tgindex
Последний пост
8 авг.
Последнее чтение
16 авг.
Постов за неделю
0
Всего постов
20
Тип
открытый
Язык
русский
Категория
Религия (по похожим)
В каталоге с
15 авг.
Подписчики
1 004
−1 за 3 дн.
Сутки
0
0,00%
Неделя
 
Месяц
 
Просмотров на пост
351
20 постов
Вовлечённость
35,0%
к подписчикам
Постов в день
0,0
всего 20
Упоминаний
2
каналов
Охват размещения
оценка
1/24сутки в ленте
134
1/48двое суток
153
1/72трое суток
165

Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.

Посты

  • без подписи

  • Астагlфируллахl дукха бахаран къайленаш: - шайтӏа генадоккху. - Аллахӏ реза хуьлу. - гӏайгӏа а, сингаттам а дӏабоккху. - самукъа доккху. - йуьхь нуьре хуьлу. - ницкъ сов болу. - могшалла толо. - Аллахӏ везаволуьйту. - Аллахӏана везаволуьйту. - Аллахӏана герга хуьлуьйту. - Аллахӏ хьехош верг хуьлу и. - дог денло. - Аллахӏаца йолу йукъаметтиг толо. - къинош дӏадоху. - халонехь гӏо хуьлу. - малийкаша гуо бо цунна. - Аллахӏ виц ца валар хуьлу. - дог паргӏат хуьлу. - эхарт дагадогӏу. - дуьне генадолу. - Аллахӏана хастам бар хуьлу. - Аллахӏана Шена хастам беш берш хьахабойту малийкашка. - Аллахӏа ийманехь сов воккху. - Аллахӏа Шен дикчу лешха во. - халонаш атта хуьлу. - гӏуллакхаш тӏехь аьтто хуьлу. - рицкъанах беркат хуьлу. - кхерам дӏаболу. - толам хуьлу. - доӏанна жоп ло.

  • Цундела, и меттиг хьешана йовзийтархьама, жимхалла дар товш ду йуьртахочо. ДоӀа деш верг билгалвеш, ӏасанца ишар йеш туркх хуьлу цхьадолчу тезетахь, ткъа кхечухьа кара Ӏаса (гӀаж) а лой дӏахӏоттавой жимха хуьлу, тӀевогӀург доӀанна тӀевуьгуш. Доӏа схьаоьцучунна хьалха гӀант хӀоттош Ӏедал ду цхьацца йарташкахь, иза билгал хилийта. Иштта, доӀа деш волчунна букъ товжо доккха гӀант дуьллуш низам а ду цхьаболчеран. Делахь а, иза а, важа а улло ца дуьтуш, деккъа шайн хьалха дайша лардина низам лардеш йарташ а йу дуккха а. Масала, хьалха гӀант хӀоттор, доӀа дечунна букъ товжо гӀант хӀоттор, иштта кхийолу билгалонаш а. Тезета тӀекхаьчча, салам далар цуьнан уггар хьалха долу декхар а, бакъе а йу. Салам а ца луш, доӀа де бахар ца тов тезетахь. Жима велахь а, воккха велахь а. (Нагахь санна, шена гуттар а и салам дала товш ца хеташ хьал делахь, тобанна хьалха вер вац). ДоӀа тезета тӏевоьдучун ду, амма, бухарчо гӀиллакх а лаьцна, ахь доӀа де эр ду. Тӏевеанчо йа доӀа дийр ду, йа иза йуха а делла, тезетан доӀа схьаоьцучуьнга доӀа дойтур ду. Цул тӀаьхьа, кхелхинчунна Дала гечдойла а аьлла, водахь куьйге а вахана, шен меттиг схьалоцур йу тезетахь. Тезета дӀакхаьчча, оцу тезетан ба́раман цхьа меттиг схьа а лаьцна, накъосталла дан хьожур ву. Дакъа лийчош, йа каш доккхуш, йа маха беш, йа зикру деш, йа докъан ламаз деш - муьлхха а шен ницкъ кхочуш долу накъосталла дийр ду бусалба стага. Докъан ламаз даллалц собар дича дика хир ду. Дӏаволлалц саца йиш йелахь, кхин а доккха накъосталла а дийр ду цо, шена йоккха йал а йоккхур йу. 05.08.2026 22.02.1448 © _Алхазов Ӏабдул-ГӀапура дуьйцуш дӏайаздина Ислама_

  • Тезета вахаран кеп Тезета воьдуш волу стаг, цӀенна Делан дуьхьа ниййат долуш хила веза, оцу тезета а вахана, дӀакхелхинарг АллахӀ-Деле гечдар а доьхуш, воьхур ву аьлла. Оцу ниййатца Деле гечдар доьхуш доӀанаш а деш, зикр а деш, салаваташ а дохкуш, айаташ а, сураташ а доьшуш, муьлхха а пайде болу болх беш гӀур ву, дуьненан къамелаш а ца деш. Тезета воьдучун духар догӀуш хила деза нахана йукъа вала томехь: деха пхьош долу коч а, коьртахь хӀума а, дегӀа тӀехь паргӀат а долуш, тӀелетта а доцуш, тайп-тайпана беснашца къорза а доцуш духар хилар. Бусалба стеган васт а, куц-кеп а хила деза тезета воьдучу стеган, жима велахь а, воккха велахь, тӀех къегина воцуш, тӀех цӏак-ваьлла а, маӀа-ваьлла а воцуш. Стеган бедар (коч а, гӀовтал а) йеха товш йу, голе гӏоьртуш, коч хецна йолуш (хечичу йерзийна йоцуш). Пес тиллина велахь, кӏапа гуш йоцуш, корта къевлина товш йу. Далла хьалха ламазана хӀуттуш волчу стеган санна, шен духар нисдина, хила ма-деззара товш ду тезетахь. Иштта, тезетахь ша волчу заманчохь, сема а, ладоьгӀна а хила веза, забарш а, Ӏиттарш а, дуьненан къамелаш а, беларш а товш а дац, мегаш а дац. Шена уггар дукхавеза стаг дӀакхелхинчу шен тезетахь нах Ӏен луур долчу кепара Ӏен веза муьлххачу а нехан тезетахь. Тезета тӀе воьдуш, соцунгӀа а хилла, дӀасахьожур ву, гуш гергахь тӀевогӀуш стаг вуй. Нагахь тӀевогӀуш стаг (йа тоба) велахь, цунна (царна) собар а дина, вовшашца гӀиллакх а лаьцна, воккхахверг хьалха воккхур ву. Нагахь санна йуккъехь нахана вевзаш, лоруш дешна Ӏеламстаг, йа кхин лераме стаг велахь, иза хьалха воккхур ву. Иза а, важа а йуккъехь вацахь а, вовшашца гӀиллакх хӀоттор ду, жима велахь в, воккха велахь а. Амма, воккханиг йуха гӀертар гӀиллакхе ца догӀу, хӀунда аьлча, тезетахь болчу нахана хьалха, воккханиг йуха а теттина, хьалха ваьлча санна нисло, товш ца хуьлу (бехк баккха а тарло цхьамма). Кхузахь билгалдаккха догӀу цхьа хӀума, воккханиг а, къенаниг а боху ши дош башха-башха ду. Нахана йуккъехь леларг девзарг, кхеташ волу стаг, Ӏилма дерг, кхетам меттахь берг, говза мотт а болуш, дехьа-сехьа йарташкахь дерг девзарг - иза ханна жима велахь а, воккха ву, мел хӀуъа дийцича а, ишттаниг хьалха хилча а товш ду. Цуьнца доьзна ду масала, тезетахь берш цхьа хьехам, хьехар деш бу, йа доӀа а сацийна цхьа кхин болх беш хила тарло, ишттаниг нисло цхьайолчу йарташкахь. Цундела, ша доӀанна герга хилча, жимма соцунгӀа а хилла ладогӀар тӀехь ду, собар дан деза-те, тӀевоьду хьал дуй-те бухахь, корта таӀӀийна тӀе ца воьдуш. И тайпа само йеш верг хила веза хьалхаваьлла. Нагахь санна хьалхаваьлларг и само йеш вацахь, цунна уллохь верг мукъане а сема хила веза. Иштта, оцу тезетахь, нах а совцийна, цхьа тӀех даьккхина, цадогӀуш долу тоьшаллаш деш, дӀо генара цхьа ӀалагӀожа текхош, тезетан кеп йохийна лелар нийса а, товш а дац. Кхечу йуьртара нах белахь тезета тӀе богӀучарна йукъахь, царна хьошалла (жимхалла деш), доӀанна жимма герга хиллалц аьрро агӀор сацавелла, хьалха агӀор уллохь тӀегӀур ву, цул тӀаьхьа, цунна и сурт дӀа а гайтина, воккхачунна тӏаьхьахӏуттур ву. ДегӀастанахь (Нохчийчохь) тезетахь доӀа схьаоьцуш меттиг жимма хийцам болуш хуьлу: аьтто агӀор тезетан йуьххьехь хуьлу дукхахьолахь; шина агӀор йист а йолуш, йукъа меттехь дуьхьал бирзинчу могӀанехь (баьрччехь) а хуьлу цхьаццанхьа. Тезетахь куьйге вахаран а, охьаховшаран а кеп бакъахьара агӀо хила йеза, Къуръанан кепехь (могӀа боьшучу агӀор). Хьер хьаьвза агӀо олуш а хилла хьалха нохчийн и бакъахьа агӀо. Тезетан корта лору верас. Цундела , верас а, доӀанан корта а ков долчу агӀор хилар (тезетан могӀа болалучу меттехь, тӏе ма-кхеччи йистехь) хьеший лакхахьа бахар Ӏалашонца ду. Нохчийн гӀиллакх-оьдангаллица хьаш-да баьрчехь товш ву. Тезетахь хӀора хӀума а шен цхьа кӀоргера чулацам болуш дӀахӀоттийна хилла ду кхетам болчу наха.

  • Яралиев Юсуп   ЭЦАРАН ХЬЕСАП   Эцаран хьесап нисдина ду «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьртачу бакъенаша» магийначу терахьийн кепашкахь.     1 х 1 = 1 Цкъа цхьаъ – цхьаъ 1 х 2 = 2 Цкъа шиъ – шиъ 1 х 3 = 3 Цкъа кхоъ – кхоъ 1 х 4 = 4 Цкъа диъ – диъ 1 х 5 = 5 Цкъа пхиъ – пхиъ 1 х 6 = 6 Цкъа йалх – йалх 1 х 7 = 7 Цкъа ворхI – ворхI 1 х 8 = 8 Цкъа бархI – бархI 1 х 9 = 9 Цкъа исс – исс 1 х 10 = 10 Цкъа итт – итт     2 х 1 = 2 Шозза цхьаъ – шиъ 2 х 2 = 4 Шозза шиъ – диъ 2 х 3 = 6 Шозза кхоъ – йалх 2 х 4 = 8 Шозза диъ – бархI 2 х 5 = 10 Шозза пхиъ – итт 2 х 6 = 12 Шозза йалх – шийтта 2 х 7 = 14 Шозза ворхI – дейтта 2 х 8 = 16 Шозза бархI – йалхитта 2 х 9 = 18 Шозза исс – берхIитта 2 х 10 = 20 Шозза итт – ткъа     3 х 1 = 3 Кхузза цхьаъ – кхоъ 3 х 2 = 6 Кхузза шиъ – йалх 3 х 3 = 9 Кхузза кхоъ – исс 3 х 4 = 12 Кхузза диъ – шийтта 3 х 5 = 15 Кхузза пхиъ – пхийтта 3 х 6 = 18 Кхузза йалх – берхIитта 3 х 7 = 21 Кхузза ворхI – ткъе цхьаъ 3 х 8 = 24 Кхузза бархI – ткъе диъ 3 х 9 = 27 Кхузза исс – ткъе ворхI 3 х 10 = 30 Кхузза итт – ткъе итт     4 х 1 = 4 Доьазза цхьаъ – диъ 4 х 2 = 8 Доьазза шиъ – бархI 4 х 3 = 10 Доьазза кхоъ – шийтта 4 х 4 = 16 Доьазза диъ – йалхитта 4 х 5 = 20 Доьазза пхиъ – ткъа 4 х 6 = 24 Доьазза йалх – ткъе диъ 4 х 7 = 28 Доьазза ворхI – ткъе бархI 4 х 8 = 32 Доьазза бархI – ткъе шийтта 4 х 9 = 36 Доьазза исс – ткъе йалхитта 4 х 10 = 40 Доьазза итт – шовзткъа     5 х 1 = 5 Пхоьазза цхьаъ – пхиъ 5 х 2 = 10 Пхоьазза шиъ – итт 5 х 3 = 15 Пхоьазза кхоъ – пхийтта 5 х 4 = 20 Пхоьазза диъ – ткъа 5 х 5 = 25 Пхоьазза пхиъ – ткъе пхиъ 5 х 6 = 30 Пхоьазза йалх – ткъе итт 5 х 7 = 35 Пхоьазза ворхI – ткъе пхийтта 5 х 8 = 40 Пхоьазза бархI – шовзткъа 5 х 9 = 45 Пхоьазза исс – шовзткъе пхиъ 5 х 10 = 50 Пхоьазза итт – шовзткъе итт     6 х 1 = 6 Йалхазза цхьаъ – йалх 6 х 2 = 12 Йалхазза шиъ – шийтта 6 х 3 = 18 Йалхазза кхоъ – берхIитта 6 х 4 = 24 Йалхазза диъ – ткъе диъ 6 х 5 = 30 Йалхазза пхиъ – ткъе итт 6 х 6 = 36 Йалхазза йалх – ткъе йалхитта 6 х 7 = 42 Йалхазза ворхI – шовзткъе шиъ 6 х 8 = 48 Йалхазза бархI – шовзткъе бархI 6 х 9 = 54 Йалхазза исс – шовзткъе дейтта 6 х 10 = 60 Йалхазза итт – кхузткъа     7 х 1 = 7 ВорхIазза цхьаъ – ворхI 7 х 2 = 14 ВорхIазза шиъ – дейтта 7 х 3 = 21 ВорхIазза кхоъ – ткъе цхьаъ 7 х 4 = 28 ВорхIазза диъ – ткъе бархI 7 х 5 = 35 ВорхIазза пхиъ – ткъе пхийтта 7 х 6 = 42 ВорхIазза йалх – шовзткъе шиъ 7 х 7 = 49 ВорхIазза ворхI – шовзткъе исс 7 х 8 = 56 ВорхIазза бархI – шовзткъе йалхитта 7 х 9 = 63 ВорхIазза исс – кхузткъе кхоъ 7 х 10 = 70 ВорхIазза итт – кхузткъе итт     8 х 1 = 8 БархIазза цхьаъ – бархI 8 х 2 = 16 БархIазза шиъ – йалхитта 8 х 3 = 24 БархIазза кхоъ – ткъе диъ 8 х 4 = 32 БархIазза диъ – ткъе шийтта 8 х 5 = 40 БархIазза пхиъ – шовзткъа 8 х 6 = 48 БархIазза йалх – шовзткъе бархI 8 х 7 = 56 БархIазза ворхI – шовзткъе йалхитта 8 х 8 = 64 БархIазза бархI – кхузткъе диъ 8 х 9 = 72 БархIазза исс – кхузткъе шийтта 8 х 10 = 80 БархIазза итт – доьзткъа     9 х 1 = 9 Иссазза цхьаъ – исс 9 х 2 = 18 Иссазза шиъ – берхIитта 9 х 3 = 27 Иссазза кхоъ – ткъе ворхI 9 х 4 = 36 Иссазза диъ – ткъе йалхитта 9 х 5 = 45 Иссазза пхиъ– шовзткъе пхиъ 9 х 6 = 54 Иссазза йалх – шовзткъе дейтта 9 х 7 = 63 Иссазза ворхI – кхузткъе кхоъ 9 х 8 = 72 Иссазза бархI – кхузткъе шийтта 9 х 9 = 81 Иссазза исс – доьзткъе цхьаъ 9 х 10 = 90 Иссазза итт – доьзткъе итт     10 х 1 = 10 Иттазза цхьаъ – итт 10 х 2 = 20 Иттазза шиъ – ткъа 10 х 3 = 30 Иттазза кхоъ – ткъе итт 10 х 4 = 40 Иттазза диъ – шовзткъа 10 х 5 = 50 Иттазза пхиъ – шовзткъе итт 10 х 6 = 60 Иттазза йалх – кхузткъа 10 х 7 = 70 Иттазза ворхI – кхузткъе итт 10 х 8 = 80 Иттазза бархI – доьзткъа 10 х  9 = 90 Иттазза исс – доьзткъе итт 10 х 10 = 100 Иттазза итт – бIе

  • Все люди, как книги, и мы их читаем, Кого-то за месяц, кого-то за два. Кого-то спустя лишь года понимаем, Кого-то прочесть не дано никогда. Кого-то прочтём и поставим на полку, Пыль памяти изредка будем сдувать. И в сердце храним, но что с этого толку? Ведь не интересно второй раз читать! Есть люди — поэмы и люди — романы, Стихи есть и проза — лишь вам выбирать. А может быть, вам это всё ещё рано И лучше журнальчик пока полистать? Бывают понятные, явные книги, Кого-то же надо читать между строк. Есть ноты — сплошные оттенки и лиги, — С листа прочитать их не каждый бы смог. Наш мир весь наполнен загадкой и тайной, А жизнь в нём — лишь самый длинный урок. Ничто не поверхностно и не случайно, — Попробуй лишь только взглянуть между строк. Михаил Жванецкий

  • *Кхолламан* (Шо кхолла луш бутт) *Чиллин* (Уггар шийла, йочане бутт) *Бекарг* (Олхазарийн декар хеза бутт) *Оханан* (Латта оху бутт ) *ХIутосург* (ХӀума дӀайоь бутт) *Асаран* (Асар доккху бутт) *Мангалан* (Мангал хьокху бутт) *Хьаьттан* (йалта хьаьттане гулден бутт) *Товбецан* (шолгӀа буц йолу бутт) *Эсаран* (Йис йуьллу бутт) *Лахьанан* (Ӏаьнна жижиг дӀадуьллу бутт) *ГIуран* (ГӀорайо бутт)

  • без подписи

  • без подписи

  • Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала. Нохчийн кица.

  • *** Дуьненан аьттонаш гинарг, Хьуна ма хала хин дай, Дуьненан рицкъ кхачадина, Іожалло неl тоьхча хьайн. Хьайх йуьсург тӀаьхьало хетта, Къастаран бала луш баз, Дуьненан марзонех кхеттарг, БӀарзлур ву-кх хьо чIогӀа, бӀарз. Дуьненахь со-м декъал хилла (Хастам бу-кх Хьуна, йо Дела!), Дуьнено, аьттонаш бина, Со Іеха ца вина дела. Абдулаев Леча 1989 шо «НОХЧИЙЧОЬ САН НОХЧИЙЧОЬ» [агlо — 108]

  • Некъахьовзамах дlакхелхинчун лерина дешнаш...

  • Ларйан халачу баьрченал, маьрша неlсагlе тоьлу. Асхабов lабдул-lазиз

  • Забаре дийцар

  • Хьо йоцуш хилча со, хир вара цхьалха, Ойла сан хир йара цхьа беркъа, тиша. Эшахь со кийча ву хьан метта кхалха, Ца хилча йиш йоцу сан хьоме йиша. Даудов Гилани

  • без подписи

  • без подписи

  • без подписи

  • без подписи

  • Дешнаш дезачо 2-3 де хьалха хаам бе! Ватсапп: 8938-024-89-90 — Минцаев lальви