tgindex
Ойланаш

Ойланаш

Статистика
@oylanchaaaрусский

Цхьацца ойланаш

Последний пост
15:51
Последнее чтение
14 авг.
Постов за неделю
2
Всего постов
21
Тип
открытый
Язык
русский
В каталоге с
13 авг.
Подписчики
554
+2 за 3 дн.
Сутки
0
0,00%
Неделя
 
Месяц
 
Просмотров на пост
591
20 постов
Вовлечённость
106,7%
к подписчикам
Постов в день
0,3
всего 21
Упоминаний
2
каналов
Охват размещения
оценка
1/24сутки в ленте
186
1/48двое суток
213
1/72трое суток
229

Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.

Посты

  • видео или голосовое, без подписи

  • Кхечара деш дерг доха ца деш а дало дика дерг! Кхин верг чу ца ластош а вала ло ломан буьххье хьала!

  • Кху дахарехь дуккху циеце белхаш ду, царах: шеллаъ жима верг шеца ойхьаза ваьккхана шаьшина юкъахь хилла долу ойхьазлон пардо цуьнга хада дайтар, ду.

  • Дера наха йохуш йолу яккхий цlерш цхьа а пайда бийра ма бац вайна! Вайна дукха дика ма дойзу вешан къинош а, сакхташ а, кхачамбацарш а! Цхьана воккхачу стага олу бахар-кх сих-сиха : "Вала везаш верг ша верг ву пекъар"!

  • 17 июл.602из muta1elaman_lar

    Европеизацийн хотталгlа багlнарш бу-кх дуьйцуш: Бусулба дин лелор иза арабизаций ю бохуш! Керист наха шуна тlехь дукха хена дуьйна кхочуш ян лерийна йолу шайн lалашонаш кхочуш йина, цундела кхаьчна шу тахана шаьш кхаьчначу декъаза хьоле! Нохчалла шен уггаре лаккхара барамехь йолуш хенахь, цхьа а ара агlора цевелизациш шен тlехь lатlкъам бина боцуш хенахь шайга бусулба дин схьа ма кхаьчнехь иза тlе эцна схьа дахьш ду вайн вархlийн-дайш хlокху дене кхаччалца, иштта кхин дlа а нохчий къонахаш иза дlа а хура ду Къемат де тlе даллалца, Дала мукъалахь.

  • Нах ахь лара ма бар цара хьо ларор ву моьттуш хьо велахь цара дукха чевнаш йира ю хьуна, адмаца бес-бесара барамехь саьхьаралла дуй хууш юкъаметтиг лело еза, кхин башха генара хьекъалца лепаш воцург а хуьлу хlилнах воьттана. Доцца аьлча: сема хила.

  • Доггаха долу доттагlаллехь бакъдерг букъан тlехьаша ца кхочуш, хьалхаш схьа кхочур ду хьоьга.

  • 11 июл.4302из muta1elaman_lar

    Фитнес зал йолчунна тешамах, цуьнан ийманах тешна бусулба йоl цlкъа а ягlа оьшуш дац цу тайпа метте! Ладогlа нехан тешам мел чlогlа бу, къаьстина лаамашна тlе даьлча гlуллакх! Нехан хьокъехь дика ойла яр ца яр иза кхин хlума ду, делахь уггаре кхераме шен хlума нехан кара дlа даларах лара вала веза!

  • Коьртаца деш долчу кхиъмашна тийналла еза.

  • Ма хийланза дахаран бердан йистехь хилла-кх вай, делахь Сийлахь волчу Аллахlа кlелхьара дахар бахьан долуш ларделла-кх бертал дагlарах! Ма хийланза эшаман чам баьккхина орнаш чу эгна-кх вай, цу чура цlкъа а схьа довла лура дуй-те аьлла дог дилланчу хенахь Сийлахь волчу АллахIан орцано кlелхьара даьхна ца lаш мелхо а хьалха хиллачул дуккху гlолехь хьал дlа нисдеш! Сийлахь волчу АллахIан хастам бу-кх массо хьолехь а, массо заманахь а!

  • Нехан сакхташ ма гарра цlенна, кlоргге, шаьш ма дарра, уьш дожарцаний, довха долчера, = иштта вайна вешан сакхташ а гуш делахьара ма чlогlа вайх чам бера бар-кх уггаре хьалха вай вешах, делахь са дукха дезаро бlаьрзе дина вай вайгара дийнахь-бусий эгаш долу сакхташ гарах!

  • Дукха дахарш, "Богатый папа и бедный падла", "Мой первый миллион", "Как стать богатым за Адинаццать дней" иштта кхин дlа а... И тайпа книшкаш дукха ма ешалаш, гlаьхьчул йоьшуш хила, делахь чура девлла ма еша! Дукха ешахь кхерам бу : вай вешан доттагlчунна тlехь а, ур-атталла вайн дайн-нанош тlехь а, ахь-м и бах ур-атталла дакъа хlай-пака даьлла волу вархlийн дена тlехь а ахча даккха гlерта дуьйла ло вай! Сутаралла хаза яц, хаза куц дац иза бусулба стагехь, къаьстина ехха хеначохь меца lийна югlа рицкъ даккха чу хеца велчуьнгахь къаьсташ хуьлу иза.

  • Дала доьгlнарг хира ду-кх! Тlе йогlучу заманахь эга йиш йолу сингаттамашна эрна сагатдочуллаъ хlара дагахь латта де!

  • Дахар тlех сов аттаче даьлча хенахь буьйла белла боьрша нах хlуьцl-пуьцlалгаш тlехь вовше деган-баамш бан, амма дахаран халонашкахь вехаш волчунна и тайпа хlума тlе lотта делча: "Хьайн Делан доьхьа вала дlа, хlа вала!", олий куьг ласта дой дlа воьду цхьа цуьрг пусар ца деш. Цундела ма аьлла lумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) : "Дахаран чолхенаш ловш хилалаш!".

  • видео или голосовое, без подписи

  • Хьайн мохь айхьа хьайн бельшан тlехь бен цхьаммо дlа хура боций хиъча, гlода юкъа дlа йоьхкий, пхьуьшаш хьала дой, чоьвнаш дlа йоьхкий, бертан йиста дlа кхаччалца я цу новкъахь бердан йисте чу карччалца олий дlа гlурту хьо, Аллахlан тlе болх буьллй, цхьана стигалара бен гlоний ца хьоьжуш!

  • 20 июн.1 4578

    Дера хьан бlаьргаш чу хьоьжуш лепаш къегаш бlаьргаш дина хьуна томехь дерг-дерг схьа дан сиха луш волу хьуна уллехь верг, дукха шира заманахь дуьйна хьуна уллехь хилла хьо цхьа а воцуш хенахь дуьйна хьоьх дог лозуш хьан бlаьргаш чу хьоьжуш дикка хьо "веша" гlерташ: "Делахь муха ду теша кхуьнан хьал?" бохуш волу и тайпа ши доттагl цхьа тера хира ма вац цlкъа а! Цхьана дийнахь массо дуьнен марзонах lаба lаьбна охьа хиъча оьшур ву хьуна доггаха волу доттагl! Я иду к вершинам успеха бохуш, доггаха хьайца хилла болу доттагlий чlуьйрагаш санна дlайса кхисса сиха ма ло, "Богатый папа, и Бедный падла" книшка ешна!

  • 20 июн.1 2559

    ТИЛЛА БЕЛЛА ١АХАР - Тилла белла lахарах лаьцна хlу эра дар ахь? - Иштта иштта эра дар аса, масала: шайн жаlус бохург динехьара цо, шен божах тlаьхьа ца биснехьара иза, шен бала боцуче ца кхиднехьара иза .. тиллура бацар-кх иза! Тlаккха Сийлахь волчу АллахIа боху шен Къуръан чохь: (Аса кхоьллана ма дац жиннаш а, адамаш а цаьрга Сайна lибадат дайтар хьам бен). Тlаккха вайна хаа ду: Делан некъахь вай дlа хьоьвзана, Бусулба динах вай гена доьвла, дегlан лаъаман гайн лаъаман вайх лайш хилла, вай лийра хилар вайн декъеш нlаьнеш дуург хилар дицдина вай лелча вайх а хуьлий кху дуьненахь : "тилла белла lахар"!

  • Бакъду кхиаме нахах го хилча кхиамаш даха цхьацца бахьан хуьлу цунах, делахь а, хила ца беза и тайпа го хьан принципаш охьатаlош!

  • Хьуна уггаре чlогlа гlо дан йиш ерг иза Сийлахь волу Аллахl ву, тlаккха хьуна иза хууш хилча Цунна хьасталуш хила, кхечарна ца хьесталуш! Хьо кхечарна хьесталуш мел ву царна лахара хета хьо, амма хьо Сийлахь волчу АллахIан хьаста мел ло сийлахь хуьлу хьо!

Ойланаш — tgindex