‘Ashiq al-kutub
СтатистикаХlара канал тlе кхуьуш болчу мутаlелимашна жайнаш довзита а, дешарна тlаьхь сутар хилита а, lалашо йолуш йина йу !
- Последний пост
- 2 июн. 2025 г.
- Последнее чтение
- 13 авг.
- Постов за неделю
- 0
- Всего постов
- 20
- Тип
- открытый
- Язык
- русский
- В каталоге с
- 13 авг.
- 1/24сутки в ленте
- —
- 1/48двое суток
- —
- 1/72трое суток
- —
Оценка по просмотрам недавних постов: пост набирает почти всё за первые сутки.
Посты
без подписи
без подписи
٢٣ مجلدا فخما
عاش المحقق في خدمة الكتاب النافع العظيم نحو خمسين عاما، لله دره، ما أصبره !!
قد يساعد هذا الشرح من يدرس "الخلاصة" للشيخ محمد حسن هيتو
без подписи
لماذا اختير التعبير ب "مثل" في القرآن من بين سائر الألفاظ التي تدل على المشابهة حين قال: (ليس كمثله شيء) ؟ [الراغب الأصفهاني]
اختصر متن "جمع الجوامع" شيخ الإسلام زكريا الأنصاري في "لب الأصول"، وكذا اختصره ابن حجر الهيتمي في "التعرف في الأصلين" !
Дала яз йинчу хенашкахь ян еза lамалш юьйцуш а, и еза хенаш йовзуьйтуш дика жайна ду хlара. Хlокхулла гlоле жайна кхи хира дуй те аьлла рамадан баттах лаьцна хаза дийцарехь, бусалба стаг шовкъе варехь, оццал хаза жайна ду-кх хlара.
Амма марха кхабарехь лардан деза гlиллакхаш а, марха кхабарехь болу пайданаш а, цуьнан lалашонаш а, дозаллаш дуьйцуш долу жайна хlара ду. Яздинарг ву: мустlалахь хьадисехь "аль-байкъунийя" назман тlе шархь дина волу, массарна воьвзуш волу шайх lабдуллахl Сира'жуддийн. Дика жайна ду‼️
Мархийн баттахь деша тамехь ду хlара жайна. Хlокху жайно довзуьйту марха кхабарах лаьцна долу шафиlий мазхlабехь ахькамаш, марха дохош долу белхаш юкъа хан йоьлчи дицло, цундела шена уьш карла далийта тlе хьажа дика ду. Яздинарг ву: гlара ваьлла волу шафиlий мазхlабера воккху lелимстаг Шайх Мухьаммад Хьасан Хlийту (Дала lалаш войла иза)
ذكر العلامة العارف بالله عبد الوهاب الشعراني في كتابه "الميزان' أنه كشف له: " أن آخر المذاهب انقراضا مذهب الإمام أبي حنيفة ".
قال أبو الوليد الجارودي ، قال : سمعت الشافعي ، يقول : " لو علمت أن الماء البارد ينقص من مروءتي ما شربته ". (حلية الأولياء وطبقات الأصفياء) Абуль Валийд Аль-Жа'ру'дис аьлла: " суна хезира имам Шафиlис - Дала къинхетам бойла цунах - олуш: " Шийла хи маларо сай къонхалла эшор юй хиъча и молур ма дацара ас "!
Хlара вай махкахь даима доьшуш хилла долу ТАСРИФ жайна ду, "тасрийфуль lиззи" олуш долу, иза яздинарг ву lабдуль ваххlаб Ибну Иброхlим аз-Занжани, хlокху тасрифан тlе хlара шархь яздина Саlдуддийн Тафта'за'нис , чlогlа дика шархь лоруш ду хlара хала далахь. Саlдуддийн Тафта'за'ни - Дала къинхетам бойла цунах - хlара шархь яздина ваьлла ше 16 шо долуш !!
Имам Ахьмади кlанта lабдуллахlас боху - Дела реза хуьлда царшина - : Ас элира сай Дега: " и Шафиlий мила Ву техьа? Ахь цунна ма дукха доlанаш деш хеза суна? Имам Ахьмадас - Дела реза хуьлда цунна - элира: Шафиlий хlокху дуьнен тlе хьаьжна малх санна ву, наханна дегlан могшалла санна ву , ткъа дуй техьа царшина метта хуттур долуш кхи хlумма? (Сияру аlла'ми ан-нубала'и)
Абу хlурайра бохург - цициган да бохург ду. Цхьана дийнахь марахь жима цициг дохьуш вогlуш гичи аьлла цунах Абу хlурайра, вай Пайхмара - صلى الله عليه وسلم - олуш хилла цунах хlай цициган да оле. Цуьнан дуьххьарлера цlе lабду аш-Шамси (маьлхан лай) аьлла хилла, и бусалба дине веъча Пайхмарас - Делера салам Маршалла хуьлда цунна - lабдуррахьман (Къинхетма волчу Аллахlан лай) аьлла цlе тиллина цунна. Асхьабашха уггар дукха хьадисаш дийцинарг Ву иза, цо дийцина хьадисаш 5374 сов ду олу, хууш верг Аллахl ву !
Адмий ледарчу кхолламий амалех ду; шех дlагlертачун тlе гlертар, шена тlе гlертачух дlагlертар ! [ Имам Шафиlий ]
Сеналле хежаро бlаьрса чlагl до олу жайнахь !
كتاب يحتاج إليه طالب فقه، وينبغي له أن يقرأه مرارا وتكرارا، فيه فوائد غزيرة، وفرائد عزيزة !
Имам Авзаlис - Дала къинхетам бойла цунах - дуьйцу: " Суна дуьйцуш схьакхаьчна lийса Пайхмаре - Делера салам хуьлда цунна - хаьттина хиллера аьлла: Хlай Дала да воцуш кхоьллина верг, белларш ден бой ахь? Цо элира: хlаъ бо, Аллахlан пурбанца. Цунга хаьттира: Бlаьрзечун бlаьрса юха дерза дой ахь? Цо элира: хlаъ дерза до, Аллахlан пурбанца. Цунга хаьттира: Сонталлина (глупость) дарба хlун хира дара те тlаккха? Цо элира: Хlара дукха суна дарба ца карош со гlорасиз винарг ".