tgindex
islamanserlo

Къар ма лолахь цкъа а, атта некъ беш кхача йиш ма яц хазачу чаккхене

Последний пост
27 сент. 2024 г.
Последнее чтение
14 авг.
Постов за неделю
0
Всего постов
20
Тип
открытый
Язык
русский
Категория
Религия (по похожим)
В каталоге с
14 авг.
Подписчики
305
+2 за 2 дн.
Сутки
+1
+0,33%
Неделя
 
Месяц
 
Просмотров на пост
1 428
20 постов
Вовлечённость
468,2%
к подписчикам
Постов в день
0,0
всего 20
Упоминаний
0
каналов
Охват размещения
оценка
1/24сутки в ленте
1/48двое суток
1/72трое суток

Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.

Посты

  • Имам Ибнуль Джавзийс (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: Шуна хоийла, шух цхьа а вац , Мухьаммадан ﷺ дуккха салаваташ дохкуш, АллахӀа цуьнан дог нуьре дийра долуш бен...

  • Вайна Ялсамане боьду некъ гайтинчунна салаваташ дохкур ду вай اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.‏

  • Бусулба стеган де иштта дlа дола делча, кхин дlа долу де беркате хира ду АллахIан пурбанца. 1) lуьйра ламаз дар, шена хьалхара суннат ламазца. 2) Доlа дар. 3) Азкарш дешар. 4) Къуръан дешар, шен билгала бина болу барам. 5) Духьа ламаз дар.

  • Ма дика дарба ду, ма йоккха паргӏато йу кӏадделачу синан, дегӏана дерриг ламаз а, къаьстана суджуд а.

  • Аллахlа зуьйш бара уьш массо агlора, цхьана балийца собаре хилла чекх боьвлча кхин бала луш. Делахь а, царна кхачаме вара шайн Аллахl, дог тешна шаьш цlа а тесна дуьтар доций.

  • Ахь диний тахана Аллахlан Элчано ﷺ весет дина долу духьа ламаз? Ца динехь, Аллахlан лиъна хьуна хьоьга и ламаз дайта, хlокху кхайкхаман тlенисварца! Ткъа ахь муха дийр дац Аллахlан ахь дан лиъна долу сагlа кхочуш? Муьлха а хlума Аллахlан лаамца бен хуьлуш дац хьуна. Ткъа кlеззиг хlума хета хьуна дерриге халкъана юкъара Шен Лаамца а, Ницкъаца а хьо Шена дезачу хlуманна Аллахlа тlенисвар? Духьа ламаз лар вуно чlогlа деза а, мелехь а ду, вайн догlмийн хlора хlуттургах дала деза сагlа тlерадоккхург иза бен дац, хьадисехь деана ма-дарра. Куц: Духьа ламаз дан аьлла ният хир ду; Лаххара барам 2 ракаlат, лаккхара барам 8 ракаlат, хlора ши ракаlат дlадаьлча салам а луш. Хан: Малх схьакхеттачул тlаьхьа 20 минот яьлча дуьйна делкъа ламазан хан хила герга яххалц. Духьа ламаз Пайхмара ﷺ лардарца весет дина ламаз ду. Абу Хlурайрата (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: Сан доттагlчо Пайхамара суна весет дира кхаа хlуманца: хlора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а, духьа ши ракаlат ламаз дарца а, сой дlавижале витр-ламаз дарца а.

  • Тамашена болх бу - Аллахӏа цхьа дика ло хьуна, ткъа Хьо цунна баркалле ца хуьлу... и виц а вой, Цо деллачу диканехь а Цунна ӏеса а вуьйлуш лела хьо. Цул тӏаьхьа Цо дӏаоьцу Ша делла дика - тӏаккха а реза ца хуьлу хьо Цуьнан кхиэлана.

  • Ибн Масхьудас аьлла: (رحمه الله) Адмо шена диканиг хьоьхуш хьехар дича: Ма леладе и во хlуманаш Делах кхера аьлча шега. Шена хьехар динчун оьгlуз вахаран къа тоьуш ма ду, и адам дакъаз дала

  • Ерриге неlарш къойлан ю-кх, Хьан неl йоцуриг, йа Аллахl..

  • Дукха сов ю-кх Хьан комаьршо! Хьан неl еттар бен, кхин кlелхьара довла некъ болуш дац-кх тхо! Ахь тхо дlачовхадахь, оха хьенан неl тухур ю?!

  • Сан къинойн мохь чlогlа базбелла-кх суна, йа Аллахl. Ткъа ас иза Хьан къинхетамца, Хьан гечдарца буьстича, хlай сан Дела, Хьан гечдар доккха карийра-кх суна…

  • Шайх Iабдул-Iазийз ат-ТIарийфис (АллахIа Iалашвойла иза), аьлла: Аттонгахь диначу Iибадато, халонгахь АллахIана герга валаво и динарг. Аллахlан Элчано (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) аьлла: ПаргIато йолучу хенахь АллахI вовза, халонгахь Цунна хьо а вевзар ву хьуна.

  • Уьш шаьш Делах кхоьруш болуш боьлхура, ткъа хьо хьайн шортта къинош долуш воьлу. © Ибнул-Джавзий

  • Аллахlан Элчано саллаллахlу lалайхlи ва саллам аьлла: Баккъалла а жоьжахата охlлунах берш белханне а боьлхура ма бу, цера охьаихина бlаьрхишчу хlордкеманаш хецча цутlехула лелардолуш, баккъалла а боьлхура ма бу уьш, бlаьргара цlий оьхуш.

  • Царна жоп лур ду: Оха дехха дахар ца делира шуна дуьненахь, меттаван луучунна меттавалла? Лардеш волу хьехамча а ма веара шуьга. Ткъа хlинца lазап lовша шайна – зуламхошна гlоьнчий бац.

  • Ткъа царна лурдолу жоп муха ду хьовсийш Субхьаналлохl

  • Лекха хинволчу Аллахlа аьлла жоьжахатин охlлунах лаьцна: Цу чохь маьхьаршца орца доьхур ду цара: Тхан Дела! Арадахахьа тхо хlокху чуьра – дика lамал йийр ма йара оха, тхаьш хьалха дуьненахь долуш лелийнарг а ца лелош!. Сурат «Фатlир» айат 37

  • Аллахlан Элчано саллаллахlу lалайхlи ва саллам аьлла: Баккъалла Аллахl а, Цуьнан маликаш а, шен бен чохь долу зингат а, хlорд чохь болу чlара цхьана салават дуьллуш ма бу нахана диканиг lамочунна хьоьхучунна.

  • Хьуна хаийла Аллахӏана Шен лайна дика дан лиъча цуьнан сакхташ довзуьйту Цо цунна. Кхетам болчух шен сакхташ къайлагӏура дац. Сакхташ доьвзича дарба лело аьтто хир бу, делахь а, дукхаха болу наханна шайн сакхташ ца доьвза. Шен вешийн бӏаьргахь йолу нех го, ткъа шен бӏаьргахь йолу дечиг ца го. Ибн Къудама аль-Макъдисий

  • Вайна Ялсамане боьду некъ гайтинчунна салаваташ дохкур ду вай اللَّهُمَّ صَلِّ وَسَلِّمْ عَلَى نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ.‏

islamanserlo — tgindex