ, со дикачу нахах цхьаъ ве Ахь, царна со гуш волу дика стаг ве Ахь, кхин а дика ве Ахь со. ▶️ Талламхо | ТIе вазло ✈️
عَنْ أَبِي سَعِيدٍ الْخُدْرِيِّ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُ أَنَّ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ قَالَ: «يُوشِكُ أَنْ يَكُونَ خَيْرَ مَالِ الْمُسْلِمِ غَنَمٌ يَتْبَعُ بِهَا شَعَفَ الْجِبَالَ وَمَوَاقِطَ الْقَطْرِ، يَفِرُّ بِدِينِهِ مِنَ الْفِتَنِ». 19. Абу СаӀид Аль-Худрийс (АллахӀ реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахӀер салам-маршалла хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба стеган уггаре а дика бахам уьстагӀий хир болу зама герга ю, иза царна тӀаьхьа а воьдуш ламлойн лакхенашкахь. Цигахь шен дин питанех лардеш ведда гIура ву иза». Сахьихь Бухари 📖 Талламхо | ТIе вазло ✈️
Хаттар: Ламазехь фатихьат доьшуш куьйгаш мича дахка деза? Жоп: Оцу хаттарх лаьцна Делан элчанера (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) сахьихь долуш, куьйгашна билггал йолу меттиг билгалъяьккхина деан хIумма дац. Хьайна лаахь куьйгаш цIонган лакха, буха, накхан тӀе дахка, цхьа а башхалла яц цуьнан. АллахӀ дика хууш ву. 📖 Талламхо | ТIе вазло ✈️
„Ма тамшийна х|ум дукх из Акъида, хьуна маьлла уллерниг гена вокх цо, шун ойла цхьан т|аьхь яцахь, хьуна мял генарниг улле вокх цо, шун ойла цхьан т|аьхь йалахь. Ма хаз букх из Аллах|ан дуьхьа бол безам."
Хаттар: Каратэхь а, дзюдохь а ковер тIе ваьлча хенахь еш йолу наклон, приветствие йаьш, бусалба динехь хьарам дуй? Жоп: И наклон еккъа цхьа лерам хилар, кхерамазалла гайтар, тешам хилар билгало санна еш ю, оцу спортехь Ӏадатехь ду иза, динца цхьа а зӀе йолуш хIума дац.Иза хьарам долуш хӀумма а дац цигахь, цуьнца цхьаьна хьарам агIор дог ойла ца хилар ду коьртаниг, масала АллахIан баьн яла йиш йоцу сийлал луш, йа Ӏибадат дар санна меIан долуш, иштта кхи дIа а. АллахӀ дика хууш ву . 📖 Талламхо | ТIе вазло ✈️
Сайна 300 спартанцаш эцна кхи дIа новкъа доьвра ду тхо, хIинцалца санна. Бакъдерг цкъа а доккхачу тобанехь ца хуьлу…))
…нагахь санна хьуна хIокху агIон тIехь пайда гахь. Амма хьайна цагахь, оьшуш дац хьуна, эшшане а.)
▪️ Яржае хIара вайна агIо 📖 Талламхо | ТIе вазло ✈️
Ассаламу 1алайкум Ваша ,на пример тахан хаза де ду ара цавалар хьарам ду олакх цхьа болчара ишта мегаш дуй и? ва Iалайкум ас-саламу ва рохьматуЛлохIи ва баракатухIу Динан агIор хьарам ду бохучу маьIнехь олуш дац иза. Еккъа цхьа эмоциональный усиление ю, цхьана гӀуллакхан инзаре хилар чӀагӀдеш. АллахӀ дика хууш ву. 📖 Талламхо | ТIе вазло ✈️
#4_ГIИЙЛА ХЬАДИС «Аьшпаш кхаа хьолехь бен ца мега: майрачунна а, зудчунна а юкъахь, тӀамехь, маслаӀат дан Ӏалашонца». ХIорша пайхамаран ◽️ дешнаш дац, табиӀий Ибн ШихIаб аз-ЗухIрин дешнаш ду. Ибн ШихӀаб аз-ЗухIрин дукхахболу уггаре а уллера болчу дешархоша, шайна юкъахь Малик ибн Анас а, Суфьян ибн Ӏуйайна а, МаӀмар ибн Рашид а, кхиберш а болуш, и дешнаш Ибн ШихIаб аз-ЗухIрис аьлла дийцина цара. Элчанан ◽️ хьадис ду: لَيْسَ الْكَذَّابُ الَّذِي يُصْلِحُ بَيْنَ النَّاسِ ، فَيَنْمِي خَيْرًا أَوْ يَقُولُ خَيْرًا «Дика къамел а деш, диканиг дӀакхачорца нахан маслаӀат деш верг аьшпаш буттуш вац». (Сахьихь Муслим). Ткъа "Аьшпаш кхаа хьолехь бен ца мега: майрачунна а, зудчунна а юкъахь, тӀамехь, маслаӀат дан Ӏалашонца" бохуш долчунах аьлча, хӀара пайхамаран ◽️ хьадис дац, амма табиӀи Ибн ШихӀаб аз-ЗухIрин дешнаш ду. АллахӀ дика хууш ву . 📖 Талламхо | ТIе вазло ✈️
СУДЖУДЕ МУХА ВАХА ВЕЗА? ЦКЪА ХЬАЛХА КУЬЙГАШ ОХЬА ДАХКА ДЕЗА ЙА ГОЛАШ? Суджуде воьдуш хьалха куьйгаш дахка деза, я голаш йахка еза бохуш долу хьадисаш сахьихь дац. Иштта эмкал санна охьавижа ца веза суджуде воьдуш бохуш долу хьадисаш а дац сахьихь. Цу хаттарехь Пайхамарера (АллахӀера салам-маршалла хуьлда цунна) сахьихь долуш хӀума дац, «иштта я вуьштта дан деза» аьлла тӀедожийна. Оцу хьокъехь деана долу хьадисаш я вовшашна дуьхьал догӀуш ду, я церан зIе гӀийла ю. Цундела, нагахь цунна куьйгаш хьалха дахка атта делахь, куьйгаш хьалха дахка йиш ю, я голаш хьалха яхка атта делахь, голаш хьалха яхка йиш ю. Динехь хӀокху гӀуллакхехь вайна паргIато ю. АллахI дика хууш ву. 📖 Талламхо | ТIе вазло ✈️
ДЕЛАН ЭЛЧА ДӀАКЪАЬСТИНА БУСУЛБАЧУ НАХАХ, МУШРИКАШНА ЮККЪЕХЬ БЕХАШ БОЛУ? أنا بريءٌ من كلِّ مسلمٍ يقيمُ بين أظهرِ المشركين. «Со дӀакъаьстина ву (цIена ву) муьлххачу а бусулба стагах, мушрикашна юккъехь вехаш волу». (Абу Дауд 2645, Имам Тирмизи 1604.) Дуккха нахан моьтту, Делан элча ﷺ дӀакъаьстин муьлххачу а бусулба стагах, нагахь иза бусулба боцучу махкахь вехаш валахь. И кхетам сакхт долуш бу. Цкъа делахь, хьадис сахьихь хилар шеконе ду. Дуккха а баккхийчу хьадисан Ӏилманчаша, шайна юкъахь Имам ал-Бухари а, Абу Дауд а, ат-Тирмизи а волуш, билгалдаьккхина, и хьадис шен дуьззина риваятехь («Пайхамаран дешнаш» санна) къайлаха сакхт долуш хилар (علة). Амма цхьаболчу Ӏеламнахана иза сахьихь хеташ делахь а, коьрта ду цуьнан маьӀна нийса кхетар. ШолгӀа делахь, хьадис дáран шен бахьан хилла (сабаб ал-вуруд). Пайхамара ◽️ аьлла и дешнаш билггалчу хьолехь. Бусулба тӀеман эскар тӀелетира шаьш тӀом беш хиллачу мостагӀаллин ХасIам олучу тайпанна. Оцу тайпанна юкъахь къайлах бусалба дин тӀеэцна нах хилла. Буьйсанна тӀом чехка баьлча бусулба эскархошна уьш ца бевзина, ларамаза байина цара уьш. Иза хиъча, Пайхамара ◽️ церан доьзалшна ах цӀий мах (дийя) бен ца белла, тIаккха и дешнаш аьлла: أنا بريءٌ من كلِّ مسلمٍ يقيمُ بين أظهرِ المشركين. «Со дӀакъаьстина ву (цIена ву) муьлххачу а бусулба стагах, мушрикашна юккъехь вехаш волу». «Со дӀакъаьстина...» бохучу дешнийн маьӀна цу хьолехь «Со жоьпаллехь вац шайна тӀом кхайкхина болчу мостагӀийн махкахь шен лаамца висинчу бусулба стагах, нагахь вайн тӀемалоша, иза ца вевзаш, мостагӀийн метта ваьр нислахь». бохург ду. Таханлера Ӏеламнах (факъихаш) цхьа барт болуш бу: нагахь бусулба стагана шен дин паргӀат а, кхерам боцуш а лело йиш йолуш хилча, бусулба боцучу махкахь вахар цунна мегаш (бакъо йолуш) ду. 📖 Талламхо | ТIе вазло ✈️
#3_ГIИЙЛА ХЬАДИС الخوارجُ كِلابُ النَّارِ «Хавариджаш — цIеран (жоьжахатин) жIаьлеш ду» аьлла долу хьадис — дIатеттина (мункар) ду! Цуьнан массо а зIе Абу ГIóлибан тIе хьалайоьду, а иза — хьадисашкахь дIатеттина ву (лоруш вац). Иштта гӀийла ду оцу хьадисан кхидолу некъаш а, Абу ГӀóлибехула доцуриш а. Уьш я ца девзаш (маджхIул) ду, я доьхна ду, я кхин а гӀийла нах бу шайна чохь. Цундела Абу-ГӀалибан хьадис кхечу некъашца чӀагӀдан йиш яц. Пайхамара ◽️ сахьихь хьадисашкахь харижитийн амалш, куцош дийцина: Ӏибадатехь (ламаз, марха, къуръан дешар) къинхьегамехь хуьлу уьш, амма динах кхетам ца тоьу церан, церан лагал тӀехула ца долу цера Iибадат бохуш. Амма цхьана сахьихь риваятехь дац «цӀеран жӀаьлеш» боху дош. И тӀетохар тӀаьхьо бен гучу ца долу, Абу Умаматера Абу ГӀóлибан хьадисехь, шен иэс ледара долуш хиларна я гӀалаташ хиларна. 📖 Талламхо | ТIе вазло ✈️