tgindex
Бусалба Дин

Бусалба Дин

Статистика
@busalba_dinрусский

• АгӀо лелош вериг : Ӏабдуррохьман

Последний пост
30 нояб. 2024 г.
Последнее чтение
15 авг.
Постов за неделю
0
Всего постов
20
Тип
открытый
Язык
русский
В каталоге с
15 авг.
Подписчики
248
0 за 1 дн.
Сутки
0
0,00%
Неделя
 
Месяц
 
Просмотров на пост
730
20 постов
Вовлечённость
294,4%
к подписчикам
Постов в день
0,0
всего 20
Упоминаний
0
каналов
Охват размещения
оценка
1/24сутки в ленте
1/48двое суток
1/72трое суток

Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.

Посты

  • Абу Лайс Ас-Самаркъандийс (رحمه الله) дуьйцу : Имам Бухари кхаъ хӏуманца схьакъаьсташ вара : • Къамел кӏеззига дар • Цкъа нахехь долчунна сатуьйсуш ца хилар • Нехан гӏуллакхашна ойл ца йар, цуьнан ерриг ойла ӏилманна тӏе йирзина йара [السير للذهبي] @busalba_din

  • The owner of this channel has been inactive for the last 1 month. If they remain inactive for the next 7 days, they may lose their account and admin rights in this channel. The contents of the channel will remain accessible for all users.

  • • Кога мачаш йохаран суннат Пайхамара (АллахӀера къинхетам а, маршо а хуылда цунна) аьлла: «Нагахь шух цхьаъ сандалеш (мачаш) тейоха волахь хьалха аьтту агӀор (кога) юхийла, уьш дӀаяха лиъча - аьрру агор (когара) йохийла. Я шина кога йоьхна, я шина когара дӀаяьхна хуьлда» (Муслим) Хара суннат бусалба стага дийнахь-буса мосуьйттазза а лелош ду, хунда аьлча мачаш кога а юху когара дӀа а йоху: маьждиге воьдуш маьждигера юхавирзича, нишка воьдуш - нишкара араваылча, балха воьдуш балхара цӀавирзича. Нагахь суннатехь ма-дарра мачаш кога а йохахь, когара дӀа а яхахь, суннат кхочуш даран негат а долуш, — доккха дика а, дуккха а яла хир ю оцу стаганна. Цуьнан дерриге лелар а хир ду суннатехь ма-дарра. @buslba_din

  • ● Хьалха хила хилла, амма вайга схьа ца кхаьчна мазхӏаб 1) Хьасануль Басрий 2) Имам Авзаӏий 3) Суфьян ибн ӏуйайнахӏ 4) Лайć ибн Саӏд 5) Суфьян Ас-Саврий 6) Абу Савр 7) Ибн Джарир Ат-Тӏобарий 8) Исхьакъ ибн Рохӏавайхӏ رحمهم الله @busalba_din

  • ● Пайхамара ﷺ дийна волуш, нахана фатваш луш гӏар ваьлла 14 сахьабий хилла 1) Абу Бакар 2) Ӏумар 3) Ӏусман 4) Ӏалий 5) Ӏабдуррохьман ибн Ӏауф 6) Муӏаз ибн Джабаль 7) Абу Дардаъ 8) Абу Муса Ашӏарий 9) Ибн Масӏуд 10) Ӏммар ибн Ясир 11) Хьузайфахӏ 12) Зайд ибн Сабит 13) Убаййа ибн Каӏб 14) Ӏубадат ибн Сомит رضي الله عنهم @busalba_din

  • ● Аллахӏан Элчанна ﷺ тӏе харцо кхоллар , кӀеззиг хӏума ца хилар, Ӏеламнахана гергахь. Шен дахарехь Пайхамаран ﷺ тӏе цкъа харцо кхоьллинарг, Ӏеламнаха билгала даьхна долу «الجرح و التعديل» жайнашкахь и стаг дӏа вазош ву – ХЬЕНЕХ - ДИНЕХЬ ТЕШАМЕ СТАГ ВАЦ, Къемат де даллалц, цуьнан цӏе дӏа ца йоккхуш и стаг умматехь вовзуьйтуш ву. @busalba_din

  • Ибн Мубароке (رحمه الله) хаьттина : «Дерриге хаза долу гӏиллакхаш шен чу лоцуш хӏу ду ? - Хьай оьгӏазло йуху тохар» [النوادر و الترف للأصبهاني]

  • Аллахӏо гӏурбанаш а, кхи дӏа йола дика ӏамалш а къобал йойла! Дала декъал дойла шу хӀокху гӏурбан ӏиданца!

  • 📌 Шина ӏийданна цхьадолу галаташ ● 1-ра Гlалат: lийдане вахле ца лийчар ● 2-гlа Гlалат: Шен духаршаха тоьлла долу духар тlе ца дохар ● 3-гlа Гlалат: Мархан lийдне воьдуш хlума ца кхоллуш вахар ● 4-гlа Гlалат: Гlурбан lийдне воьдуш хlума кхеллин вахар ● 5-гlа Гlалат: Ша дlаваханчу новкъахула цlавар ● 6-гlа Гlалат: Цхьан хlуман тlехиан вахар, гlаш ца воьдуш ● 7-гlа Гlалат: Шина lийдан деношкахь такбир (Аллахlу Акбар) алар дитар ● 8-гlа Гlалат: lийдан буьйса ден йар, кхана lийда ду аьлча къестина и буьйса ден йар ● 9-гlа Гlалат: lийдне воьдуш тап аьлла вахар, Дела ца хьахош ● 10-гlа Гlалат: Такбир далош цу такбирах доцург тlе тохар ● 11-гlа Гlалат: lийда ламазам суннат бен дацар алар ● 12-гlа Гlалат: lийда ламазана молла кхайкхар а, къамат дар а @ilman_Nur

  • ● Имам Шамсуддин Ар-Рамлий (رحمه الله) : Ӏарафат де субботехь нис делчи, карахlат дац, и цхьа де схьакъастийна марх кхабар (хьалхара йа тӏехьарниг ца кхобуш) [نهاية المحتاج شرح المنهاج] @busalba_din

  • Скажем ли мы простому народу : «Следуйте за кем хотите из ученых»?? • Шайх Ибн ӏусаймина (رحمه الله): Нет не скажем, путь простых людей, это путь их учёных, потому что, если мы будем позволять простым людям выбирать то чего они хотят из высказываний учёных, возникнет беспорядоки хаос. Мы скажем : «Ты обыкновенный человек (не изучающий религию) проживаешь в городе, в которой учёные считают ту или иную вещь запретной, и мы не принимаем от тебя слова: «Я следую за таким то учёным» شرح الأربعين النووية لابن عثيمين

  • Хаттар: •Зуль Хьиджа беттан, хьалхара 10 ден чохь, мас ца яккхар а, маlар ца хадор а, суннат долчура мац дlадолуш ду (мац мегар ду, мас хадо а, маlар йаккха а)? 📌 Жоп •Гlурба ма динна, урс хьакхарца, иза суннат долчера д1адолуш ду ( карахlат а хуьлуш дац ) Хаттар •Суна кхоъ, я диъ гlурба дан лаьа (юккъе хан йолуьйтуш, сахьтнашкахь). Т1аккха, мац дlадолуш ду мас а, маӏар ца хадор суннат долчера ? 📌Жоп •Хьалхар гlурба ма динна суннат долчера дlадолуш ду ( карахlат хуьлуш дац) [سعيد الجابري]

  • Гlурба дан гlерташ волучунна суннат долу белхаш • Зуль Хьиджа беттан хьалхара 10 ден чохь , маlар ца яккхар а, мас ца хадор а, - суннат ду ( маlар яккхар а, мас хадор а, - кара́хат ду) •Стагана гlурба цо шаа дар - суннат ду. •Зудчуьнна ша гlурба деш кхинарг цо векал вар - суннат ду. • Ша гlурба деш воцуш (я йоцуш), гlурба дарехь да́къа лоцуш волчунна и гlурба деш хьажара - суннат ду. •Гlурба шен кертахь дара - суннат ду. [مصطفى عبد النبي] @busalba_din

  • ● Рукуӏера хьалавеача деш долу доӏа رَبَّنـا وَلَكَ الحَمْـدُ حَمْـداً كَثـيراً طَيِّـباً مُـبارَكاً فيه «Роббанa ва лакалхьамду, хьамдан касuран, таййибан, мубaрокан фuхIи» «Тхан Дела, Хьуна хастам бу, шеца беркат долу, цIена, дукха хастам (бу Хьуна)».

  • Берана туьллуш уггаре гӏолехь йолу цӏераш ● 1) ӏабдуллахӏ ● 2) ӏабдуррохьман ● 3) Муьлха а, Аллахӏийн цӏерашха цхьа цӏе юххе《ӏабд》тоьхна (ӏабдул-Малик; ӏабду-Самад) ● 4) Мухьаммад ● 5) Ахьмад 📖 الياقوت النفيس | @busalba_din

  • Рамадан баттахь бехказло йолуш дисина долу мараханаш тӏекхабарехь сихо йар суннат ду. Сихо йар ваджиб хир ду, нагахьсанна цхьа а бехказло йоцуш, дитина марханаш хиллехь 📖 فيض الإله المالك في حل ألفاظ عمدة السالك @busalba_din

  • ● Имам Ширбийний (رحمه الله) аьлла «Шариӏатехь йуьхь иза – коьрта мас йолуш йолу меттиган а, чӏенган йуккъехь ериг йу» [مغني المحتاج] Чӏенгалла дехьарниг йуьхь лоруш йац, цундела хийр боьрш нахана хьалха а, иштта ламаз деш а и меттиг дӏахьулло езаш ю

  • 9 апр. 2024 г.6902из busalba_din

    lийдан дийнахь кеч валар ду суннат, цlенниг, хазниг бедар йохар. (Бакъ ду кечлуш тlе юхуш йолу хlуман суннат кхоч да аьлла нийат хила деза, и ца хилча кеч веллаг хира ву хьо, суннат кхочуш динаг хира вац) @busalba_din

  • فإِذا رأوا هلال شوالٍ أَحببت أَنْ يكبر النَّاس جَمَاعَة , وَفُرَادى في المسجد وَالأسواقِ , وَالطرق، والمنازلِ, وَمسافرينَ , ومقيمين في كل حال • Имам Аш-ШафиӀий رحمه الله «Ӏийд буьйсанна бутт гина аьлла хаам хилчи , суннат ду – [Аллахӏу Акбар] дуккха бийхар , цӀахь волчо , новкъахь волчо , джамаӀатац йа ша ша , урамашкахь а , шен шен цӀахь... .» [كتاب الأم] @busalba_din

  • Шен доьзалхочунна са гатта деш, марханаш ца кхобуш ӏийна йолу, кийрахь доьзалхо верг а, иштта бер дакхош ериг а — цо марханаш тӏе кхаба деза, хӏора мархана тӏера каффарат далар ваджиб ду цунна. Ахчанца каффарат 50 руб Нагахьсанна и зуда шен могшалла бахьана долуш ца кхобуш ӏийнехь, марханаш йуху кхаба деза, каффарат дала ца деза [أبو مصطفى البغدادي]