ИСЛАМАНСЕРЛО
Статистика🔶 ХIокху чуьра шайна луург схьаэца, аша уьш яржа мел йо а хаза хета вайна. Дикадерг даржаде, ял хир ю хьуна инша́ АллахI
- Последний пост
- 10 авг.
- Последнее чтение
- 23:49
- Постов за неделю
- 1
- Всего постов
- 28
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- Категория
- Религия
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 266
- 1/48двое суток
- 304
- 1/72трое суток
- 328
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Имам ан-Нававийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Дела цхьаъвар тIехь а волуш велларг, гуттар жоьжахати чохь вуьсур вац, цо мел дукха къинош летийнехь а». Шархь сахьихь Муслим, 1/176.
https://youtu.be/kZ0-WfYayd4?si=9_gDx9DfOsUDsQ5J
Анас Ибн Мáлика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан Элчано (ﷺ) олура аьлла: «Йа АллахI! Со Хьоьца ларло пайде (ял а, Далла гергавигар а) доцчу ламазах». "اللَّهمَّ إنِّي أعوذُ بك مِن صلاةٍ لا تَنفَعُ". "АллóхIумма иннии аIýзу бика мин салáтин лá танфаIу". Сунан Абу Давуд, 1549.
Шен гIуллакх АллахIе дIаделларг, цкъа а гIо доцуш вуьтур вац Цо. АллахIа вайгара цхьа хIума дIаоьцуш дац, цул а диканиг а, хазаниг а дуьхьал деллий бен. Сан Дела! Сан берриге болх хьан кера дIабелла-кх ас.
📲Для записи: https://wa.me/79911135772 Онлайн-марафон для женщин: 🌸 «Современная мусульманка между соцсетями и настоящими знаниями» 🌐 Язык: Чеченский 🗓 Начало марафона — ‼️04.08.2026. 💎 Стоимость участия — 1500 ₽ за полный марафон (все лекции). 📩 Для записи: https://wa.me/79911135772
Хьо веллачу хIуманна тIехь гIаттор ву хьо
Стагана деккъа цхьа Iилма тоьуш дац гал ца вала, цуьнца цхьана ийман а хила деза цуьнгахь. Бусалба динах галбевла болу дукхах болу нах - Iилма а доцуш деккъа ийман долуш хуьлу я ийман а доцуш Iилма долуш хуьлу. Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий
«Харцонна инкарло ялуш яцахь цунна гергахь ма ӏайла. Хӏунда аьлча, хӏумма а ца олуш тап-аьлла цунна гергахь сецар - и бакъяр ду». "من لم يستطع إنكار الظلم فلا يُجاوِره؛ فمجاورته مع صمت تشريع". Шайх Iабдул Iазийз ат-ТIарифий
Шен хIума лачкъинчун доIа
https://t.me/muta1elaman_lar
«Ялсаманин охIланна Сийлахь-Веза АллахI гича, ялсаманин ниIматаш дицлур ду царна». Имам Ибнул-Къаййим - Ровдатул-мухьиббийн, 422. ━━━━━━━━ Йа АллахI! Хьоьга хьажаран марзо а, бIаьрг бузар а доьху ас Хьоьга.
Могуш волуш, цхьана денна баа кхача болуш Iуьйренга ваьлларг...
▫️«مَنْ سَرَّهُ أَنْ يَكُونَ أَقْوَى النَّاس فَلْيَتَوَكَّلْ على الله». «Нахана юкъахь уггаре а ницкъ болуш хила луучо, болх АллахIана тIебуьллийла». Имам Ибнул-Къаййим - Задул-маIад, 2/364.
https://youtube.com/shorts/tGpuIqGeNZI?si=5WNDi2wifwD5Yo4F БIаьрг ларбар – ийман долчу нехан куц ду ✨ Ламазаш деш, Къуръан доьшуш, дика гIиллакх долуш велахь а, телефон лелочу хенахь бIаьргана ямарт велахь, дагтIехь сингаттам лаьттар бу. Нахана ца гора алий паргIат ма вала, Сийлахьчу АллахIана гуш бу хьуна бIаьргийн тешнабехк а, дегнаша хьулдийриг а. Къематдийнахь хьуна хьалха хIоттон долчу тептар тIехь дIаязйина карор ю хIора жима а, йоккха а Iамал.
«Цуьнан (Юсуф пайхамаран ден) ши бIаьрг сингаттамна кIайбелира, и шегахь (чIогIа) хьулбарна». "Цхьанна а дена ца хаьа вайгахь болу сингаттам иза вай гучубаккхалц. Амма, АллахIана хууш бу хьоьгахь болу сингаттам, и хьул а бина хьо тапп-аьлла Iаш велахь а". Шайх IабдуллахI Балкъа́сим
Ихласах лаьцна
Суфян ас-Саврийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Зуда ялийнарг, хIорда чу ваьлла». Тазкиратус-самиI, 36. ━━━━━━━━ Зуда ялор хIордах тардина цо. ХIунда аьлча хIорд цхьана хьолехь лаьтташ боцун дела. Цундела, шена хуьлуш йолу халонаш лан еза цо.
Хьуна хаийла, къемат-дийнан майданашкахь хьан массо межено цIенчу, паргIатчу маттаца хьуна доьхьал тешалла дийр долуш хилар, массо халкъашна хьалха ахь лелийнарг гучудоккхуш. Лекха хинволчу Дала аьлла: "(Цу) дийнахь тешалла дийр ду царна доьхьал церан меттанаша, церан куьйгаша, церан когаша, цара деш хилларг схьадуьйцуш". Сурат «Аннýр», 24 айат. Кхин а аьлла Лекха хинволчу АллахIа: "Тахана (къемат дийнахь) Оха тухур ду мохIур церан бетош тIе, Тхоьга дуьйцур ду церан куьйгаша, тешалла дийр ду церан когаша, цара лелош хиллачуьнца". Сурат «Йáсúн», 65 айат.
https://youtube.com/shorts/lKha_hjYHEE?si=uJ-mrYQNonGmlFHV Бусалба стага аьшпаш ца буьтту! ❌ Шен хьехамехь Шейх Набийл ал-Iивадыйс билгалдоккху, аьшпаш биттар массо а хьекъал долчу нахана (бусалба боцчарна а) дегаза хеташ хилар. Пуьчаш битта марзвелчу стеган нахана юкъахь а, Далла гергахь а сий дов. АллахIа лардойла вай цу вочу куьцах! 🤲✨
https://youtube.com/shorts/Uqee9ubIpuE?si=FUSxz4KrSOiQQF5f ✨ Аьтту агIон тIе вижаран пайданаш | Iабдуддаим ал-Кахьийл Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) дIавуьжучу хенахь аьтту агIор вижа аьлла динчу хьехаран къайле, тахана Iилмано гучуйоккхуш ю! 🔬 Iилманчашна хIун карийна цунах лаьцна? • Хье цIанбалар: Токиора университетан талламхоша бах, аьтту агIон тIе вижаро хье зене йолчу информацех а, токсинех а цIанбан гIо до. • Даго садоIу: Дог аьрру агIор хиларна, аьтту агIон тIе вижаро дагна хуьлуш болу Iаткъам байбо. Къаьсттина баккхийчу нахана пайдехь ду иза. • Са дIацалецар: Букъ тIе вижарца дуьстича, аьтту агIор вижаро буьйсанна салийцарх (апноэ) лараво. • Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: «Хьо меттавала воллучу хенахь, айхьа ламаз дан ма-эццара ламаз а эций, цул тIехьа хьайн аьтту агIон тIе дIавижа». И дерриг 1400 шо сов хьалха цхьана а Университетехь дешна воцчу вайн Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) АллахIа Iамийна ду! СубхьаналлахI!