- Последний пост
- 30 июл.
- Последнее чтение
- 14 авг.
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 20
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- 337
- 1/48двое суток
- 386
- 1/72трое суток
- 416
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
Тахана вайна юкъахь даьржина долчу гlалатех ду: дас-нанас шен доьзалхо кхиочу хенахь терго тlе йагlийтина хилар деккъа доьзална напха латторна, ризкъан агlора хlумма царна ца эшийтарна, делахь царна гlиллакх хьехарехь иштта чlогlа терго йеш ца хилар. Шайх Найиф бин Нахlар
Европеизацийн хотталгlа багlнарш бу-кх дуьйцуш: Бусулба дин лелор иза арабизаций ю бохуш! Керист наха шуна тlехь дукха хена дуьйна кхочуш ян лерийна йолу шайн lалашонаш кхочуш йина, цундела кхаьчна шу тахана шаьш кхаьчначу декъаза хьоле! Нохчалла шен уггаре лаккхара барамехь йолуш хенахь, цхьа а ара агlора цевелизациш шен тlехь lатlкъам бина боцуш хенахь шайга бусулба дин схьа ма кхаьчнехь иза тlе эцна схьа дахьш ду вайн вархlийн-дайш хlокху дене кхаччалца, иштта кхин дlа а нохчий къонахаш иза дlа а хура ду Къемат де тlе даллалца, Дала мукъалахь.
Хьан Делаца хьо доггаха хила вола велча, Цуьнгара даккхий дикнаш гура ду хьуна.
Двери были придуманы для того, чтобы скрыть тайны домов и частную жизнь его обитателей, ныне они (двери) утратили свою роль из-за социальных сетей, через которые люди имеют доступ к последним подробностям жизни других... (Схьа эцна ду).
Фитнес зал йолчунна тешамах, цуьнан ийманах тешна бусулба йоl цlкъа а ягlа оьшуш дац цу тайпа метте! Ладогlа нехан тешам мел чlогlа бу, къаьстина лаамашна тlе даьлча гlуллакх! Нехан хьокъехь дика ойла яр ца яр иза кхин хlума ду, делахь уггаре кхераме шен хlума нехан кара дlа даларах лара вала веза!
Ехха хеначохь шегар нахана шортта дика даьлла волчу стагера цхьауза гlалат дожарца наха самукъа дуьйлуш иза цоьстуч гича... Адаман иза доккха масал ду: ша деш долчу хlумангахь наха шех тамаш бан буйьла белча, наха ша хьесточера охьа вуьллуш ца хилча, цу тайпа меза дешнашна цхьа цуьрг пусар дан дезаш ца хилар, я ши капек мах хадо безаш ца хилар! Адаман бокъалла амалш евзачунна цlкъа а дог догlур дац дика lамалашкахь уьш тергал бан.
Бусулба стаган хьарам ду Библий а, Еванглий а ешар. Иза Имам Шафиlийн мазхlабера баккхий lелманаха къеггина билгала даьккхина ду. Наггахь санна иза воккха lелмастаг велахь тlаккха цуьнан хьокъехь къамел ду. Делахь вай санна болу пекъаршан цу чу хьежар, дешар хьарам ду, хlунда аьлча цара иза цхьа а эхь-бехк доцуш хийланза хийцана долун дера. Чу хьажа : "Хьашияту Аш-ширваний lала Тухьфатиль-мухьтаж" (1/178).
ТИЛЛА БЕЛЛА ١АХАР - Тилла белла lахарах лаьцна хlу эра дар ахь? - Иштта иштта эра дар аса, масала: шайн жаlус бохург динехьара цо, шен божах тlаьхьа ца биснехьара иза, шен бала боцуче ца кхиднехьара иза .. тиллура бацар-кх иза! Тlаккха Сийлахь волчу АллахIа боху шен Къуръан чохь: (Аса кхоьллана ма дац жиннаш а, адамаш а цаьрга Сайна lибадат дайтар хьам бен). Тlаккха вайна хаа ду: Делан некъахь вай дlа хьоьвзана, Бусулба динах вай гена доьвла, дегlан лаъаман гайн лаъаман вайх лайш хилла, вай лийра хилар вайн декъеш нlаьнеш дуург хилар дицдина вай лелча вайх а хуьлий кху дуьненахь : "тилла белла lахар"!
Дlа яьллачу хlуманна билгало ю-кх хlара!
ЧАЬКХХЕННА ОЙЛА ЯР Ибнуль-Джавзийс (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Хьалкъан йукъар дуккха а lеса наха шайн чаькххенна ойла йарна бахьана долуш тоба дина.» "Атl-тlиббу ар-рýхьáний" (агlо: 151).
Адаме дикка къаста ца ло шен пайде дерг шен зене долчух, цундела ду динехь "истихарат ламаз" дар а, цу [доlанна] юкъахь ду-кх: (суна йазде Ахьа пайдехь дерг иза миччахь делахь а, цул тӏаьхьа со цунна реза а ве Ахьа!). "Аль-илхьад ар-рувхьий", Хlайсам Тlалlат, (агlо 25). https://t.me/muta1elaman_lar
Фудайл бин lияда аьлла : «Шен гӏиллакхах воьхначьунан дин а гӏеллура ду.» "Аль-áдáбу аш-шарlиййахl", Ибн Шайхис-салламиййахl (агlо: 353). https://t.me/muta1elaman_lar
Инзаре чlогlа дика аьлла ду!
Сийлахь волчу Аллахlан неlалт тlе дахьш къа ду хlара! Тlкъа Аллахlан неlалт вайна тlе дагlахь дуьне я эхарт хира дац вайна!
Саlудехь хурманаш дlаса йоькъийтуш, цигахь хурман дитташ дугlийтуш вай къахьегаре терра, хlинца вай цlахь дуккху нехан хlусмашна хилла болу бохамаш гина-кх вайна, цхьаболу нехан еригге хlусам йоьххаш а бу.. Царна гlо дан деза вай, кlадо ца яьш, мало ца яьш.. Царна бакъдоулш де эшна хан еъна-кх!
Кху чу вайх хlораъ хlу эцна гlура ву? И ду-кх коьрта хаттар!!!
Ойла йойла, ойла ялла кхетам болчара...
Бусулба динах вай хердовлахь хlу хира ду вайх? Дера ду вай хьакхарчишца церан уьшлахь керчар, цхьанна хlуманах хьожа ца йогlуш!
Ма дукха хlума ду-кх лайн кийрахь Шен Кхоллархочуьнга деха а, далха дан а...
Бусулба наха шайн динца долу хьал нисдича, церан дуьнен дахар а нислура ду. "Аль-ислам валь-илхьад важхlан ливажхl" (агlо 100). https://t.me/muta1elaman_lar